Астеро́ид — Малхан гонах хьийза Маьлхан системин жима стигалан хӀума. Астероидаш дукха жима йу планеташел йозаллица а, барамца а, цера нийса йоцу кеп йу, цера атмосфера йац, амма цера спутникаш хила тарло.

Цхьана масштабехь хӀоттийна астероидашан сурт: (4) Веста, (21) Лютеция, (253) Матильда, (243) Ида а, цуьна спутник (243) Дактиль а, (433) Эрос, (951) Гаспра, (2867) Штейнс, (25143) Итокава.
Цхьана барамехь (4) Веста астероидан а, Церерин а, Беттан а даьккхина сурт. Цхьа пиксель — 20 км

Къастамаш

бӀаьра нисйан

Астероид (шир.-желт. ἀστεροειδής — «седах тера», дош хӀотталуш ду шина грецийн дешнех ἀστήρ — «седа» а, εῖ̓δος — «кеп») дош йукъадеккхина Уильям Гершельс. И цӀе цо тиллира уьш телескоп чу хьаьжца тӀадамаш сан гуш хиларна седарчий санна — телескоп чу хьаьжца планеташ гуш хуьлу дискаш санна. ХӀинца а билгалйаьккхина йац астероидашан нийса къастам. 2006 шо кхаччалц астероидашах олура жима планеташ.

Астероидаш къастаяш йолу коьрта билгало бу цера барам. Астероидаш лору 30 м сов диаметр йолу хӀуманаш. Оцу барамал жима хӀуманех олу метеороидаш[1].

Астероидаш Маьлхан системехь

бӀаьра нисйан
 
Коьрта астероидашан го (кӀай бос), Юпитеран астероидаш (баьццара бос)

Тахана Маьлхан системехь йовзуш йу масийтта бӀе эзар астероид. 2013 шаран 11 январехь уьш йара 97 853 768, царех 600 853 астероидан орбита лерин йара, царна номераш а йеллера[2], 17 620 цӀераш техкинера[3]. Схьахетарехь Маьлахан системехь 1,1 миллион тӀера 1,9 миллион тӀе кхаччалц хӀума йу 1 км сов барам болуш[4]. Йевзаш йолу астероидах дукхахйераш Марсан а, Юпитеран а йуккъе астероидан гонехь йу.

Маьлхан системехь массарелла йокху астероид лоруш йара Церера. Цуьна барамаш бу 975×909 км гергга, амма 2006 шаран 24 август дуьйна иза лоруш йу жима планета. Шиъ важа йоккха астероид (2) Паллада а, (4) Веста йу 500 км гергга диаметр йолуш. (4) Веста йу астероидан гонехь цхьаъ бен йоцу бӀаьрган къеста астероид. Кхийолу астероидаш га тарло уьш Дуьненан улле йогӀучу хенахь (масала, (99942) Апофис).

Коьрта астероидан гонан массо астероидан йозалла лоруш йу 3,0—3,6×1021 кг[5]. Иза йу Беттан йозаллин 4 % гергга. Церерин йозалла йу 9,5×1020 кг — массо а астероидан йозаллин 32 %. Йиъ массарелла а еза астероид цхьана (Церера, Веста (9 %), Паллада (7 %), (10) Гигея (3 %)) — 51 %. Кхочу астероидан йозалла чӀогӀа жима йу.

Астероидаш таллар

бӀаьра нисйан

Хьалхара астероид Церера цахууш гучуйаьккхира Джузеппе Пиаццис 1801 шарахь. Кхиъ кхоъ астероид ((2) Паллада, (3) Юнона, (4) Веста) гучуйаьккхира йалх шарахь. ТӀаьххьара Веста гучуйаьккхира 1807 шарахь. Шовзткъа шарахь кхи керла астероидаш гучуаьккхина йацар.

Карл Людвиг Хенкенс 1845 шарахь гучуйаьккхира (5) Астрея, хьалхара керла астероид 38 шарахь. Кхиъ кхо шо даьлча цо гучуйаьккхира (6) Геба. Цул тӀаьхьа кхиболу астрономаш болабелира астероидаш лаха. ХӀара шарахь керла астероидаш гучуйоккхура цара.

1891 шарахь Макс Вольфас астероидаш лохуш астрофотографи лело йолира. Йоккха экспозицица даьккхина суьрташ тӀехь астероидаш сизнаш дора. Астрофотографис астрономийн болх хьалхачулла атта а, эвсара а бира: Макс Вольфас ша гучуйаьккхира 248 астероид (323) Брюсий тӀера. Цул хьалха карийнаш 300 гергга бен йацар.

2010 шарахь астрономашан карийра Фемида цӀе йолу астероидан тӀехь ша карийра. И гучудаккхар бахьнехь Дуьненан тӀехь хи тенгар даьлла хаа тарло. Дуьненан хилар долалуш хенахь иза тӀех довха дара хи тӀехь диса. Хи Дуьненан тӀе тӀаьхьа астероидаш деана хила тарло. Иштта, Ӏилманчашна карийна астероидашан тӀехь чоьлхе углеводородаш[6].

