Алазея
Алазе́я (якут. Алаһыай) — Россера доккха эрк, охьадоьду Якутин къилбаседа-малхбалехула. Индигиркан малхбалехьахула кхета Малхбален-Сибрехан хӀордах.
Алазея | |
---|---|
якут. Алаһыай | |
Амал | |
Дохалла | 1590 км |
Бассейн | 64 700 км² |
Хи дайар | 320 м³/с |
ДӀаэхар | |
Хьост (B) | хиш вовшахкхоьтийла: Кадылчан, Нелькан |
• Эрк долу меттиг | Алазейн лаьмнийн акъари |
• Локхалла | 116 м |
• Координаташ | 67°57′46″ къ. ш. 148°16′07″ м. д.HGЯO |
Хикхоче (B) | Малхбален-Сибрехан хӀорд |
• Локхалла | 0 м |
• Координаташ | 70°51′29″ къ. ш. 153°41′22″ м. д.HGЯO |
Эрк долу меттиг | |
Хин система | Малхбален-Сибрехан хӀорд |
Пачхьалкх | |
Регион | Якути |
КӀошташ | Юккераколыман улус, Лахараколыман кIошт |
Код ПХР чохь | 18060000112117700071351[1] |
— хьост, — хикхоче | |
Викиларми чохь медиафайлаш |
Географи а, гидрологи а
бӀаьра нисйанЭркан дохалла — 1590 км[2], тайп-тайпана хьосташца цуьнан хи гулде майда ю 64 700 км²[2] до 74 700 км²[3]. Кхоллало Нелькан а, Кадылчан а эркаш Алазейн ломан акъари тIехь цхьаьна кхетча, лакхенашкахь 100 км гергга дохаллехь ломан амал ю. Кхин дIа тундрехула доьду, оцу декъехь цуьнан харш чIогIа меандраци еш ду, геннашца уьйр ю шортта Iаьмнашца[3].
Алазеян харш хьийзаш ду; хикхочехь эрк декъало цхьа могIа геннашна, царех уггаре даккхийнарш — Логашкина а, Тынялькут а ду. Эркан хин ражан амалехь ду дахделла бIаьстенан-аьхкенан дестар, цуьнан аьтту бо эркан майданахь алсама Iаьмнаш хиларо[3], цигахь ду 24 эзар кегийра Iаьмнаш.
Индигиркан хикхочен малхбалехьа дIакхета Малхбален-Сибрехан хӀордах.
Эркан хи лонах а, догIанах а долу. Хи дайаран йукъара барам 320 м³/сек хикхочехь. Эрк гIорадо сентябрь чекхболуш — октябрь болалуш, дукхах дерг дерриге а гIуорадо декабрь юккъе бахчи май кхаччалц, май чекхболуш июнь болалуш дастало[4].
Геннаш
бӀаьра нисйанУггаре доккха га (аьрру) — Россоха.
Истори
бӀаьра нисйанАлазея эрк тIехь оьрсийн дуьххьара цига баханарш Iиттабелира 1642 шарахь чукчаш къомаца[5]. Алазейн чIагIо юьйгIира эрк тIехь XVII бIешо чекхдолуш — XVIII бIешо долалуш[6]. ЦIе схьаэцна юкагирийн тайпанах алайг\арах, уьш кхерсташ бара оцу эркан йисташкахула[7].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Ресурсы поверхностных вод СССР: Гидрологическая изученность. Т. 17. Ленско-Индигирский район. Вып. 7. Яна, Индигирка / под ред. И. В. Осиповой. — Л.: Гидрометеоиздат, 1966. — 328 с.
- ↑ 1 2 Река Алазея . Государственный водный реестр РФ. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 10 октябрь. Архивйина 2012 шеран 17 октябрехь
- ↑ 1 2 3 Лено-Индигирский район // Ресурсы поверхностных вод СССР / М. С. Протасьева. — Гидрометеоиздат, 1972. — Т. 17. — С. 73.
- ↑ Алазея // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- ↑ Большая Советская энциклопедия (2-издание) Архивйина 2013-10-04 — Wayback Machine
- ↑ Ополовникова Е. А. РУССКИЕ КРЕПОСТИ В СИБИРСКОМ ЗАПОЛЯРЬЕ Архивйина 2013-01-27 — Wayback Machine // Памятники быта и хозяйственное освоение Сибири. Новосибирск, 1989
- ↑ Кеп:Книга:Географические названия мира 1998
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Алазея // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Алазея // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- Алазея в «Словаре современных географических названий»
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |