Аушев ТӀахӀир Ӏабдул-Хьамидан воӀ
А́ушев ТӀа́хӀир Ӏа́бдул-Хьа́мидан воӀ (вина 1976 3 мартехь,[1] Соьлжа-ГӀалахь) — российн элементан дакъалгийн физикин областера Ӏилманча, Москохан физикин-техникин институтан (МФТИ) лакхара энергин физикин лабораторин куьйгалхо,[2] РӀА корреспонденташ-декъашхо (2016) физикин Ӏилманийн декъехь (говзалла «ХӀоьънан физика»), РӀА профессор (2016).[1]
Аушев ТӀахӀир Ӏабдул-Хьамидан воӀ | |
---|---|
Вина терахь | 1976 шеран 3 март (48 шо) |
Вина меттиг | Соьлжа-ГӀала, НГӀАССР |
Пачхьалкх | ССРС → Росси |
ГӀуллакхан тайпа | физик |
Ӏилманан кхоче | элементан дакъалгийн физика |
Белхан меттиг | МФТИ |
Альма-матер | МФТИ (ФОПФ) |
Ӏилманан дарж | Ӏилманийн доктор |
Ӏилманан цӀе | профессор, РӀА корреспондент-декъашхо |
Ӏилманан куьйгалхо | Пахлов, Павел Николаевич |
СовгӀаташ а, премеш а |
Российн Ӏилманийн академин къуоначу Ӏилманчийн мидал (2005) РФ Президентан къуоначу Ӏилманийн кандидатийн грант (2006) |
595 сов Ӏилманан, СР-симметри йохаран талламан, йеза адронийн хьолан, масала, экзотикан хьал, экспериментан методика белхийн автор[3].
Ӏилманан белхан Хиршан индекс - 72.[3]
Биографи
бӀаьра нисйанВина 1976 шеран 3 мартехь НГӀАССР Соьлжа-ГӀалахь.
1993 шарахь – дешийн мидалца чекхйаьккхина Соьлжа-ГӀалин № 22 йолу йуккъера ишкол.
1999 шарахь – тӀех дика чекхйаьккхира Москохан физикин-техникин институтан (МФТИ) йукъара а, прикладан а физикин факультет (ЮПФФ) «Прикладан математика а, физика а» говзаллийца.
1999 шарахь – дуьненайукъара коллаборацин а, Японан Belle а декъашхо.
2002-2015 шерашкахь – Теорин а, экспериментан а физикин институт (ИТЭФ) лакхара Ӏилманан белхало.
2005 шарахь – чекхдаьккхира кандидатан диссертаци, тема «B0 → D*±D-+ йохар гучуйаккхар а, цунна йукъахь CP-гӀалаташ лахар а».[4]
2006-2010 шераш – Швейцарера Лозаннан Федералан политехникин ишколан (EPFL) лакхарчу энергин физикин лабораторехь постдок.
2007 шарахь дуьйна – Ӏилманан ICPV тобан куьйгалхо Belle экспериментехь "дуьххьара дӀа доцу" CP-симметрин гӀалат Ӏаморехь; кхочушдаран Belle коллаборацин советан декъашхо.
2010-2011 шераш – Японин Ӏилманан-талламан лакхара КЕК энергин физикин центре кхайкхина Ӏилманча.
2012-2013 шераш – EPFL кхайкхина Ӏилманча.
2013 шарахь – чекхдаьккхира докторан диссертаци, «Чармоница а, шала чармаца а йолу В-мезонаш дохарехь долу СР-гӀалаташ» темица.[5]
2014 шарахь дуьйна – Швейцарера дуьненайукъара CMS, ЦЕРН, коллаборацин декъашхо.[6]
2014 шарахь дуьйна – МФТИ физикин лакхарчу энергин лабораторин куьйгалхо.[7]
2015 - 2017 шерашкахь — МФТИн Ӏилманан-техникин советан председатель.[8]
2015 - 2017 шерашкахь — Ӏилманан-техникин «МФТИн къинхьегамаш» журналан коьрта редакторан гӀовс.[9]
2015 - 2017 шерашкахь — МФТИн Ӏилманан белхан а, стратеги кхиоран а проректор.
2016 шарахь – йелла сийлахь Ӏилманан цӀе РӀА профессор.[10]
2016 шарахь – хаьржина РӀА физикин Ӏилманийн декъан РӀА корреспондент-декъашхо (говзалла «ХӀоьънан физика»).
