Вилькер Хосе Анхель Ромеро (испан. Wilker José Ángel Romero; 1993 шеран 18 март[1][2][…], Валера[d], Трухильо[d]) — Венесуэлера футболист, «Ахмат» клубан а, Венесуэлан гулйина тобанан а турсло. Венесуэлера футболистех уггаре дукха Российн чемпионатан ловзаршкахь дакъа лаьцнарг.

Футбол
Вилькер Анхель
Йукъара хаамаш
Вина терахь 1993 шеран 18 март({{padleft:1993|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:18|2|0}})[1][2][…] (31 шо)
Вина меттиг
Гражданалла
Позици турсло
Клубан карьера[* 1]
2010—2011 Венесуэла Трухильянос 13 (0)
2011—2016 Венесуэла Депортиво Тачира 148 (18)
2016—таханналц Росси Ахмат 88 (6)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Клубан карьера нисйе бӀаьра

 
Вилькер «Терекехь»

Вилькер ловза волавелира «Трухильянос» клубехь. 2010 шеран 12 сентябрехь «Карабобо» клубан дуьхьула ловзуш хилира цуьнан Венесуэлан лакхара лигехь. Шен хьалхара сезонехь Вилькерс гӀо дира шен клубанВенесуэлан Кубок яккха. 2011 шарахь Анхель «Депортиво Тачира» клубе велира. 5 мартехь хилира цуьнан хьалхара ловзар «Карони» клубан дуьхьула. Оцу ловзарехь Вилькерс шен хьалхара гол «Депортиво Тачира» клубехь. Керла клубаца Анхельч шозза йаьккхира Венесуэлан чемпионат. 2016 шеран 6 апрелехь Кубок Либертадорес къуьйсуш Эквадорера «Эмелекан» дуьхьул ловзуш цо гол чуьтуьхийра.

2016 шарахь Вилькер волавелира «Терекехь» ловза[3]. Цуьнан хьлахара ловзар хилира 14 августехь Москвара «Локомотиван» дуьхьула[4]. 28 августехь «Ростован» дуьхьул ловзуш Анхельс шен «Терекехь» хьлхара гол[5]. 2017 шарахь Анхельс кхиъ шин шара яхъйира «Терекца» контракт[6].

«Ахматан» болельщикаш лерира Анхель тоьллира ловзархо 2016/17 шерийн сезонехь[7].

Карьера нисйе бӀаьра

2011 шарахь Анхельс дакъа лецира Перухь хилла Къилба Америкин кегирхойн чемпионатехь. Оцу турнирехь иза байтӀе ца велира. 2013 шарахь Вилькерс йуха а вагӀара Аргентинехь хилла Къилба Америкин кегирхойн чемпионате. Цигахь иза левзира Уругвайн а[8], Эквадоран а[9], Перун а[10], Бразилин а[11] гулйина тобанийн дуьхьула.

2014 шеран 19 ноябрехь Вилькерс хьалхара левзира Венесуэлан гулйина тобанехь Боливин гулйина тобанан дуьхьула товарищески ловзарехь[12]. Оцу ловзарехь Анхельс чуьтуьхира шен гулйина тобанехь хьалхара гол.

2015 шарахь Вилькерс дакъа лецира Чилехь хилла Америкин Кубкехь, амма тренераш иза байтӀе ара ца хийцира.

2016 шарахь Анхельс йуха а дакъа лецира СШАхь хилла Америкин Кубкехь. Цигахь иза левзира Ямайкан[13] а, Уругвайн[14] а, Мексикан а[15], Аргентинан а[16] гулйина тобанийн дуьхьула.

Венесуэлан гулйина тобанехь чуьтоьхна голаш нисйе бӀаьра

# Терахь Меттиг Къийсамхо Счёт Хилларг Къийсам
1. 19 ноября 2014 Эрнандо Силес, Ла-Пас, Боливи   Боливи 0:1 3:2 ДоттагӀаллийн матч
2. 3 февраля 2016 Агустин Товар, Баринас, Венесуэла   Коста-Рика 1:0 1:0 ДоттагӀаллийн матч

Кхиамаш нисйе бӀаьра

Клубашкахь

  • «Трухильянос»
    • Венесуэлан Кубок — 2010

«Депортиво Тачира»

  •   Венесуэлан футболан чемпионат — 2010/2011
  •   Венесуэлан футболан чемпионат — 2014/2015

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 Wílker Ángel // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. 1 2 ANGEL WILKER // (unspecified title) (исп.)
  3. Анхель Вилькер подписал контракт с «Тереком». fc-terek.ru (2016 шеран 1 август).
  4. Терек VS. Локомотив Москва 1:1. soccerway.com (2016 шеран 14 август).
  5. Терек VS. Ростов 2:1. soccerway.com (2016 шеран 28 август).
  6. Анхель продлил контракт с «Тереком» до 2021 года. soccerway.com (2016 шеран 28 август).
  7. Вилькер Анхель — лучший игрок сезона в «Тереке».
  8. Уругвай (до 20) VS. Венесуэла (до 20) 2:2. soccerway.com (2013 шеран 18 январь).
  9. Эквадор (до 20 лет) VS. Венесуэла (до 20 лет) 0:1. soccerway.com (2013 шеран 13 январь).
  10. Перу (до 20) VS. Венесуэла (до 20) 1:0. soccerway.com (2013 шеран 15 январь).
  11. Бразилия (до 20) VS. Венесуэла (до 20) 1:0. soccerway.com (2013 шеран 17 январь).
  12. Боливия VS. Венесуэла 3:2. soccerway.com (2014 шеран 19 ноябрь).
  13. Ямайка VS. Венесуэла 0:1. soccerway.com (2016 шеран 5 июнь).
  14. Уругвай VS. Венесуэла 0:1. soccerway.com (2016 шеран 10 июнь).
  15. Мексика VS. Венесуэла 1:1. soccerway.com (2016 шеран 14 июнь).
  16. Аргентина VS. Венесуэла 4:1. soccerway.com (2016 шеран 19 июнь).

Хьажоргаш нисйе бӀаьра