Эквадор
Эквадо́р (испан. Ecuador), официалан цӀе — Респу́блика Эквадо́р (испан. República del Ecuador [reˈpuβlika ðel ekwaˈðor]), — Къилба Америкин къилбаседа-малхбузера пачхьалкх.
Республика Эквадор | |||||
---|---|---|---|---|---|
испан. República del Ecuador | |||||
| |||||
Девиз: «Dios, patria y libertad (испан. «Дела, Даймохк, маршо»)» |
|||||
Шатлакхан Илли: «Salve, Oh Patria» | |||||
![]() |
|||||
Маьрша йаьлла терахьаш | 1809 шеран 10 август (Испанех) | ||||
Официалан меттанаш | Испанхойн мотт[1], Кичуа (мотт)[d][1], Шуар[d][1] | ||||
Коьрта гӀала | Кито | ||||
Йаккхий гӀаланаш | Кито, Гуаякиль | ||||
Урхаллин тайпа | Президентан республика[1] | ||||
Президент Вице-президент |
Гильермо Лассо Альфредо Борреро |
||||
Латта | |||||
• Шадерг | 283 561 км² (73-гӀа дуьненахь) | ||||
• % хина тӀехле | 2,4 | ||||
Бахархой | |||||
• Мах хадор (2022) | ▲ 18 267 203[2] стаг | ||||
ДЧС | |||||
• Шадерг (2019) | 205,989 млрд[3] долл. (67-гӀа) | ||||
• ХӀораннан а сина | 11 929[3] долл. | ||||
АДКИ (2019) | ▲0,758[4] (лакхара; 85-гӀа меттиг) | ||||
Ахча |
АЦШн доллар, эквадоран сентаво; эквадоран сукре (2000 шо кхаччалц) |
||||
Интернет-домен | .ec | ||||
Код ISO | EC | ||||
Код МОК | ECU | ||||
Телефонан код | +593 | ||||
Сахьтан аса | -5 [5] | ||||
Автомобилийн некъаш | аьтту агӀора[d][2] | ||||
|
|||||
![]() |
Эквадоран малхбузехьа Тийна Ӏапказан хиш ду, къилбаседехьа доза ду Колумбица, малхбалехьа а, къилбехьа а — Перуца. Эквадоран йукъахь ду Галапагосан гӀайренаш.
ЭтимологиНисйе
1830 шарахь Сийлахь Колумбин республикех къаьстина Кито департаментах йира маьрша пачхьалкх «Эквадор» (испан. Ecuador схьадаьлла испан. ecuador — «экватор» дашах) цӀе а йолуш, цӀе йелира пачхьалкхан мохк экваторан шинне агӀор латтарна[3].
ИсториНисйе
Испанин колонизацел хьалхаНисйе
ХӀинцалера Эквадоран махкахь генарчу заманахь дуьйна даьхна тайп-тайпана индахойн тайпанаш — кара, киту, тумбе, каньяри, кхин а. Уьш бехара талларца, чӀаралацарца, латталелорца.
Вайн эран 1-ра эзарлагӀа шо чекхдолуш бердаца деха кара тайпана индахой, тӀелетира ламанан кӀошташна, иэшийра меттигера бахархой — киту а, кхин а тайпанашкара индахой (цхьаберш хӀаллак бира, цхьаболчарна ассимиляци йира), йиллира пачхьалкх, цунах латинаамерикин литературехь олу «Киту паччахьалла».
XV бӀешарахь (1460 шо гергга долуш) «Киту паччахьалла» схьайаьккхира инкийн пачхьалкхо Тауантинсуйус (схьайаккхаран тӀом бахбелира 15 шарахь гергга). Инкийн пачхьалкхан дукхаха болу бахархой (инкаш — урхаллера чкъор) бара кечуа тайпанан индахой. И мохк схьабаккхар бахьнехь кечуа мотт уггаре баьржина индахойн мотт хилира хӀинцалера Эквадоран махкахь.
