Сахьтан аса кхетаман ши маьӀна ду:

  • Географин сахьтан аса — дуьненан тӀехула ойланца йаьккхина 15° (± 7,5° йуккъера меридианан дехьа а, сехьа а) шуьйра аса. Дуьххьарчу сахьтан асан йуккъера меридиан лору гринвичан меридиан.
  • Административан сахьтан аса — тӀехь законо билгала хан хӀоттийна дуьненан. Административан сахьтан асан кхетам йукъатуху кхин а терахьаш цхьаьнакхетар — оцу хьолехь, масала, аса UTC−10:00 а, UTC+14:00 а лору тайп-тайпана, цигахь шинхьа де-буьйсан хан цхьаъ йоллушехь.

Сахьтан асанаш кхоллар (сахьтан зонаш — time zones) доьзна ду, цхьаьна агӀора, Дуьне шен семан гуонахьа хьийзарца лара гӀертарх, ткъа кхечу агӀора, гергара меттигера мелхан хан йукъахь цхьацца сахьт бен доцуш долу мехкаш билгалдахархьама (хенан зонаш). Барт хилира 24 административан сахьтан аса йан, хӀора а аса географин сахьтан асанца мелла а тера йогӀуш хила еза аьлла. Хан лара йолийра гринвичан меридиан тӀиера, (нолан меридиан, нолан сахьтан асан йуккъера меридиан).

ХӀинца хан хӀоттайо дерриг дуьненан координаци йина хенаца (UTC), иза Гринвичан хенан (GMT) меттана йукъайаьккхина. UTC шкалан бух бу цхьа барам болчу атоман хенан шкалаца (TAI), иза йу аьтту болуш нахана йукъахь лело. Дуьненан гуонахьа нолан меридиан тӀиера лерина сахьтан асанаш хуьлу бакъхьара а (малхбалехьа) а, харцхьара (малхбузехьа) дӀасахилла UTC тӀиера. Аьхкенан хан лелочу мехкийн сахьтан аса, хийцало UTC тӀиера аьхкан заманахь.

Россехь 2011 шарахь дуьйна законаца чӀагбина кхетам сахьтан зона.

Сахьтан асанаш

Дозатохаран принципаш нисйе бӀаьра

Таханлера сахьтан асанийн бух бу дерриг дуьненан координаци йина хан, цунах йозу йерриг сахьтан асанийн хан. ХӀора дукхаллин градусан (йа хӀора минотана) меттигера хан ца хоттохьама, Дуьне доькъу 24 сахьтан асане. Цхьаьна сахьтан асанера кхечу асане ваьлчи миноташ а, секундаш а ма-йарра йуьсу, хийца ца ло сахьт бен. Цхьацца пачхьалкхашкахь, меттигера хан къастало дерриг дуьненачух дийна сахьташ доцуш, кхин а тӀе 30 йа 45 минотана.

Теоретикехь дуьненан горгалан 24 сахьтан асанийн дозанаш хӀора асанан йуккъерачу меридианан дехьа а, сехьа а 7,5° гена йоьдучу меридианашца хила деза, цу тӀе гринвичан меридианан гуонаха лела дерриг дуьненан хан. Амма меттигашкахь, цхьаьна йа масех административан махкахь цхьа хан хилийтархьама, асанийн дозанаш дӀасахилийна меридианийн теоретикан дозанал. Меттигашкахь сахьтан асанаш йовш меттигаш а нисло. И амал йу 60° шораллал лакхарчу регионийн, масала: Аляска, Гренланди, Российн къилбаседа регионаш.

Къилбаседа а, Къилба а полюсашкахь меридианаш цхьаьнакхета, цундела сахьтан асан кхетаман маьӀна дов, цуьнца цхьаьна меттиган хенан а. Полюсашкахь дерриг дуьненан хан лело йезаш лору, амма Амундсен-Скотт (Къилба полюс) станцехь лела Керла Зеландин хан.

Аьхкенан хан нисйе бӀаьра

 
     Аьхкенан хенан тӀейовлу регионаш      Аьхкенан хенан тӀевалар дӀадаьккхина регионаш      Цкъан а аьхкенан хан лелийна йоцу регионаш
Коьрта йаззам: Аьхкенан хан

Кхин тӀе а сахьтан асанийн системана чолхалла йо дукхачу пачхьалкхашкахь аьхкенан хан лелоро. Аьхкенан хене дехьабовлуш дерриг дуьненан хенал шайн хан дӀатотту. Цу тӀе массанхьа а дехьа йа сехьавалар цхьаьна хенахь а ца леладо. Цул сов, нагахь къилба эхиг тӀехь аьхке елахь, къилбаседа эхиг тӀехь Ӏа хуьлу.

Декретан хан нисйе бӀаьра

Декретан хан — 1930—1931 шерашкахь ССРС йукъадаьккхина хенан низам «асанан хан тӀе цхьаъ сахьт тохар».

Сахьтан асанаш тайп-тайпана мехкашкахь нисйе бӀаьра

Цхьацца пачхьалкхийн мехкашкахь масех сахьтан аса лелайо. Уггаре дукха сахьтан асанаш йу Российн материкан декъехь (11). Цхьайолу пачхьалкхаш дукха сахьтан асанаш йукъахь йу гӀайренийн а, хӀордал дехьара а мехкаш бахьнехь:

Дукхах йолчу пачхьалкхийн мехкаш (оцу йукъахь Франци а, Йоккха Британи а, церан хӀордал дехьара мехкаш а, латтанаш а) лаьтта цхьаьна сахьтан асанехь. Цхьаерш йеха йу пачхьалкхан географин меридианца, цара цхьа аса лелайо. Масала, Цийн латта пхеа географин сахьтан асанехь йу, амма церан берриге а махкахь цхьа хан йу, Цийн стандартан хан.

