Алханов Руслан Шахайн воӀ
Алха́нов Русла́н Шаха́йн воӀ (вина 1962 шеран 27 апрелехь, ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Шелан кӀоштара, Хоси-Йуртахь) — российн пачхьалкхан гӀуллакххо. Полицин инарла-лейтенант (2011). Юридически Ӏилманийн кандидат. Дайшкара милиционер.
Алханов Руслан Шахайн воӀ | ||||
---|---|---|---|---|
| ||||
|
||||
Хьалха хилларг | Алханов Ӏали | |||
Вина терахь | 1962 шеран 27 апрель (62 шо) | |||
Вина меттиг | Хоси-Йурт, Шелан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС | |||
Да | Алханов Шахай | |||
Дешар |
Л. Н. Толстойн цӀарах НГӀПУ Российн ЧГӀМ урхаллин академи |
|||
СовгӀаташ | ||||
Пачхьалкх | ССРС → Росси | |||
Эскаран тайпа | Министерство внутренних дел Российской Федерации | |||
ЦӀе | инарла-лейтенант | |||
Викиларми чохь медиафайлаш |
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1962 шеран 27 апрелехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР Шелан кӀоштара Хоси-Йуртахь (хӀинца Курчалойн кӀоштара Ахьмад-Йурт).
1980—1982 шерашкахь гӀуллакхехь вара ССРС ТӀеман Ницкъашкахь.
1990 шарахь чекхйаьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан Л. Н. Толстойн цӀарах университетан географин факультет «географин хьехархо» говзаллийца. 2004 шарахь чекхйаьккхира ХӀинжа-ГӀалин финансийн а, бакъонан а институт (2004). 2007 шарахь билгала а волуш чекхйаьккхира Российн ЧГӀМ урхаллин академи.
1991 шарахь дуьйна Нохчийчоьнан чоьхьарчу гӀуллакхийн меженашкахь ву: Нохчийн республикин ЧГӀМ ББМТ (ОМОН) милцо-тӀемло.
1993 – 1995 шерашкахь — Соьлжа-ГӀалин Ленинан кӀоштан чохьарчу гӀуллакхийн декъан транспорт тӀера кхерамзаллин урхаллин милцо.
1995 - 1997 — Къилбаседа-Кавказан ЧГӀУ транспорт тӀера чоьхьарчу гӀуллакхийн Гуьмсенан асанан декъан милцойн асанан пунктехь.
1999 шеран декабрехь Нохчийн республикин муфтин Кадыров Ахьмад-Хьаьжин хойн коьрте хӀоьттира.
2000 - 2003 — РФ Нохчийн Республикера ЧГӀМ ЧГӀУ къаьстина ротин баьччан даржехь гӀуллакхехь вара, кхерамзалла латтайора лакхарчу даржехь болчарна, ларйора Нохчийн Республикин пачхьалкхан Ӏедалан меженийн объекташ.
2003 шеран майра 2004 шеран июнь кхаччалц — нохчийн ББМТ баьчча.
2004 шеран июнехь дуьйна кхочушдира министран декхарш, 2004 шеран 27 декабрехь дуьйна — Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гӀуллакхийн министр[1].
Масийттаза гӀуо цӀе а йаьккхира, кхел йан дош делира террористийн тхьамданех цхьанна Умаров Доккин[2][3].
Доьзал
бӀаьра нисйанЗуда йалийна ву. ХӀусамнана — Тамара Борисан йоӀ (ГӀалгӀайчоьнан экс-президента Аушев Руслана аларехь, гӀалгӀай ю). Доьзалехь 3 кӀант а, 4 йоӀ а, 13 берийн бер а ду[4].
КӀант Артур — Устрада-ГӀалин ЧГӀД хьаькам. КӀант Бислан — нохчийн Республикин Соьлжа-ГӀалин кӀоштан ЧГӀМД хьаькам[5].
Чоьхьарчу гӀуллакхийн меженийн башха цӀераш
бӀаьра нисйан- Милицин майор (2004 июнь)
- Милицин подполковник (2004 декабрь)
- Милицин полковник (2005 июль)
- Милицин инарла-майор (2006)
- Полицин инарла-лейтенант (2011 24 мартехь)[6][7]
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- Кадыров Ахьмадан цӀарах орден
- Жуковн мидал
- «Петарбухан 300 бӀешо кхачарна иэсан» мидал
- «ТӀемалойн сийлаллин» мидал I а, II а тӀегӀанан
- Российн ЧГӀМ 200 шо кхачарна мидал
- ЦӀетоьхна Ярыгинан тапча Российн Федерацин чоьхьарчу гӀуллакхийн министрегара Нургалиев Рашидегара
- Йукъараллин низам лардарехь билгалваларан мидал (2002 июль)
- «Даймехкана гӀуллакх дарна» орденан мидал» I а, II а тегӀанера (2004)
- Стогаллин орден (2006 август, 2015 4 март)
- Соьлжа-ГӀалин Сийлахь гражданин (2013 29 апрель)[8]
- Сийлаллин орден (2020)[9]
Интересные факты
бӀаьра нисйан- Алханов Русланах хилира Российн керлачу исторехь хьалхарчех цхьаъ волу полицин инарла, иза хьалха дехьаваьккхира милицера полице[10].
- Алханов йукъавоьду Кадыров Рамзанан уггаре цунна муьтӀахь болчеран а, гергарчу а гуонан. Кадыров Рамзана дийцарехь, 1999 шарахь, Алхановс а, кхин а масех «уггаре гергарчу» наха Къуръан тӀехь дуьй биина, «шайн дерриг дахарехь цхьаьна хир ду аьлла»[11].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 27.12.2004 г. № 1607 «О Министре внутренних дел Чеченской Республики»
- ↑ ВЗГЛЯД / МВД Чечни: Умаров давно не имеет влияния на боевиков
- ↑ Глава МВД Чечни: Умаров, как крыса, перемещается с места на место | Интервью | Лента новостей «РИА Новости»
- ↑ Руслан Алханов, один из немногих ветеранов кадыровской команды
- ↑ Сын главы МВД Чечни возглавил отдел полиции в Аргуне
- ↑ Алханов Руслан Шахаевич . 95.xn--b1aew.xn--p1ai. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 12 март. Архивйина 2020-03-05 — Wayback Machine
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 24.03.2011 г. № 350 «О присвоении специального звания высшего начальствующего состава сотрудникам органов внутренних дел Российской Федерации и назначении на должность сотрудников органов внутренних дел Российской Федерации»
- ↑ Руслан Алханов удостоен звания «Почётный гражданин города Грозного» Архивйина 2016-03-05 — Wayback Machine
- ↑ Руслан Алханов получил орден Почёта
- ↑ «Военная программа» А.Сладкова(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Не тейпом единым
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Алханов, Руслан — статья в Лентапедии. 2012 год.