Акхарой

А́кхарой[1][2], йа дийна дуьненна тӀе йовларш[1][3], йа те́реш[2] (лат. Theria), — декха дийнатийн дерриг таханлера дийна дуьненна тӀедовлу декха дийнаташ цхьаьнатуху бухара класc, цара кӀорнеш йо тевна а ца дуьллуш (царна йукъахь плацентин а, гай-тӀоьрмигнаш а). Дерриш декха дийнаташ, адамаш тӀехь, — акхарой йу. Декха дийнаташна йукъахь акхаройн бухара классан дуьхьала хӀоттийна хӀоьаш доху хьалхара акхаройн бухара класс. Цхьацца (дукхаха дерг — ширйеллачу) классификацешкахь Декха дийнаташ а, Акхарой а терминаш синонимаш йу, ткъа акхарошна лелайо термин Бакъ акхарой; оцу классификацешкахь хьалхара акхарой акхаройн бухара класс йу[4].

Акхарой
Ма-йарра убарТасманин мелӀаЦхьогалан тарсалБиргӀацергБукъ тӀебаьлла китӀаламат доккха броненосецВиргинин опоссумХьекъале адамКӀайн гай долу моьлкъаМалайн тӀергӀатӀамСедамараБурчелловн зебраӀаламат йоккха кенгуруКъилбаседин хӀордан цӀомбергСаваннин цӀомбергКъилбаседин сайЙоккха пандаПетерсан цӀоьман жӀаьлаMammal Diversity (Theria).png
Суьртах лаьцна
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Theria Parker & Haswell, 1897
Инфраклассаш

Акхаройн векалийн арахьара лергаш хуьлу (уьш доцуш а хуьлу цхьацца хин дийнаташ, масала, бакъ тюленаш), церан кӀорнеш некхах йекхаш хуьлу, церан хуьлу хьорка, цуо церан леларан ницкъ тӀетуху (хьорка йац, тӀехьара когаш дӀадевллачеран — киткепарчеран, пиллигкогашдолчеран, сиренийн). Акхаройн классификаци цергаш вовшехлатаран суьртаца хӀоттайо.

ЭтимологиНисйе

Дош схьадаьлла «акха» йа «экха» (орам) + р (суффикс) + ой (чаккхе).

КлассификациНисйе

Декха дийнатийн йу дукха классификацеш. Инфраклассан тӀегӀанера ламастан классификаци лахара кепехь йу[5]:

КладограммаНисйе

Молекулин анализца йолу декхачу дийнатийн филогени:

Декха дийнаташ
Цкъачекхдолийла дерш

Бедамеранаш  



Ехиднинаш  



Дийна дуьненна тӀе довлурш
Гай-тӀоьрмигнаш

Опоссумаш 




Australidelphia 



Ценолесташ  




Плацентинаш
Atlantogenata
Афротереш

Ахбергнаш    



Afroinsectiphilia  



Ксенартраш

Броненосцаш  



Йуьзинацергашшйоцурш  




Бореоэутереш
Эуархонтоглираш
Эуархонташ

Тупайаш 


Маймалкепарнаш

ТӀергӀатӀемаш 



Маймалш   




Цостукепарнаш

Цостурш  



Пхьагалкепарнаш  




Лавразиатереш

Сагалматашдуурш  


Scrotifera

КуьйгатӀемашдерш  


Ферунгуляташ
Бергашйерш

Китошалабергийнаш    



Шалабергийн йоцурш    



Ferae

Панголинаш  



Деранаш    










ТӀаьххьара талламашНисйе

1997 шерал тӀаьхьа карийна шира тереш (масала, эомайя[6], синодельфис[7], юрамайя[8][9]), иштта кхин а лерина йина хьалха хиллачу хаамийн анализо далийра Акхарой бухара классан эволюцин а, филогенин а хьажар хаъал хийцаделла хиларе. Иштта, дикка хийцаделира Holotheria тобанан маьӀна, иза Маккеннин а, Беллан а цхьаьнатоьхна йара кхоъ бухара тоба: Chronoperatidae[en] доьзал а, Kuehneotheria а, Trechnotheria а «тӀехулара легионаш» а. Хьалхара ши бухара тоба декха дийнатийн гӀадах цкъадехьадаларанчел хьалха дӀакъаьстаний хиинчул тӀаьхьа, оцу тобанан чухоам хаъал шорбира: хӀинца цунна чохь йу хьахийна ши бухара тоба а, Mammalia[10] классан йерриг краун-тоба а. Молекулин филогенетикин кхиамаш бахьнехь хаъал нисдира гай-тӀоьрмигчеран а, плацентинчеран а филогени[11][12].

БилгалдахаршНисйе

  1. 1 2 Кеп:Книга:Полная иллюстрированная энциклопедия. «Млекопитающие». Кн. 2
  2. 1 2 Кэрролл Р. Палеонтология и эволюция позвоночных: В 3 т. Т. 2. — М.: Мир, 1993. — С. 254. — 283 с. — ISBN 5-03-001819-0.
  3. Кеп:Книга:Разнообразие млекопитающих
  4. Наумов Н. П., Карташёв Н. Н. Зоология позвоночных. Ч. 2. Пресмыкающиеся, птицы, млекопитающие. — М.: Высшая школа, 1979. — С. 165—167. — 272 с.
  5. Vaughan T. A., Ryan J. M., Czaplewski N. J.  Mammalogy. 5th ed. — Sudbury, Massachusetts: Jones & Bartlett Learning, 2011. — 750 p. — ISBN 978-0-7636-6299-5.
  6. Ji Qiang, Luo Zhe-Xi, Yuan Chong-Xi, Wible J. R., Zhang Jian-Ping, Georgi J. A.  The Earliest Known Eutherian Mammal // Nature, 2002, 416. — P. 816—822. — DOI:10.1038/416816a.
  7. Luo Zhe-Xi, Ji Qiang, Wible J. R., Yuan Chong-Xi.  An Early Cretaceous Tribosphenic Mammal and Metatherian Evolution // Science, 2003, 302 (5652). — P. 1934—1940. — DOI:10.1126/science.1090718.
  8. Luo Zhe-Xi, Yuan Chong-Xi, Meng Qing-Jin, Ji Qiang  A Jurassic Eutherian Mammal and Divergence of Marsupials and Placentals // Nature, 2011, 476. — P. 442—445. — DOI:10.1038/nature10291.
  9. Млекопитающие «потеряли» свою сумку 160 миллионов лет назад — учёные(ТӀе цакхочу хьажорг — истори).
  10. Luo Zhe-Xi, Kielan-Jaworowska, Cifelli, 2002, p. 4.
  11. Nilsson M. A., Churakov G., Sommer M., Van Tran N., Zemann A., Brosius J., Schmitz J.  Tracking marsupial evolution using archaic genomic retroposon insertions // PLoS Biology (Public Library of Science), 2010, 8 (7): e1000436.
  12. O'Leary M. A., Bloch J. I., Flynn J. J., Gaudin T. J., Giallombardo A., Giannini N. P., Goldberg S. L., Kraatz B. P., Luo Zhe-Xi, Meng Jin, Ni Xijun, Novacek M. J., Perini F. A., Randall Z. S., Rougier G. W., Sargis E. J., Silcox M. T., Simmons N. B., Spaulding M., Velazco P. M., Weksler M., Wible J. R., Cirranello A. L.  The placental mammal ancestor and the post–K-Pg radiation of placentals // Science, 2013, 339 (6120). — P. 662—667. — DOI:10.1126/science.1229237.

ЛитератураНисйе

ХьажоргашНисйе

Викидошам чохь бу йаззам «экха»