Ӏилманан гӀуллакх[11]
бӀаьра нисйанӀилманан белхийн сфера: лакхара энергин физика а, элементан дакъалгийн физика а, йеза кваркаш, CP-гӀалаташ, T-гӀалаташ, B-мезонаш йохар.
Японин Ӏилманан-талламан КЕК центрера Belle коллаборацин йукъахь, дуьххьара кара а йина теллира B0 → D*±D-+ йохар, цунна йукъахь дуьххьара йуьстира СР-симметрин гӀалатийн параметраш. В-мезонаш шозза дагадоьхна дохар ладаме ду СР-симметрин гӀалатийн а, Стандартан моделан гӀалатийн параметраш цхьаннех ца йозуш талла.
Belle экспериментан гуранчохь, талларан гӀуллакх доцуш, Аушев ТӀахӀира лелийна методикан болх, масала, Ӏамийна Belle кепара тӀехдаржоран магнито магнитан аре цхьабосса екъар, дуьзина трекаш метахӀотторан гуттаренна долу гӀалаташ дустар, ткъа кхин а дуьзна трекийн реконструкции йаран программан модернизаци, иза бахьнехь хаъал айира лахараэнергетикан дуьзна трекийн метахӀоттаран эффекталла. И системан болх бахьнехь аьтту белира, Belle экспериментехь, шозза дагадоьхна дохар Ӏаморан агӀо кхолла, цуо цул тӀаьхьа таро йира иттаннаш Ӏилманан талламаш бан СР-симметрин а, дагадоьхна мезонийн а, чармонийн а спектроскопийн гӀалаташ Ӏаморехь. 2004 шарахь иза, шозза дагадоьхна В-мезонийн дохарш Ӏамош йолу, double-charm Ӏилманан тобан куьйгалхо хӀоттийра. Цуьнан куьйгаллехь бира цхьа могӀа B→D(*)D(*)(KS) дохар толлу, царна чохь СР-симметрин гӀалаташ дустуш, керла адронан хьал лохуш белхаш.
2005 шарахь физикин-математикин Ӏилманийн кандидат Ӏилманан тӀегӀа йаккхархьама чекхдаьккхира диссертаци, тема йара «B0 → D*±D-+ йохар гучуйаккхар а, цунна йукъахь CP-гӀалаташ лахар а». Оцу балхана йелира Российн Ӏилманийн академин къуоначу Ӏилманчийн мидал.
2006 шарахь йелира деа шеран Лозаннан Федералан политехникин ишколан (EPFL, Швейцари) постдокан позици, цигахь дӀабаьхьира Belle экспериментера Ӏилманан болх. Цул сов кхаа аспирантан а, EPFL студентан а Ӏилманан куьйгалла дира, цара массара а аьттонца чекхдаьккхира диссертаци.
Къаьсташ double-charm тобан куьйгалхо болх барна, 2007 шарахь куьйгалхо хӀоттийра ладаме Ӏилманан тобан Belle — ICPV экспериментехь, цара толлура В-мезонаш йухуш СР-симметрехь хуьлу гӀалатийн эффект. Оцу тобан, 2001 шарахь дуьйна, хилла жамӀаш таро йира Кобаяшин-Маскаван теори къобал йан, цуьнан авторшна, японин Ӏилманчашна М. Кобаяшин а, Т. Маскаван а, деллера 2008 шеран Нобелан физикера совгӀат.
2012 шарахь, Аушев Т. А.-Х. куьйгаллехь волуш, ICPV Ӏилманан тобано, ша ТӀахӀир декъахь волуш дуьстира sin2β СР-симметрин параметран гӀалат, из ахӀинца а ду дуьненахь угаре нийса.
2013 шарахь Аушевс чекхдаьккхира физикин-математикин Ӏилманийн докторан Ӏилманан тӀегӀа йаккхархьама диссертаци, тема йара «Чармоница а, шала чармаца а йолу В-мезонаш дохарехь долу СР-гӀалаташ» темица».
2010 - 2015 шерашкахь жигара дакъалецира, уникалан йолчу российн мокхазан фотодетекторийн бух тӀаьхь йеш йолчу Belle II супер-В-фабрикан, мюонийн а, нейтралан К-мезонийн а керла детектор кхуллуш.
