Амалан хелхар
А́малан хе́лхар — къоман хореографин хатӀ а, похӀма а дӀало сценин хелхаран тайпа. Халкъан хелхаран дакъолгаш йукъатухуш, къаьста цунах, шен фольклоран кепашка хьажийна ца халарца, ткъа хьажийна ду оцу я кхечу къаьмнийн амалех билламан гаран гурин чохь, театран кечдарца хӀоьттинчу ламастех[1]. Дерриг классикин хелхаран ишколан къаста ца ло дакъа ду[2].
В. М. Красовскаяс, амалан хелхаран башхаллех лаьцна дуьйцуш, билгаладоккху, иза «халкъан хелхарах терра ца хилар, ткъа, кхоллараллехь хуьйцуш, театре дерзийна хилар, аьлчи а сценин гӀуллакхан дакъа хуьлу цунах». Къоман уггаре къегина аматаш гучуйохуш, цуо таро ло муьран са а, гӀуллакхан билггала хенан атмосфера а дӀадала а, дийнна къоман аматаш санна а, цуьнан цхьаьна векалан амал санна а[3]. Ю. И. Слонимскийс, ша терминан анализ еш, билгаладоккху, иза ма-дарра французийн маттара «danse de caractère» гочдар хилар[4].
Тайп-тайпана муьрашкахь «амалан хелхаран» кхетам тайп-тайпана маьӀна долуш бара[4]. Романтизмал хьалхара мур кхаччалц — «ладаме» олучу жанран дуьхьала — цхьа йолу аматаш гайта гӀертачу хелхарх муьлххачух а олура[1]. Иштта, XVII—XVIII бӀешерашкахь оцу терминца билгалдохура халкъан я жанран-бахаман комедийн, забарийн, пародийн персонажаша ден хелхарш. ТӀаьхуо, XVIII — XIX бӀешеран юьххьера балетехь, амалан хелхарийн гӀоьнца, церан куьйгаэшара леларан, боларан бух тӀехь, персонажийн васташ, амалаш кхуллура (масала, Арлекинан, Пьерон, ахархочун, хӀордахочун, талорхочун, кхин дӀа а)[2][5]. ТӀаьххьара, XIX бӀешеран 30-гӀа — 40-гӀа шерашкара романтикин балетехь амалан хелхар ала долийра, балетан спектакль йукъатуху, халкъан хелхаран сценин версех[2]. Оцу хенахь кхоллаелира амалан хелхаран амплуа, билгалъелира амалан хелхар кхиаран ши агӀо: цхьаммо тардолуьйтура дерриг теллина фольклоран базин тӀехь латтар, шолгӀачо — халкъан хелхаран дакъолгаш ламастан классикин йукъадалор[1]. Цхьаьнаэшшара кхоллаелира амалан хелхаран «академин» кеп, царна йукъахь яра, чолхе «балетан» композицин номераш тарйолийта, классикин па[2][1].
Россехь хелхаран фольклоре а, сценин тӀехь иза гайтаре а марзо кхоллаелла XIX бӀешо долалуш[2]. Юьхьанца халкъан хелхар коьрта хилира И. М. Аблецан, И. И. Вальберхан, А. П. Глушковскийн дивертисменташкахь; тӀаьхьуо иза хийцаделира амалечуьнца Ф. Тальонин, Ж. Перрон, Ш. Дидлон романтикин балеташкахь[5]. Амалан хелхар кхиорехь доккха дакъа лецира М. И. Петипас а, Л. И. Ивановс а: цара кхоьллина жанран тайпанаша лора оьшу дог-айар, колорит спектаклан сюжете хьаьжжина. Амалан хелхар хӀоттаран ладаме мур хилира, оцу гайтаман гӀирсан бух тӀехь, цхьа могӀа балеташ кхоьллина, Фокин Михаилан кхолларалла (масала ду гӀарадаьлла «Половцийн хелхарийн» хореографи). Хелхаран фольклор толлуш ваьллина Ф. В. Лопухов, иза бахьнехь балетан тӀекхетта керла боламаш а, комбинацеш а[2]. Балетмейстераш В. И. Вайонена, Р. В. Захаровс, В. А. Варковицкийс дакъа лаьцна классикин хелхаран техника а, стилистика а кхиош[1]. XX бӀешеран шолгӀачу декъехь дуьйна амалан хелхар кӀезиг хӀоттадо балет хӀотторан йукъа ша йолу лоьмар санна, делахь а цхьацца цуьнан дакъолгаш йукъадагӀа тарло[1].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 3 4 5 6 Галкин А. С. Характерный танец . Большая российская энциклопедия. Архивйина 2020-08-07 — Wayback Machine
- ↑ 1 2 3 4 5 6 Театральная энциклопедия, 1967, стб. 579.
- ↑ Красовская, 1958, с. 129.
- ↑ 1 2 Музыка и хореография современного балета, 1982, с. 70.
- ↑ 1 2 Добровольская, 1981, с. 558.
Литература
бӀаьра нисйан- Добровольская Г. Н. Характерный танец // Балет. Энциклопедия / Ю. Н. Григорович. — М.: Советская энциклопедия, 1981. — С. 558.
- Красовская В. М. Русский балетный театр: от возникновения до середины XIX века. — Л-М: Искусство, 1958. — 308 с.
- Музыка и хореография современного балета. — Л: Музыка, 1982. — Т. 4.
- Характерный танец // Театральная энциклопедия / П. А. Марков. — М: Советская энциклопедия, 1967. — Т. V. — Стб. 579—580