Испанин колонизациНисйе
Эквадоран мохк Испанина баьккхира Писарро Франсиско накъосташа — Бартоломе Руиса (1526 — дуьххьара десант йоссар) а, Себастьян де Белалькасара (1531 шарахь схьабаьккхира Эквадоран мохк) а. Цара шира индахойн йуьртан меттигехь йиллира Сан-Франсиско-де-Кито гӀала. 1529 шарахь Писаррон Керла Кастилин (хӀокху заманан Перун а, Эквадоран а мохк) инарла-капитан дарж делира, ткъа 1539 шарахь шен ваша Гонсало Сан-Франсиско-де-Китон урхалча хӀоттийра.
Мохк схьа а баьккхина шортта деши а, дети а доллу меттиг ца карийна, испанхой махкахь плантацеш йан буьйлабелира, цигахь къахьоьгуш бара индахой а, Африкера балийна лайш а. Доккха маьӀна долуш дара ламанан кӀошташкахь уьстагӀийлелор.
МаршоНисйе
XIX бӀешарахь Эквадорехь а, йерриг Латинан Америкехь буьйлабелира къоман-маршонан тӀемаш а, революцеш а.
Революцех цхьаъ хилира Китохь 1809 шеран августехь, цуьнан сийнна тӀаьхьа 10 августехь Эквадорехь кхайкхийра Маршонан де.
1820 шеран 9 октябрехь революци хилира, цуьнан жамӀехь пачхьалкх кхайкхийра — Маьрша провинци Гуаякиль.
Къоман болам туьйлира 1822 шарахь, Колумбин эскарша испанхой хӀаллак бича. Эквадор карайахара Боливар Симонна.
1822—1830 шерашкахь — Эквадор Сийлахь Колумбин йукъахь, оцу хенахь махках олура «Кито область»[4].
1830 шеран 13 майхь кхайкхийра маьрша республика Эквадор, нисса оцу терхьера дуьйна мехко лелайо таханлера цӀе.
Дерриг XIX бӀешарахь а, XX бӀешеран хьалхара шерашкахь дуьйна Эквадоран дахар дӀадоьду шина партина — консерваторшна а, либералашна а — йукъара ира къийсамца.
XIX бӀешерийн йуккъехь дуьйна Эквадоран кхеланна йукъагӀерта европин мехкаш. 1845 шарахь Британин агӀор болчу Ӏаткъамо Эквадорехь тӀеоьцу лолла дӀадоккху закон. 1860-гӀа шерашкахь эквадоран президенто (фактехь — диктатор) Гарсия Морено Габриела Францица протекторат хӀотто барт бан гӀерташ кехаташ йаздо.
XIX бӀешеран чаккхенехь йолийра кхечу мехкийн инвестицеш Эквадоран капитална — британхой буьйлабелира мехкдаьтта лаха, ткъа америкахой — какаон а, къаьхьуон а плантацеш кхио, цӀерпоштнекъаш дахка.
Эквадор XX а, XXI бӀешерашкахьНисйе
ГеографиНисйе
ИсториНисйе
КухниНисйе
Эквадоран кухнехь индахойн къаьмнийн ламасташ ду, дукха кепара даарш ду. ЧӀогӀа деза даар ду кхузахь: ягуарлокро (картолийн чорпа цӀийца), локро-де-кесо (картолийн чорпа нехчанца а, авокадоца а), кальдо-де-пата (эсанан кхаьрзина бергех йина чорпа), севиче (буьда хӀордан сурсаташ: чӀара, креветкаш, лаймин мутт чу, кӀуон бурч тухуш бераме йоьхкина устрицаш), кхаьрзина банан патакон, иза хьалха йуьллу тӀекхалла йа гарнир санна, кангрехада (кхехкийна крабаш). ГӀарайаьлла кхаьрзина куй (хӀордан хьакха) иза хьалхайуьллу ламанан декъехь а, бердйистехь а. Орельяна провинцехь меттигера бахархоша йуу[5] чуйн тӀаьхь кхаьрзина пальмин чхьуьйриган нӀаьвцицигаш.
