Кадыров, Рамзан Ахматович

(Кадыров, Рамзан Ахьмадан воӀ тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 25 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2018, 9 март).

Рамза́н Ахма́тович Кады́ров (5 октябрь 1976, Хоси-Йурт, Курчалойн кӀошт) — Российн пачхьалкхан а, политикин гӀуллаккхо а ву.

Рамзан Кадыров
Рамзан Кадыров
Нохчийн Республикин Куьйгалхо
Хьалха хилларг Доку Завгаев
Нохчийн Республикин Президент
 — 2011 шеран 5 март
Хьалха хилларг Ӏали Дадашевич Алханов
Нохчийн Республикин Ӏедалан Председатель
 — 2007 шеран 10 апрель
Хьалха хилларг Сергей Абрамов
Когаметтаниг Одес Байсултанов
Дин суннизм, Суфизм, кадирия
Вина терахь 1976 шеран 5 октябрь({{padleft:1976|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (48 шо)
Вина меттиг Хоси-Йурт, Курчалойн кӀошт  ССРС
Тайпа бено, нохчи
Да Ахьмад-Хьаьжа Кадыров
Нана Аймани Кадырова
Зуда Медни Кадырова
Бераш Ахьмад, Адам, Зелимхан, Ӏайшат, Карина, Хеди, Табарик, Ӏашураъ
Парти Йукъара Росси
Дешар
ГӀуллакхалла Политика[1]
Динлелор ислам, суннитийн кхетамехь
Автограф Автографан сурт
СовгӀаташ
Сайт ramzan-kadyrov.ru
Пачхьалкх  Росси
 Нохчийчоь
ЦӀе генерал-майор милиции, генерал-полковник[2]
Латар
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

2007-чу шеран 15 февралехь дуьйна Нохчийн Республикин Куьйгалхо ву (2016-чу шеран 25 мартехь дуьйна Нохчийн Республикин куьйгалхочун декхарш ханна кхочушдийриг санна ву; 20072011-чу шерашкахь Нохчийн Республикин президент вара), «Йукъара Росси» олучу лакхара партин советан декъашхо а, Российн Федерацин Турпалхо а ву (2004). Нохчийн Республикин хьалхарчу президентан Ахьмад-Хьаьжи Кадыровн кӀант ву иза.

Нохчийчохь хьалхара тӀом боьдучу муьрехь цо дакъалаьцна федерацин эскарийн дуьхьала тӀеман гӀуллакх дарехь, нохчийн ШолгӀачу тӀамехь федерацин Ӏедалан агӀор дехьаваьлла иза.

Нохчийн Республикин кхерамзаллин гӀуллакхан куьйгалхочун болх бина цо, цул тӀаьхьа Нохчийн Республикин Ӏедалан председателан болх а бина. Полицин генерал-майор а ву иза[3].

Биографи

Къоналла

Кадыров Ахьмадан воӀ Рамзан вина 1976 шеран 5 октябрехь Центарой эвлахь (оцу хенахь йара — Нохч-ГӀалгӀайн АССР).

Иза вара шолгӀа кӀант Ахмада Кадыровн а, Аймани Кадырован а доьзалехь[4], жимаха волу кӀант а вар, цуьнан воккхах волу ваша вар Зелимхан (1974 — 2004 шеран 31 майхь кхелхина), кхин баккхий йижарий а бу: Зарган (1971) а, Зулай (1972) а. Кадыров бенойн тайпанах ву.

Кадыровхой уггаре а доккхачу Бенойн тайпанах бу[5]. Динца йолу йукъаметтигашца Кадыровхой Кунта-Хьаьжин Шайхан вирдехь бу[5], суфийн исламан къадирийн гара дозуш бу уьш.

1992-чу шарахь Рамзана шен эвлахь чекхйаьккхина йуккъера дешеран школа[6][7].

 

Нохчийн Хьалхара тӀом болчу хенахь шен деца нохчийн сепаратистийн (дӀасакъасторан) могӀаршкахь вара иза, Российн Герзан ницкъийн дуьхьал тӀом а бина[6].

Хьалхара тӀом чекхбаьлча, 1996-чу шарахь иза накъост а, шен да ларвархо а хилла, оцу хенахь Нохчийн Республикин Ичкерин муфти вара Ахьмад-Хьаьжа[6][7][8][9].

Рамзана Кадыровн цӀе йолу бешаш а, урамаш а

Рамзана Кадыровн урамаш
Кхидерш
  • Рамзана Кадыровн урамалг (ЧӀулга-Йурт)

Билгалдахарш

  1. Чешская национальная авторитетная база данных
  2. https://www.kommersant.ru/amp/5595147
  3. Кадыров, Рамзан
  4. Речкалов, В. Умер старший сын Ахмата Кадырова Зелимхан. Известия (1 июня 2004). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 9 март. Архивйина 2013 шеран 11 мартехь
  5. 1 2 Алленова, О. Завари потихоньку калитку // Коммерсантъ-Власть. — 2007. — № 27(731).
  6. 1 2 3 Рамзан Кадыров в Лентапедии
  7. 1 2 Рамзан Кадыров. Биография // РИА Новости, 16 февраля 2007
  8. Рамзан Кадыров назначен премьером Чечни(ТӀе цакхочу хьажорг) // Интерфакс, 4 марта 2006
  9. Чечня: Кадыров - кандидат на пост председателя правительства. РИА Новости (4 марта 2006). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 20 апрель. Архивйина 2013 шеран 28 апрелехь
  10. В столице Иордании появилась улица Рамзана Кадырова Архивйина 2011-04-01 — Wayback Machine

Хьажоргаш