Астероидашан цӀераш тахкар

бӀаьра нисйан

Хьалха астероидашан Шира Риман а, Грецин а мифологин турпалийн цӀераш тохкура. ТӀаьхьа астероидаш гучуйаьккхинчарна бакъо еллера шеш гучуйаьккхина астероидан шайн луу цӀе тилла — масала, шайн цӀе. Хьалха астероидашан зударийн цӀераш тохкура. Божарийн цӀераш тохкура ша-тайпа йолу астероидашан.

ХӀинца билгал орбита лерина йолу астероидан бен цӀе ца туьллу. Наггахь астероидан цӀе туьллу и гучуйаьккхинчул тӀехь масийтта шо даьлча. Орбита лараре цунна номер ло. ЦӀе тиллинчул тӀехь астероидан цӀе хӀотталуш йа шина декъахь: номер а, цӀе а, масала (1) Церера.

Астероидан барам а, кеп а таллар

бӀаьра нисйан
 
Астероид (951) Гаспра. Космосан аппаратас даьккхина астероидан хьалхара сурт. Сурт даьккхина «Галилео» зондас Гаспра астероидан уллехь нисйелча 1991 шарахь

Массарелла хьалхара астероидан барам буста гӀоьртира Уильям Гершель 1802 шарахь. Цул тӀаьхьа иза да гӀоьртира Иоганн Шрётер 1805 шарахь. Амма цера бустамаш чӀогӀа башха бара — уьш иттуза къесташ бара.

Тахана астероидаш йуста лелош йу поляриметри а, радиолокаци а, спекл-интерферометри а, йовхон радиометри а, транзитан некъ а[7].

Массарелла атта а, дика а бу транзитан некъ. Астероидас наггахь седа дуьхьул хутта. Серлон жимйалар йустича а, астероидан геналла хиича а цуьна барам тоал нийса буста йиш йу. Иштта йустало Паллада санна йаккхий астероидаш[8].

Поляриметри йу астероидан барам бустар цуьнан серлонега хьаьжна. Астероид йоккху мел хилла цо алсамо Маьлхан серло йухатугӀу. Амма астероидан серло цуьнан альбедога хьаьжина йу. Альбедо йу астероидан маьӀданашан хьаьжна. Масала, Веста астероидан альбедо йоккха хилар бахьнехь цо Церерелла доьазза алсам серло ло. Цундела Веста массарелла сирла астероид йу. Иза наггахь бӀаьрган къесташ хуьлу.

Альбедо йуста атта ду. Астероидан серло къезга мел хили (цо мел кӀезга Маьлхан серло йухатуху) иза алсам йохло. Йохъелча цо инфрацӀен зӀенарш алсам туха.

Иштта поляриметрица астероидан кеп хаа йиш йу цуьнан серлонан хийцам бустуш иза хьизаш хенахь. Цул совнах оцу хьийзар чехкалла а йуста йиш йу, цуьнан тӀехулехь йолу хӀумнаш къасто а йиш йу. Кхи тӀе а, инфрацӀен телескопаш гулбина хаамаш лелош йу йовхон радиометрица барам бустархьам.

Астероидан классификаци

бӀаьра нисйан

Коьрта астероидан классификацин тӀейогӀа цера орбиташна тӀехь а, цера тӀоьхулонас йухатуху Маьлхан серлонан спектран тӀехь а.

Астероидаш цхьанатуху группашка а, тайпанашка а цера орбиташка хьаьжна. Группина оцу орбитехь хьалхара гучуйаьккхина астероидан цӀе туьллу.

Спектран классаш

бӀаьра нисйан

1975 шарахь Кларк Р. Чапменс, Дэвид Моррисонс, Бен Целлнерс кхоьллира астероидан классификацин система. Иза хоӀттийна йу астероидан бесан а, альбедон а, йухатугӀу серлонан спектран а хьаьжна.[9] Дуьххьара дӀа оцу классификацин йукъйогӀуш йара кхаа тайпа астероидаш[10]:

  • Класс С — углеродан, 75 % йевзаш йолуш астероидашах.
  • Класс S — силикатан, 17 % йевзаш йолуш астероидашах.
  • Класс M — эчиган, йисинчарах дукхахъераш.

ТӀаьхьа и список шорйира. Тахана а иза кхидӀа а шорлуш йу астероидашах лаьцна хаамаш сов мел болу:

  • Класс A
  • Класс B
  • Класс D
  • Класс E
  • Класс F
  • Класс G
  • Класс P
  • Класс Q
  • Класс R
  • Класс T
  • Класс V

Спектран классификацин проблемаш

бӀаьра нисйан

Дуьххьара дӀа спектран классификаци хӀоттинера йевзаш йолу астероидаш хӀоттош йолу материалаш хьаьжина:

  • Класс С — углерод (карбонаташ).
  • Класс S — кремний (силикаташ).
  • Класс M — эчиг.

