Арвани́таш, арнау́таш (желт. Αρβανίτες, турк. Arnavutlar ма-дарра «албанхой») — албанхойн православин дин лело субэтносан тоба, XIV—XV бӀешерашкахь Албани йитина, балканехь къаьмнаш кхалхарца доьзна. Кхалхарш хилира франкократи чӀагӀъяларца, Византийн импери гӀелъяларца, Европе Туркой-Ӏусманхой чубахкарца. XX бӀешо доладаллалц арваниташ доккхаха дакъа дара Желтойчоь паччахьаллин бахархойн (20 % кхаччалц). Юккъера бӀешерашкахь арванитийн ненан мотт албанийн меттан башха меттадакъа дара — арванитийн мотт, тахана байна ала мегар ду. Ярташкара арнауташ, тӀаккха а, Ӏалашдина желтойн этносан къастар. Желтойн-албанхойн дозанера Корча гӀалан йисташкарчу арнаутийн жимачу тобанех схьаевлла Российн имперера а, ССРС хиллачура а албанхойн ерриг тобанаш барам 5 эз. ст. гергга волуш.

Арваниташ
Дукхалла 30'000—140'000 гергга
ДIасакхалхар  Желтойчоь
Мотт Арванитийн, желтойн
Дин Православи
Гергара къаьмнаш Албанхой, арберешаш, желтой
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш
Л. БубулинаН. ЭнгонопулосМ. Боцарис
Желто а, арнаут а
Паули Густав-Теодор. «Российн къаьмнийн этнографех яздар», СПб., 1862

Албанхой алсама кхелхира Греце XII - XV бӀешерашна юккъера муьрехь. Албанин историн махкара албанхой кхалхаран бахьна (коьртаниг мехкан къилба-малхбалера) хила тарло махкахь адам луьста Ӏар. Ша Албани тӀемаш хьейина йац 1204 шерал тӀаьхьа, Балканийн ахгӀайрен малхбален дакъа доцург. Цул сов, мохк юкъабахара юккъерачу бӀешерийн желтойн пачхьалкхана Эпиран деспотатан, иштта, цунах дакъа хилира жӀарахошна желтойн-православин дуьхьалонан. Оцу заманахь Эпиран желтой а, албанхой а, православи тӀеоьций, чӀогӀа гергара хуьлу оьздангаллин агӀора. ТӀаккха а дукхаха болу албанхойн мухажираш лоьхура, уггаре хьалха, шайн бахамца долу хьал тодар, тӀамо йохийна Грецера, шортта лаьттан дакъош кхаьчна, цара мехах тӀемаш бора, тайп-тайпана пачхьалкхийн эскаршца охьаховшура: дукха ерш желтойн пачхьалкхан кхоллараш, масала, Эпиран деспотат, Морейн деспотат, меттахӀоттийна Византий импери; кхин а — жӀарахойн Латинан импери, Венецин республика, Йоккха Влахи, Хункар-мохк, Генуэзан республика, кхин дӀа а).