Атмосфера (схьадаьлла шир.-желт. ἀτμός — «Ӏаь» йа σφαῖρα — «сфера») — стиглара дегӀан, цунна уллехь гравитацис сацийна газан чкъор. Атмосферин а, планеташна йукъара есаллин а къаьстина доза доцун дела, дукха хьолехь атмосфера лору стиглара дегӀан гуонахьара область, цунна чохь газан среда хьийза цуьнца дийнна цхьаъ йолуш санна. Цхьайолу, коьртаниг газах (газан планеташ) лаьтташ йолу, планетийн атмосферин стоммалла хила тарло чӀогӀа йоккха.

Дуьненан атмосферин газаш тулгӀенийн сийна йохалла яржайо кхечарал гӀоле, цундела космосера хьаьжча, вайн планетин гуонаха айсина гало хуьлу, ткъа Дуьненан тӀера хьаьжча, го айсина стигал.

Дуьненан атмосферица дукхаха йолчу дийна организмаша садоӀуш лелон кислород а, фотосинтезан процессехь ораматаша а, цианобактереша а лелон углеродан диоксид а ду. Атмосфера кхин а планета ларъяран чкъор ду. Цуо лардо Дуьненан Ӏалам мелхан ультрафиолетан зӀенар кхетарехь а, метеоритех а.

Дерриг даккхийн догӀмийн — газан гигантийн а, дукхаха йолчу Дуьненан кепара планетийн (Мелхан системехь — Меркурий йоцачуьнан) атмосфера ю .

Атмосферин Ӏаткъам

бӀаьра нисйан

Атмосферин Ӏаткъам — терахьца нийса болу атмосферера физикин ницкъан барам, Ӏаткъам беш болу майданан тӀехулонна оцу тӀехулонна перпендикулярца. Атмосферин Ӏаткъам кхоллало гравитацино хӀаваъ планетин тӀеозорца. Дуьненайукъара барамийн системехь (СИ) Ӏаткъам бусту паскалашкахь, массийн хааман гӀирсашкахь атмосферин Ӏаткъаман амал юсту гинсун богӀаман миллиметрашкахь. Дуьненайукъара стандартан атмосферин «барамера хьолашкахь», хӀордан юккъерачу тӀегӀанехь 15 °C температурехь хӀаваан Ӏаткъам, тӀеэцна 101325 Па йа 760 гин. богӀ. мм. Атмосферин Ӏаткъам охьаболу локхаллийца барометрин формулица.

Атмосферин хӀоттам

бӀаьра нисйан

Сахуьлу седанан а, Марсан а атмосфера коьртаниг лаьтта углеродан диоксидах кӀеззиг тӀе азот а, аргон а, кислород а, кхин газаш тоьхна. Дуьненан атмосфера дукхаха ерг ю цунна чохь ехачу организмийн сурсат. Дуьненан атмосферин хӀоттам: 78,084 % азот, 20,9476 % кислород, хийцало барам хинан Ӏаь (юккъера барам 1 % гергга), 0,934 % аргон, 0,038 % углеродан диоксид, кӀеззиг барам водород а, гелий а, кхин дика газаш, бехдийриш.

Лахара температурин газан гиганташкаЮпитере, Сатурне, Уране, Нептуне — лахара молекулин масса йолу газаш (водород а, гелий а) совцало. Лакхара температурин газан гиганташ, масала Осирис йа 51 Пегасан b, вукха агӀора, ца совцало церан атмосферин молекулаш, уьш яьржа есаллехь. И процесс йоьду меллаша а, гуттаренна а.

Мелхан системин стигалан догӀмийн атмосферийн исписка

бӀаьра нисйан

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан