Алироев, Хьамид Дедиевич (1921 шо, Доьлаке, Малхабекан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, ССРС1981 шо, 13 февраль, Доьлаке, Малхабекан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, ССРС[1]) — советийн эпсар, Ӏ а, ӀӀ а тӀегӀанийн Даймехкан тӀеман орденан кавалер. Къоман нохчо, тайпана Iаларо.

Алироев Хьамид Дедиевич
Алироев Хьамид
Алироев Хьамид
ГӀуллакхан тайпа тӀемло
Вина терахь 1921({{padleft:1921|4|0}})
Вина меттиг Доьлаке
Кхелхина терахь 1981 шеран 13 февраль({{padleft:1981|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:13|2|0}})
Кхелхина меттиг Доьлаке
Корматалла танкист
Гражданалла ССРС
Пачхьалкх ССРС
Да Деда
Нана Хьайбат
Зуда Хадишт
Бераш Салман, Давуд, Ӏела, Ӏумар, Мухарбик, Лида
СовгӀаташ

Ӏ тӀегӀанан Даймехкан тӀеман орден, ӀӀ тӀегӀанан Даймехкан тӀеман орден,

Вина 1921 шарахь Малхабекан кӀоштарчу Доьлакехь[1]. 1939 шарахь чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн хьехархойн доьшийла, цул тӀаьхьа болх бира ВКП (б) кӀоштан комитетан инструктор.

Российн Федерацин Лардаран Министраллин Центран архиван хаамашца 1944 шеран 14 сентябрехь баьчча Алироев волу танк Т-34 дуьххьара дехьаелира Лиелупе эркан, Межотне колхозан кӀоштахь, чуиккхира чӀогӀа чӀагӀйинчу мостагӀчун чӀагӀонна. Иза бахьнех хӀаллакйира мостагӀийн 1 йоккха топ шен чоьтаца, 4 пулемет, 40 гергга салтий а, эпсарш а. Хьуьнарца а, сиха а эрках валарна, мостагӀчун чӀагӀонна чуэккхарна, майралла а, доьналла а гайтарна Алироев Хь.Д. совгӀат дира Ӏ-чу тӀегӀанан Даймехкан тӀеман орденца.

1941 шарахь кхайкхира ЦӀийечу Эскаран могӀаршка. ТӀеман некъ болабелира Новошахтинскехь 1942 шеран май баттахь. Хьамид вара 51 эскаран, 91 дивизин, 613 полкан ротан баьччан гӀовс. 1943 шарахь чекйаьккхира Пушкинан танкийн доьшийла, цул тӀаьхьа ша йолчу танкийн бригадехь дакъа лецира Белорусси а, Латви а мукъайоккхуш. 1944 шеран августехь дуьйна гвардин лакхара лейтенант Алироев Хь.Д. 30-гӀа танкийн бригадин тайнкийн ротан баьчча вара. Дакъа лецира Митава, Седа, Бауска, Рига, Болдона, кхин а гӀаланаш мукъайохуш.

1944 шеран 5 октябрехь Алироевс хадийра мостагӀчун чӀагӀо Даукши эвлан гергахь, дуьххьара Вента эрках велира, хӀаллакйира шиъ ша лела йоккха топ, 4 бронетранспортер. Бельси эвлан гергахь – 4 йоккха топ, 7 миномет, 10 пулемет. ШолгӀачу дийнахь Барбишкяй эвлан гергахь хӀаллакйира мостагӀчун 1 танк, 40 гергга салтий а, эпсарш а, тӀемца 40 км сов дӀавахара. Майралла а, доьналла а гайтарна 1944 шеран 7 ноябрехь Алироевна совгӀат дира ӀӀ-чу тӀегӀанан Даймехкан тӀеман орденца.

Лакхара лейтенантан Алироевн чоьтехь йу йохийна мостагӀчун 14 танк, хӀаллакйина масех артиллерин батарей, цхьаъ броньцӀерпошт, шортта цӀеран а, пулеметийн а чӀагӀонаш, хӀаллакбина шортта салтий а, эпсарш а[2].

ТӀеман кхиамаш

бӀаьра нисйан

Вайн танкийн тоба мостагӀ лаьттачу чулилхина гитлерхой хӀаллакбеш цӀерца а, зӀенашца а. Лейтенант Алироевн танк танканашна дуьхьала лерина батарейн позице араиккхира, ма-яггӀара хӀаллакйира иза.

Немцойн аьтту белира вайн тӀелета дакъа сацо, ткъа Алироевн экипаж йукъахь йисира, шайчарех дӀахаьдда.

Йалх немцойн танк массо а агӀора чухьаьдира советийн машенна. Лейтенан Алироев ша хиира йоккха тоьпа тӀе, герз детта волавелира меттиг хуьйцуш. ШолшгӀачу хӀоьанца майрачу советийн эпсаро йагийра немцойн танк. Дукха хан йаллале кхин ши танк а йохийра. Пхийттаза йухатуьйхира гуо бина тӀелета мостагӀ[3].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Алироев Хамид гвардии старший лейтенант. Бессмертный полк. Официальный сайт движения (2015 шеран 29 апрель). ТӀекхочу дата: 2019 шеран 29 июль.
  2. Газета "Ингушетия", 13 сентября 1994 года
  3. Смерть немецким оккупантам, №300 от 20.12.1944