Арахьара политикаНисйе
Эквадоран коьрта арахьараполитикин Ӏалашо йу: арахьара агрессех мохк ларбар а, чоьхьара законехь доцу гӀуллакхех лардалар а; Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламо (ВКъКх) а, Америкин пачхьалкхийн кхоллам (АПКх) гӀолацар; чӀара лаца берд йистера 200 миль хӀордан мехкан реза цахилар; 1942 шеран Машарех, доттагӀаллех, дозанех лаьцна Перус а, Эквадоро а махк къийсаран дов дерзоран протоколанна (Протокол Рио) реза цахилар. Эквадоран арахьамахлелоран йукъаметтигаш ламаста Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташка йирзина йара, 1970-гӀа а, 1980-гӀа а шерашкахь Эквадоро Маьхкдаьтта дозанал арадоккху — мехкийн кхолламан (ОПЕК) декъахо хиларна цкъаццӀа йозуш йоцу арахьара политика лелайора. Борха Севальос Родриго президент волуш, 1980-гӀа шерашкахь, Эквадоран дуьненайукъара арахьараполитикин уьйранаш хилира алсама тайп-тайпана, президент Фебрес-Кордеро Рибаденейра Леон волуш хиллачул, иза Цхьаьнатоьхна Америкин политике хьаьжна вара. Масала, Эквадоро шен уьйранаш жигарайаьхна КхолгӀа дуьненан мехкашца, дуьненайукъара кхолламашца, Малхбузен Европица, социалистийн мехкашца[6]. 1969 шарахь Эквадоро а, Советийн Союзо а дӀатесира дипломатин йукъаметтигаш, амма 1972 шарахь, Эквадор ОПЕК йукъайахча бен, СССР бала ца хилла оцу мехкана. 1970-гӀа шерашна йуккъехь Советийн Союзо Китохь латтайора вакилат, АЦШца оцу мехкан Ӏаткъамна къовсам латтабора[7].
Эквадоро делла политикин къайлабовларшНисйе
- 16.08.2012 Эквадоро къайлаваьккхина Лондонера шайн вакийлатан латта тӀехь WikiLeaks йиллина — Ассанж Джулиан. 11.04.2019 Ассанж Джулианан Эквадоран гражданалла дӀа а йаьккхина Лондонан полицин дӀавелла.
- 24.06.2013 Эквадоро делла ЦТУ хилла белхалочун Сноуден Эдвардна мухӀажиран кехаташ[8].
ӀиданашНисйе
- 1 январь — Керла шо
- март — Шовкъе кӀира.
- 1 май — Къинхьегаман де.
- 24 май — Пичинчера тӀеман де.
- 26 май — Ӏийса пайхамаран ДегӀан а, ЦӀийн а Ӏида.
- 24 июль — Боливар Симонан де.
- 10 август — Маршонан де.
- 2 ноябрь — Берриг тешаме беллачеран де.
- 25 декабрь — Вина де.
Хьажа кхин аНисйе
БилгалдахаршНисйе
- ↑ 1 2 3 2 // (unspecified title)
- ↑ http://chartsbin.com/view/edr
- ↑ Поспелов, 2002, с. 479.
- ↑ Нумизматика — Обзоры по континентам. Южная Америка Архивйина 2019-12-09 — Wayback Machine
- ↑ youtube: н. п. Помпея, завтрак из личинок пальмового жука
- ↑ Ecuador — Foreign Relations
- ↑ Ecuador — Other Nations and International Organizations
- ↑ Эквадор выдал Сноудену документы беженца
ЛитератураНисйе
- Поспелов Е. М. Географические названия мира. Топонимический словарь / отв. ред. Р. А. Агеева. — 2-е изд., стереотип. — М.: Русские словари, Астрель, АСТ, 2002. — 512 с. — 3000 экз. — ISBN 5-17-001389-2.
ХьажоргашНисйе
- Президент Эквадора
- Данные об Эквадоре в Книге Фактов ЦРУ Архивйина 2007-06-12 — Wayback Machine(ингалс.)
- Galapagos geography(ингалс.)
- Галапагосские острова Архивйина 2009-02-05 — Wayback Machine(ингалс.)
- Эквадор каталог чохь йу хьажоргаш Open Directory Project (dmoz).
- Ecuador profile from the BBC News(ингалс.)
- Викиларма: Атлас: Эквадор
БилгалдахаршНисйе
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |