Аксёнова Огдо́ Его́ровна (бакъ цӀе Евдокия, долг. Огдуо Аксёнова); 1936 8 февралехь, Боганида1995 14 февралехь, Дудинка) — долганийн советийн поэтесса, долганийн йозан литературин бухбиллинарг.

Аксёнова Огдо Егоровна
Бакъ цӀе Аксёнова Евдокия Егоровна
Йина терахь 1936 шеран 8 февраль({{padleft:1936|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:8|2|0}})
Йина меттиг Боганида, Таймыран (Долганийн-Ненцийн) къоман гуо, ССРС
Кхелхина терахь: 1995 шеран 14 февраль({{padleft:1995|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:14|2|0}}) (59 шо)
Кхелхина меттиг: Дудинка, Росси
Гражданалла:  ССРС
ГӀуллакхан тайпа: долганийн поэтесса
СовгӀаташ: Орден «Сийлаллин Билгало»

Байташ йазйан йолайелира ишколехь йолуш. 1956 шарахь «Советийн Таймыр» газетехь зорба тоьхна дийцарна совгӀат делира.

Попигайхь Огдох оьздангаллин белхало хилира. 1967 шарахь Огдон совгӀат дира «Сийлаллин Билгало» орденца.

1969 шарахь Норильскан «Полюсан дехьара бакъдерг» газето зорба туьйхира, Кравец Валерийн гочехь, Аксёнован дуьххьарлера байташ. «Полюсан дехьара бакъдерг» газет арадаьллачул тӀаьхьа Аксёновга «Белхало» журналехь байташ зорба тохийтар дийхира.

ТӀаьхьуо Аксёнован дагадеира шен байташ а, туьйранаш а долганийн маттахь зорба тоха. Якутийн полиграфисташа дош делира, долганийн меттан спецификан оьшу зорбанаш лаха. Жайна араделира 1973 шарахь. Цунна цӀе тиллира «Бараксан».

ШолгӀа жайна дерриг, Аксёнова хӀотто лууш йара эшарийн материал тӀехь. Цуо цунна «Долганийн эшарш» цӀе тиллира. Красноярскан композиторо Масленников Леонида дуьххьара ерриг долганийн мелодеш ноташка йехира.

1977 шарахь Аксёнова деша хӀоьттира москохан Лакхара литературин курсашка.

КӀеззиг хьалха Берестов Валентина Аксёнован вовзийтира москохан йаздархо Яхнин Леонид, цуо схьаийцира цуьнан байташ а, туьйранаш а гочдан. Берестов Валентин тамашена энергица волавелира оцу дуэтан материалаш коьрта шахьран «Бер» арахецаралле йаккха. ЖамӀ хилира арахецна берийн жайна «Морошка».

Лакхарчу литературин курсашкахь Аксёнова ладаме тӀейирзира долганийн йозан баланна. 1978 шеран мартехь, дуьххьарлерачу гочдархочунга Кравец Валерийга йаздинчу шен кехатехь, цуо хаам бо, кхечу къаьмнийн зиеделларг схьаэца деза аьлла. «ХӀинца тӀетаьӀӀа аббат тойан йолайелла, — йаздора Аксёновас. — Якутийн пхи элп оьцур ду аса, кхазакхийн ши элп эца лаьа суна».

Шен абатан хьалхара проект кечйира Аксёновас 1978 шеран чеккхенгахь. Цуьнан вариант дукхаха долчунна къобал йира новосибирскан филологаш.

1979 шарахь чӀагӀйира долганийн абат. Шо даьллачул тӀаьхьа хьукмато бакъо йелира Дудинкин цхьаьна ишколехь эксперимент йеш Ӏамо болийра хьалхара классан дешархой куьйга йазйинчу Аксёнован абатца. Ткъа 1983 шарахь красноярскан полиграфисташ арахийцира ротапринт тӀехь Аксёнован дешаран жайнин йоьалгӀа вариант, цуьнца деша йолайелира Таймыран гуонан йалх ишкол.

Амма, халкъан дешаран урхаллин куьйгалхоша атта тӀе ца ийцира Аксёнова дан гӀертарг, чӀагӀдора, долганашна тоьур бу хууш болу оьрсийн мотт а бохуш. 1990 шарахь «Серло» арахецаралло арайаьккхира Аксёновас йина долганийн абатан ворхӀалгӀа верси. Нисса и ворхӀалгӀа верси, тӀаьххьара, официалан къобал йира Ӏедало.

1980-гӀа шерашкахь Аксёнова иштта йаьллира долганийн меттан диъ эзар дош долу дошам хӀоттош йуьхьанцарчу ишколан, академин дошаман материалаш а нисйеш томскан Ӏилманчашца, цунна чу дахара ткъа эзар дош .

Аксёнова Огдос кхин а болх бира гуонан радион къоман декъехь лакхара редактор даржехь.

Йалале хьалха Аксёновас сацам бира йухайерза долганийн ширачу ламастан поэзе.

Йелла Аксёнова Огдо 1995 шеран 14 февралан буса.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан