Доккхачу акха цицигах Акха цициг, ЦӀокъа (лат. Lynx lynx) олу. Кавказехь наггахь бен тосалуш дац иза. Доца дегӀ а долуш экха ду иза. ЦӀога хадийчи санна доца ду цуьнан. ДегӀан дохалла 80-100 см. ЦӀога 20-30 см. Шина а агӀор беснеш тӀехь маж ю цуьнан. Лергаш тӀехь ирах дахана чоьш ду, маӀаш санна хеталуш. ТӀера чо беха а луьста а бу цуьнан. Мехка тесчи санна а хеташ овкъаран басахь ду иза. ЧукӀело жимма сирла ю. Жимма Ӏаьржа тӀедарчи ду цуьнан букъ тӀехь а хенаш тӀехь а. Вайн Кавказан лаьмнашкахь, хьаннийн аьрцнашкахь, хин тогӀешкахь хуьлуш ду акха цициг.

Акха цициг
Lynx (17055457485).jpg
Ӏилманан классификаци
Дуьненаюкъара Ӏилманан цӀе
Lynx lynx Linnaeus, 1758
Дочерние таксоны
Хьажа йоза
Ареал
сурт
Ларйен статус

Ижонна таллар буьйсанна ду акхачу цициган. Дийнахь дӀалечкъа иза диттийн баххьашкахь тӀулгийн чхернашкахь, боьрнашкахь. Вуно атта дитта тӀе хьаладолу иза. Цо олхазарш а, дехкий а доу. Оре дар февраль баттахь ду. КӀорни 2-3 йо. Пхеана тӀе кхаччалц еш меттиг а хуьлу. КӀорнеш йинчу хенахь са ца гуш бӀаьрзе хуьлу. БӀаьраса 12-чу дийнахь догӀу царна, Дас а нанас а до царна дола. Шина шарахь кхуьу кӀорнеш.

Акха цициг лечкъана лелаш ду.

Ӏаьса а, Марта а, Гиха а хиш схьадолучохь а Ч1аьнти-Органехь а, Хахалга, КӀериго, МӀайста лаьмнашкахь а хуьлуш ду акха цицигаш.

Хьажа. кхинНисйе

ХьажоргашНисйе