Желтойчоь
Желтойчоь (желт. Ελλάδα [eˈlaða] , Elláda), официалан цӀе — Желтойн Респу́блика (желт. Ελληνική Δημοκρατία [eliniˈci ðimokraˈti.a], Ellīnikī́ Dīmokratía) — Къилба Европин пачхьалкх.
Географи Нисйе
Къилбехьа Европин мохк бу. Балканан аххал-алий тӀeхь. Къилбаседехьа Албаница, Македоница, Болгарица дозанаш ду. Къилбседа-малхбалехьа Туркойчоьца ду. Эгейн-хи ду малхбалехьа, Ионан-хи ду малбалалехьа, къилбехьа Йукъалаттaн а, Критан хиш цани.
Истори Нисйе
3 эззар шо хьалха, вайн чагl тlекхачале, Крит алий тlехь йукъ яьлла вуно-хьекъал долуш миноян цивилизаций а, церан lилм, низам дlай-схьа дагlанера оцу дуьнена межена тlехь.
Желтой мохк лоруш бу малбалале агloна хьекъалийн нана, демократийн а, малхбалале агlона филосопийн а, физики-математикий lилман а, театран а, Даймохк. Желтойн мотт бу ХӀинди-Европин меттан тоба йукъахь уггар йеха Истори йолуш. 34 бlешо ду желтойн шай йоза долуш, церан йозан абатехь кхоьллина латинийн а, Кириллан йозанаш а.
Желтойчоьнан керла административан йекъайалар Нисйе
Децентрализованни администраци | Коьрта гӀала | Перифереш | Майда, км2 | Бахархой | Карта | |
---|---|---|---|---|---|---|
Аттики | Афина | Аттика | 3 808 | 3 761 810 | ||
Македонин а, Фракин а | Салоники | Йуккъера Македони, Малхбален Македони а, Фраки а | 32 968 | 2 483 019 | ||
Эпира а, Малхбузен Македонин а | Янина | Эпир, Малхбузен Македони | 20 553 | 1 094 326 | ||
Фессалин а, Йуккъера Желтойчоьнан а | Лариса | Фессали, Йуккъера Желтойчоь | 29 586 | 1 359 217 | ||
Пелопоннеса, Малхбузен Желтойчоьнан а, Ионин а | Патраш | Пелопоннес, Малхбузен Желтойчоь, Ионийн гӀайренаш | 29 147 | 1 592 432 | ||
Эгейн гӀайренаш | Пирей | Къилбседа Эгейн гӀайренаш, Къилба Эгейн гӀайренаш | 9 122 | 508 807 | ||
Крита | Ираклион | Крит | 8 259 | 601 131 | ||
Билгалдахарш Нисйе
- ↑ Census.gov Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). Архивйина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 9 майхь. Теллина 2013 шеран 9 майхь.
- ↑ 1 2 3 Report for Selected Countries and Subjects
- ↑ 2001 шо кхаччалц — Желтойчоьнан драхма.
- ↑ Евросоюза
- ↑ http://europa.eu/about-eu/countries/member-countries/greece/index_en.html
- ↑ http://europa.eu/about-eu/countries/greece/index_en.html
- ↑ http://europa.eu/about-eu/countries/member-countries/greece/index_en.htm
- ↑ https://www.cia.gov/library/publications/the-world-factbook/geos/gr.html
- ↑ http://chartsbin.com/view/edr
ХӀара йаззам табарна бакъхьа ду?: |