Аушев ву «The Physics of B-factories»,[12] жайнин редакторех цхьаъ, иза шина коллаборацин — Belle, Япон а, BaBar, АЦШ — ткъа шеран белхан жамӀ ду. Жайна араделира 2014 шарахь, цунах хилла лакхарчу энергин физикехь болх бечу Ӏилманчийн къуона чкъоьран текха тӀиера пособи.
Цуьнан куьйгаллийца чекхйаьхна 1 дипломан болх а, Ph.D тӀегӀа йоккху 3 диссертаци а.
Дуьненайукъара гӀуллакх
бӀаьра нисйан2014 шарахь Аушевс Проект 5-100 гуранчохь кхоьллира МФТИ лакхарчу энергин физикин лаборатори.[7] Цу шарахь Аушевс МФТИ йукъайаьккхира дуьненайукъара Belle а, Belle II а (Япон) коллаборацин.[13] 2015 шарахь МФТИ лакхарчу энергин физикин лаборатори иштта йукъайахара ЦЕРНера дуьненайукъара CMS коллаборацин (Швейцари).[6]
Аушевн бу лакхара дуьненайукъара ларам, цуьнан белхийн жамӀаш зорбатоьхна рефераци йен журналашкахь, шуьйра дуьйцуш ду. Цуо ткъозза сов къамел дина престижан дуьненайукъара физикин конференцешкахь АЦШхь, Йоккха Британехь, Израилехь, Цийчохь, кхечу мехкашкахь а гуш а долу, оригиналан а долу докладашца, царна йукъахь, дина ши доклад Рочестеран конференцешкахь ICHEP’2002 а, ICHEP’2004 а.
СовгӀаташ
бӀаьра нисйан- Российн Ӏилманийн академин къуоначу Ӏилманчийн мидал (2005)
- РФ Президентан къуоначу Ӏилманийн кандидатийн грант (2006)
- Российн-Швейцарин Ӏилманан-техникин йукъаметтиган йукъара дисциплинин программин грант (2012)
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ 1 2 Аушев Т.А. - Общая информация . www.ras.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 10 апрель.
- ↑ Лаборатория физики высоких энергий — МФТИ . mipt.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 10 апрель.
- ↑ 1 2 Author details for Aushev, Tagir A.Kh . SCOPUS.
- ↑ Аушев, Тагир Абдул-Хамидович - Обнаружение распада B° → D*†D† и поиск в нем CP-нарушения : автореферат дис. ... кандидата физико-математических наук : 01.04.16 - Search RSL . search.rsl.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 10 апрель.
- ↑ Аушев, Тагир Абдул-Хамидович - CP-нарушение в распадах B-мезонов с чармонием и двойным чармом : диссертация ... доктора физико-математических наук : 01.04.23 - Search RSL . search.rsl.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 10 апрель.
- ↑ 1 2 Лаборатория физики высоких энергий МФТИ вошла в коллаборацию CMS в CERN . mipt.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 10 апрель.
- ↑ 1 2 Кудрявцев Н.Н. О создании лаборатории физики высоких энергий . Корпоративный портал МФТИ (2014).
- ↑ Научно-технический совет — МФТИ . mipt.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 10 апрель.
- ↑ Труды МФТИ 2016 8, N1(29) . Труды МФТИ. МФТИ (2016).
- ↑ Постановления Президиума РАН . www.ras.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 10 апрель.
- ↑ Аушев Т.А. - Общая информация . www.ras.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 10 апрель.
- ↑ A. J. Bevan, B. Golob, Th. Mannel, S. Prell, B. D. Yabsley, H. Aihara, F. Anulli, N. Arnaud, T. Aushev, M. Beneke, J. Beringer, F. BianchiI, I. Bigi, M. Bona, N. Brambilla, et al. The Physics of the B Factories. — Springer Berlin Heidelberg, 2016. — 910 с. — ISBN 9783662525920. — ISBN 3662525925.
- ↑ Детектор Belle II «закатили» в тоннель ускорителя SuperKEKB . mipt.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 10 апрель.
Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- Профиль Тагира Абдул-Хамидовича Аушева РlА официалан сайтехь
- Аушев Тагир Абдул-Хамидович Архивйина 2022-08-20 — Wayback Machine на официальном сайте МФТИ
- Официальный сайт коллаборации Belle Архивйина 2019-09-24 — Wayback Machine инг.