Ахьмадабад
А́хьмадаба́д (гудж. અમદાવાદ — Amdāvād, инг. Ahmedabad, хӀинди अहमदाबाद — Ahmadābād) — ХӀиндин малхбузера, Гуджарат штатан уггаре йоккха гӀала, ХӀиндин уггаре йаккхийчу, бахархойн барам 5,8 миллион волу, пхеаннах цхьаъ, цуо кхуллу шен бахархошца ворхӀалгӀа гӀалин агломераци 6,3 миллион вахархочунца. Лаьтта Сабармати эркан бердашца 30 км гена штатан коьрта шахьарна Гандинагар гӀалин. Административан йукъ йу Ахьмадабад гуонан.
ГӀала | |
Ахьмадабад | |
---|---|
гудж. અમદાવાદ, инг. Ahmedabad | |
23°02′ къ. ш. 72°37′ м. д.HGЯO | |
Пачхьалкх | ХӀинди |
Штат | Гуджарат |
Мэр | Gautam Shah[1] |
Истори а, географи а | |
Йиллина | 1411 шеран 26 февраль |
Дуьххьара хьахор | XI бӀешарахь |
Хьалхара цӀерш | Ашавал (Ашапали) |
Майда | 1300 км² |
Центран локхалла | 53 м |
Сахьтан аса | UTC+5:30 |
Бахархой | |
Бахархой | 5 570 585 стаг (2011) |
Луьсталла | 4285 стаг/км² |
Агломераци | 6 352 254 |
Къаьмнийн хӀоттам | гуджарати а, кхин а |
Бахархойн цӀерш | ахьмадаба́дхо, ахмадаба́дхой |
Идентификаторан терахьаш | |
Телефонан код | +91 79 |
Поштан индексаш | 3800xx |
Автомобилан код | GJ-1 |
egovamc.com | |
Картин тӀехь | |
Дерригдуьненан тӀаьхьало ЮНЕСКО, объект № 1551 оьрс. • англ. • фр. |
1960 - 1970 шерашкахь Ахьмадабад хилла коьрта шахьар Гуджарат штатан, цул тӀаьхьа коьрта шахьар хилла Гандинагар. ГӀалах наггахь олу Карнавати хьалха цигахь хиллачун сийна. ГӀала йиллина 1411 шарахь, гуджаратан султанатийн коьрта шахьар хилла, цӀе тиллина цхьаьна султанан, Ахьмад-шахан сийна.
ГӀалахь къегина текстилан промышленность, иза бахьнехь цунах наггахь олу «Малхбален Манчестер». ГӀала хилла хьалха ХӀиндин маршонан къовсамехь, цигахь XX бӀешеран хьалхарчу декъехь хилла гражданийн ла ца догӀаран акцеш.
Гуджарат штат кхоллар бахьнехь, Ахьмадабад хийцаелла баннийн, четарийн гӀаланера Ӏилманан-дешаран, коммерцийн, оьздангаллин йукъ айаделлачу тӀекӀела цӀеношца, йохк-иэцаран йаккъашца.
Ахьмадабадан истори
бӀаьра нисйанАрхеологин талламаш гойту, гӀалин махка нах XI бӀешарахь хевшина хилар, цигахь кхоллаелла Ашавал гӀала. Оццу хенахь, соланкийн Анхилваран урхалчо, Карандев I, аьттонца тӀом бира бхилийн паччахьан Ашавалан дуьхьала. Толам баьккхина дукха хан йалале, Каранвед I Ашавалан меттехь йиллира Карнавати гӀала, иза йара Сабармати эркан бердаш тӀехь хӀинцалерачу Ахьмадабадан меттехь. XIII бӀешарахь гӀала а, йерриг Гуджарат а карайахна Делин султанатан Ӏедалан.
1411 шарахь МузаффаридгӀаоа кхоьллина Гуджаратан султанат. Ламастаца, шен кампани Сабармати эркан бердаш тӀехь дӀахьуш, султан Ахьмад Шахан гира, пхьагал жӀаьлин тӀехьайаьлла лелаш, оцуо дог айбина, султан сацам бира шен коьрта шахьар оцу меттигехь йилла. 1487 шарахь, Махьмуд Бегадас, Ахьмада Шахан кӀента кӀанта, гӀала чӀагӀйира арахьа 10 км пен боьттина 12 ков а, 189 бӀов а, 6000 бӀарол а йолуш. Ахьмадабад МузаффаридгӀеран Ӏедалан кӀелахь лаьттира 1573 шо кхаччалц, оцу хенахь тӀаьххьара Гуджаратан султан, Музаффар II вуьйжира моголийн султан Акбар Сийлахьчуьнца хиллачу тӀамехь.
Сийлаллаш
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- Ахмедабад // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- Ахмадабад // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
- Ахмадабад // Словарь современных географических названий / Рус. геогр. о-во. Моск. центр; Под общ. ред. акад. В. М. Котлякова. Институт географии РАН. — Екатеринбург: У-Фактория, 2006.