Амма шеко йу и классификаци нийса хиларах. Цхьана спектран классехь йоцу астероидашан цхьабоса хӀоттам ца хиларх, цхьана классехь йолу астероидаш цхьана тайпа хӀоттам бу ала йиш йац. Цундела Ӏилманчаш тӀе ца лецийра спектран классификаци.

Барамца дӀасайекъар

бӀаьра нисйан

Астероидаш йоккха мел хилла цера дукхалло жимло[11].

Приблизительное количество астероидов N с диаметром больше чем D
D 100 м 300 м 500 м 1 км 3 км 5 км 10 км 30 км 50 км 100 км 200 км 300 км 500 км 900 км
N 25 000 000 4 000 000 2 000 000 750 000 200 000 90 000 10 000 1100 600 200 30 5 3 1

Астероидан кхерам

бӀаьра нисйан

Дуьне массо а йевзаш йолу астероидал доккху делахь а, 3 км йоккха астероид Дуьненан тӀекхетахь массо адам хӀаллак хир ду. Цул жима астероид тӀекхетахь (амма 50 метрал доккха) шортта адам лийра ду, экономикин доккха зен хир ду.

Астероид йоккха а, йеза а мел хилла иза кхераме йу. Амма тӀаккха иза гучуйаккха атта ду. Массарелла а кхераме тахана лоруш йу Апофис цӀе йолу астероид. Иза йу 300 м диаметр йолуш. Иза Дуьненна тӀекхетахь цо йоккха гӀала хӀаллак йан тарло.

2013 шаран 1 июнехь 1998 QE2 цӀе йолу астероид Дуьненна 5,8 млн км улле тӀееара[12].

Хьалхара 30 астероид

бӀаьра нисйан
  1. Церера (хӀинца лоруш йу жима планета)
  2. (2) Паллада
  3. (3) Юнона
  4. (4) Веста
  5. (5) Астрея
  6. (6) Геба
  7. (7) Ирида
  8. (8) Флора
  9. (9) Метида
  10. (10) Гигея
  11. (11) Парфенопа
  12. (12) Виктория
  13. (13) Эгерия
  14. (14) Ирена
  15. (15) Эвномия
  16. (16) Психея
  17. (17) Фетида
  18. (18) Мельпомена
  19. (19) Фортуна
  20. (20) Массалия
  21. (21) Лютеция
  22. (22) Каллиопа
  23. (23) Талия
  24. (24) Фемида
  25. (25) Фокея
  26. (26) Прозерпина
  27. (27) Эвтерпа
  28. (28) Беллона
  29. (29) Амфитрита
  30. (30) Урания

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Шустова Б. М., Рыхловой Л. В. Рис. 1.1 // Астероидно-кометная опасность: вчера, сегодня, завтра / Под ред. Шустова Б. М., Рыхловой Л. В.. — М.: Физматлит, 2010. — 384 с. — ISBN 978-5-9221-1241-3.
  2. MPC Archive Statistics. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 11 январь. Архивйина 2012 шеран 24 январехь
  3. Minor Planet Names. ТӀекхочу дата: 2013 шеран 11 январь. Архивйина 2012 шеран 5 июлехь
  4. New study reveals twice as many asteroids as previously believed. ТӀекхочу дата: 2006 шеран 28 март. Архивйина 2012 шеран 5 июлехь Архивйина 2023-03-06 — Wayback Machine
  5. Krasinsky, G. A. (2002). "Hidden Mass in the Asteroid Belt". Icarus. 158 (1): 98—105. doi:10.1006/icar.2002.6837. {{cite journal}}: Неизвестный параметр |coauthors= игнорируется (|author= предлагается) (справка); Неизвестный параметр |month= игнорируется (справка)К:Википедия:Ошибки CS1 (неподдерживаемый параметр)К:Википедия:Ошибки CS1 (неподдерживаемый параметр)
  6. Впервые найден водяной лёд на астероиде Архивйина 2013-08-20 — Wayback Machine
  7. E. Tedesco. Asteroid Albedos and Diameters proceedings of the 160th International Astronomical Union. p. 55—57. Kluwer Academic Publishers. June 14—18, 1993. Belgirate, Italy.
  8. Lang, Kenneth R. The Cambridge Guide to the Solar System. 2003. Cambridge University Press. ISBN 978-0-521-81306-8. Asteroids and meteorites. P. 390—391
  9. Chapman, C. R., Morrison, D., & Zellner, B. (1975). "Surface properties of asteroids: A synthesis of polarimetry, radiometry, and spectrophotometry". Icarus. 25: 104—130.{{cite journal}}: Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list) (ссылка)К:Википедия:Обслуживание CS1 (множественные имена: authors list)
  10. McSween Jr., Harry Y. Meteorites and Their Parent Planets
  11. Davis 2002, «Asteroids III», cited by Željko Ivezić Архивйина 2011-07-20 — Wayback Machine
  12. В ночь на 1 июня большой астероид пролетит рядом над Землей

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан