Алжазаирин бахархой 2015 шеран хьолан хилира 41,32 млн стаг (34-гӀа меттиг дуьненахь)[1]. Алжазаирхойн барам цхьаьнаэшшара тӀекхеташ бу, бераш даран барам 2015 шарахь хилира 23,67 ‰ (63-гӀа меттиг дуьненахь), далар — 4,31 ‰ (203-гӀа меттиг дуьненахь), ша-шах тӀекхетар — 18,4 ‰ (60-гӀа меттиг дуьненахь) . Исторехь бахархой барам сихачу боларца тӀекхийтира: 1900 шарахь — 4,6 млн стаг, 1930 — 5,5 млн, 1970 — 13,7 млн, 1987 — 23 млн, 2006 — 32,9 млн. Алжазаирехь беха Ӏаьрбий а, европахойх ийна, бухара берберийн къаьмнаш. Европахой дукхаха берш французаш бу. Адам охьахиина къилбаседин бердйисте, алсама дакъа деха гӀаланашкахь, Саьхьарин цхьацца кӀошташкахь луьсталла 1 км2 1 стагал кӀезиг ю . Официалан мотт — Ӏаьрбийн, лелабо кхин а французийн а, берберийн а меттанаш . Алжазаирхоша массара а леладо ислам дин (99 %). Махкара дешаран система йисина французийн колонийн заманара . Ладаме бала бу махкахь говза медицинин белхалой латтор. Бахархойн гӀийлачу чкъоьран социалан Ӏуналлин шайн пачхьалкхан система ю. Демографин а, социологин а талламаш махкахь бо цхьа могӀа пачхьалкхан а, Ӏилманан-дешаран а кхолламашкахь. РогӀехь дӀахьо бахархой багарбаран белхаш .

Алжазаирин бахархой
Кеп:Alt
Барам 39,54 млн стаг
Луьсталла 15,9 ст/км²
Далар 4,31 ‰
Миграцин коэффициент 0,92 ‰
Хенан структура
14 шо кхачанза 28,75 %
15–64 шо 65,9 %
65 шерера бевлла 5,35 %
Сте-боьршаллин структура
Берриш 1,03 бож./зуд.
15 шо кхачанза 1,05 бож./зуд.
15–64 шо хенара 1,03 бож./зуд.
65 шерера бевлла 0,86 бож./зуд.
Этносан тобанаш
Къам алжазаирхой
Уггаре доккха этнос Ӏаьрбий
КӀезиг къаьмнаш бербераш
Мотт
Официалан Ӏаьрбийн, берберийн
Чохь буьйцу французийн

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Цитатийн гӀалат: <ref> тег нийса йац; кху WF тIетовжаран текст йазйина йац