Арарат (футболан клуб, Ереван)

Футболан клуб «Арара́т» (эрм. Ֆուտբոլային Ակումբ „Արարատ“ Երևան) — 1935 шарахь кхоьллина Ереванера эрмалойн футболан клуб. 1973 шеран ССРС чемпион, шозза ССРС Кад баьккхина, Эрмалойчоьнан чемпион, пхоьазза Эрмалойчоьнан Кад баьккхина, Эрмалойчоьнан Суперкад баьккхина. Европин чемпионийн Кедан чийрикфиналхо (1975/76).

Эрмалойчоьнан байракх Арарат
Юьззина
цӀе
Футболан клуб «Арарат» Ереван
Харц цӀераш КӀайн аьрзой
Кхоьллина 1935 шеран 10 майхь (87 шо)
Стадион «Раздан», Ереван
Чухоам 54 208
Президент Швейцарин байракх Каприелян Грач
Коьрта тренер Российн байракх Колыванов Игорь
Капитан Эрмалойчоьнан байракх Алексанян Артак
Рейтинг

449-гӀа меттиг УЕФА рейтингехь[1]

2012 шеран 9 ноябран хьолехь
Сайт www.fcararat.am
2021/22 4.
Kit shorts araraterevan2021h.png
Kit shorts.svg
Kit socks long.svg
Kit right arm araraterevan2021h.png
Kit right arm.svg
Kit left arm araraterevan2021h.png
Kit left arm.svg
Форма
Kit body.svg
Коьрта
форма
Kit shorts araraterevan2021a.png
Kit shorts.svg
Kit socks long.svg
Kit right arm araraterevan2021a.png
Kit right arm.svg
Kit left arm araraterevan2021a.png
Kit left arm.svg
Форма
Kit body.svg
ХьошалгӀахь
форма
Kit shorts araraterevan2122t.png
Kit shorts.svg
Kit socks long.svg
Kit right arm araraterevan2122t.png
Kit right arm.svg
Kit left arm araraterevan2122t.png
Kit left arm.svg
Форма
Kit body.svg
Резерван
форма
Soccerball current event.svg 2022/23 шо

Клуб долахь ю Швейцарин эрмалойх ваьллачу хьуьнархочун Каприелян Грачан.

Командин инарлин спонсор ю КъАЮ «Арцахбанк», цуьнан куьйгалхо а Каприелян Грач ву.

ЦӀерашНисйе

  • 1935 шо 10 май — 1936 шо 05 декабрь — «Спартак» Эривань
  • 1936 шо 5 декабрь —1963 шо — «Спартак» Ереван
  • 1963—2004 шераш — «Арарат» Ереван
  • 2004 — 2004 шеран 8 июнь — «Лернагорц-Арарат» Капан
  • 2004 шеран 8 июня — 19 июнь кхаччалц — «Арарат» Капан
  • 2004 шеран 19 июнехь дуьйна — «Арарат» Ереван

ИсториНисйе

(2012 шо кхаччалц)

Клубан бесаш, форма, эмблемаНисйе

 
Клубан бесаш
 
 
 
 
 
 
 
 
ССРС Кедан финал 1973
 
 
 
 
 
 
ССРС Кедан финал 1975
 
 
 
 
 
 
 
 
2007
 
 
 
 
 
 
2007/08
 
 
 
 
 
 
2008
 
 
 
 
 
 
 
 
 
2009 шарахь дуьйна

СтадионНисйе

«Раздан» йина 1970—1971 шерашкахь 11 баттахь. Раздан эркан уллерачу басехь, цунах цӀе а тиллина. Стадион схьайиллира 1971 шеран 19 майхь[2]. Советийн заманахь яра ССРСн уггаре яккхийчех цхьа стадион, ши тӀегӀа а йолуш. Нисса оцу стадион тӀехь «Араратан» футболан хьовсархошна гира клубан толамаш, уьш 1973 шарахь дешин мидалшка а, 1973, 1975 шерашкахь Кедашкахь толамашка а бигина. ССРС гулйина командо стадион тӀехь ши матч бен ца левзира, ший а левзира 1978 шарахь. Апрелехь доттагӀаллин ловзарехь финнийн гулйина командица (10:2 ССРС туьйлира), ткъа ах шо даьлча Европин чемпионатан харжаман матчехь желтойн командин дуьхьала (2:0 советийн гулйина командин толам). Финляндица хиллачу матчехь вара 12 000 хьажархо, Желтойчоьнца матче веира 40 эзар.

Союз йоьхначул тӀехьа стадион тӀехь шен матчаш ловзайора Эрмалойчоьнан гулйина команда, ткъа иштта футболан клубаша а. 1990-гӀа шерашкахь стадион тӀехь дӀаяьхьира Футболех ловзаран Эрмалойчоьнан Кедан финалаш. 2002 шарахь тойира, тояран белхаш дӀадаьхьира 2006—2008 шерашкахь. Юьхьанца чухоам 75 000 стаг вара, тойинчул тӀаьхьа — 69 000. То а йина тӀе шен-шена гӀанташ хӀиттийча чухоьу 55 000 хьажархо, Эрмалойчохь уггаре йоккха стадион ю. ХӀинца, харжаш бахьнехь стадион ца лелайо къоман гулйина командо. Гулйина команда «Раздан» тӀехь тӀаьххьара левзира 2008 шарахь туркойн гулйина командин дуьхьала ЧМ-2010 харжаман циклехь. Лелайо коьртаниг футболан а, цхьа могӀа атлетикин къийсамашкахь.

«Арарат-2»Нисйе

Команда «Арарат-2», «Араратан» фарм-клуб йолуш, 1990 шарахь левзира ССРС хьалхеяккхаран шолгӀачу лигин 2-гӀа зонехь, цигахь 1-ра меттиг а яьккхира, иза бахьнехь 1991 шарахь ловза бакъо яьккхира шолгӀа лигехь (буферан юккъера зоне). ЖамӀ — 21-гӀа меттиг, 22 командин юкъахь.[3]

Эрмалойчоьнан хьалхеяккхаран Хьалхарчу лигехь «Арарат-2» бехира шолгӀа (2005) а, кхоалгӀа а меттигаш (2007, 2013/14, 2016/17)[4].

БилгалдахаршНисйе

  1. Рейтинг УЕФА(оьр.)
  2. Aris Ghazinyan Football diplomacy, Armenia-Turkey: From Ararat’s victory to Jorkaeff’s goal (ингалс.). Analysis. ArmeniaNow.com (2009, 23 октябрь). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 14 июнехь. Теллина 2013 шеран 13 июнехь.
  3. ФК Арарат-2 (Ереван, СССР) на сайте Wildstat.ru
  4. Профиль FootballFacts.ru сайтехь (оьр.)

ЛитератураНисйе

  • Арсен Какосян. «В ночь после футбола», Ереван, 1974
  • Олег Кучеренко. «Игры сборной СССР по Футболу. Справочник 1952—1988», изд. «Советский спорт», Москва, 1989
  • Александр Григорян. «МАРКАРОВЫ „Бразильцы“ армянского футбола», Ереван, 2002
  • Александр Григорян. «От Босфора до Каспия», Ереван, 2003
  • Александр Григорян. «Арарат» — любовь моя", Ереван, 2006
  • Александр Григорян. «Братья Андриасяны. Генералы футбольных полей», Ереван, 2011

ХьажоргашНисйе