Ахматова Анна Андреевна (йоӀ йолуш Горенко хилла Ахматова) — оьрсийн литературехь Дато оьмар олучу муьран поэтесса а, гочдархо а, литературхо а йу. XX-чу бӀешеран оьрсийн литературехь цуьнан кхолларалло доккха дакъа дӀалоцу. 1965-чу, 1966-чу шерашкахь Нобелан литературин совгӀат дала хьалхатеттира иза.

Ахматова Анна
оьрс. Анна Андреевна Ахматова
Сурт
Бакъ цӀе оьрс. Анна Андреевна Горенко
ГӀуллакхан тайпа йаздархо а, гочдархо а, литературхо а, критик а, поэтесса а
Йина терахь 1889 шеран 11 (23) июнь[1][2][…]
Йина меттиг
Кхелхина терахь 1966 шеран 5 март({{padleft:1966|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})[3][2][…] (76 шо)
Кхелхина меттиг
Да Горенко, Андрей Антонович
Нана Инна Эразмовна Стогова
Викилармин логотип Ахматова Анна Викилармехь

Пачхьалкхан меженаш таӀзарш дина цуьнан гергарчу нахан: вовшашца дӀасакъаьстинчул тӀаьхьа 1921-чу шарахь тоьпаш а йиттина вийра цуьнан хьалхара цӀийнда Гумилёв Николай. Кхузза лецира цуьнан кхоалгӀа майра Пунин Николай, 1953-чу шарахь лагерехь велира иза. Церан цхьаъ бен воцу кӀант Гумилёв Лев XX-чу бӀешеран 30-50-чу шерашкахь чувоьллина итт шо даьккхира.

«Къоман мостагӀий» бу аьлла нехан зударийн а, нанойн а гӀайгӀа гайтина цо шен «Реквием» цӀе йолу поэмехь. Иза цуьнан мехала йозанех цхьаъ ду.

Оьрсийн поэзин классик йара Ахматова. Ӏедало цуьнан кхолларалла тӀехь цензура латтийра. Цуьнан дукхах долу йозанаш Советийн Бертахь зорба ца тухура. Цул сов, кхелхинчул тӀаьхьа кхиъ ткъа шарахь ца магадора уьш зорба тоха. Делахь а, Ахматова даима лоруш йара шен даймахкахь а, дозанал арахьа а.

Хьостанаш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 Краткая литературная энциклопедияМ.: Советская энциклопедия, 1962.
  2. 1 2 Roux P. d. Nouveau Dictionnaire des œuvres de tous les temps et tous les pays (фр.) — 2 — Éditions Robert Laffont, 1994. — Vol. 1. — P. 32. — ISBN 978-2-221-06888-5
  3. 1 2 Ахматова Анна Андреевна // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохорова — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  4. http://russiapedia.rt.com/prominent-russians/literature/anna-akhmatova/
  5. http://www.britannica.com/EBchecked/topic/11577/Anna-Akhmatova