Цхьацца пачхьалкхашкахь административан-мехкан дакъошкахь лелайо шиъ йа сов сахьтан асан хан. Масала, кхаа сахьтан аса лелайо Российн Федерацин субъект йолчу Республика Сахано (Якути) а, канадан мехко Нунавута а.

АЦШхь а, Канадехь а сахьтан асанийн доза доькъу штато, провинцис йа мехко, хӀунда аьлча цхьаьнан йа вукхан мехкан долахь хилар йа асанехь хилар билгалдоккху шолгӀачу низаман административан-мехкан тӀегӀанехь (графалла йа гуонаш).

Шиъ йа сов сахьтан асанаш йолу пачхьалкхаш нисйе бӀаьра

Таблицехь гайтина цхьацца пачхьалкхаш, материкан йа коьртачу мехкан декъехь шиъ йа сов сахьтан аса лелош йолу (масала, ХӀиндонези).

Страна Число часовых
поясов
Самый западный
часовой пояс
Самый восточный
часовой пояс
Переход на
летнее время
  Австрали 3 UTC+8 UTC+10 массанхьа йац
  Бразили 3 UTC−5 UTC−3 массанхьа а йац
  Демократин Республика Конго 2 UTC+1 UTC+2 йац
  ХӀиндонези 3 UTC+7 UTC+9 йац
  Кхазакхстан 2 UTC+5 UTC+6 йац
  Канада 6 UTC−8 UTC−3:30 массанхьа йац
  Мексика 4 UTC−8 UTC−5 массанхьа йац
  Монголи 2 UTC+7 UTC+8 йац
  Росси 11 UTC+2 UTC+12 йац
  АЦШ 5 UTC−9 UTC−5 массанхьа а йац

Сахьтан асанийн исписка нисйе бӀаьра

Сахьтан
аса
Оцу сахьтан асан хан лело пачхьалкхаш а, мехкаш а,
шайн официалан хан санна дерриг шарахь йа Ӏаьнан заманахь
Билламе цӀе
UTC−12 терахь хийцадаларан аса
UTC−11 Америкин Самоа
UTC−10 АЦШ (Гавайш)
UTC−9 АЦШ (Аляска)
UTC−8 Канада, АЦШ, Мексика къилбаседаамерикин тийнаокеанан хан
UTC−7 Канада, АЦШ, Мексика ломан хан
UTC−6 Канада, АЦШ, Мексика, Гватемала, Белиз, Гондурас, Сальвадор, Никарагуа, Коста-Рика йуккъераамерикин хан
UTC−5 Канада, АЦШ, Мексика, Багаман гӀайренаш, Куба, Гаити, Ямайка, Панама, Колумби, Эквадор, Перу, Бразили къилбаседаамерикин малхбален хан, къилбаамерикин тийнаокеанан хан
UTC−4 Канада, Доминикин Республика, Пуэрто-Рико, Венесуэла, Гайана, Бразили, Боливи, Парагвай, Чили атлантикан хан
UTC−3:30 Канада (Ньюфаундленд)
UTC−3 Дани (Гренланди), Бразили, Аргентина, Уругвай, Чили къилбаамерикин малхбален хан
UTC−2 йуккъераатлантикан хан
UTC−1 Португали (Азорийн гӀайренаш), Кабо-Верде
UTC+0 Исланди, Йоккха Британи, Ирланди, Португали, Марокко, Испани (Канарийн гӀайренаш), Малхбуза Сахьара, Мавритани, Сенегал, Гамби, Мали, Гвиней-Бисау, Гвине, Сьерра-Леоне, Либери, Буркина-Фасо, Кот-д’Ивуар, Гана, Того малхбузаевропан хан, малхбузаафрикан хан
UTC+1 Европа: Австри, Албани, Андорра, Бельги, Босни а, Герцеговина а, Ватикан, Германи, Гибралтар, Дани, Испани, Итали, Косово[~ 1], Лихтенштейн, Люксембург, Мажаройчоь, Македони, Малта, Монако, Нидерландаш, Норвеги, Польша, Сан-Марино, Серби, Словаки, Словени, Франци, Хорвати, Черногори, Чехи, Швейцари, Швеци
Африка: Алжир, Ангола, Бенин, Габон, ДРК, Камерун, Республика Конго, Намиби, Нигери, Тунис, ЮАР, Чад, Экваторан Гвиней
йуккъераевропан хан, малхбузен йуккъераафрикин хан
UTC+2 Финлянди, Эстони, Латви, Литва, Росси, Украина, Молдави, Румыни, Болгари, Желтойчоь, Кипр, Шема, Ливан, Исраил, Урдан, Ливи, Мисар, ДРК, Замби, Малави, Мозамбик, Зимбабве, Ботсвана, КЪАР, Эсватини, Лесото малхбаленевропан хан, калининградан хан, киевн хан
UTC+3 Росси, Республика Абхази[~ 1], Белорусси, ДХР[~ 2], ЛХР[~ 2], Къилба ХӀирийчоь[~ 1], Туркойчоь, Ӏиракъ, Къилбаседа Кипран Туркойн Республика[~ 1], Кувайт, Днестрйисттера Молдавин Республика[~ 2], СаӀудийн Ӏаьрбийчоь, Бахьрайн, Катар, Судан, Эритрей, Йаман, Джибути, Эфиопи, Къилба Судан, Сомали, Сомалиленд[~ 2], Уганда, Кени, Танзани, Мадагаскар москохан хан, малхбалеафрикан хан
UTC+3:30 Иран
UTC+4 Росси, Гуьржийчоь, Эрмалойчоь, Азербайджан, Ломан Карабах[~ 2], Ӏаьрбийн Цхьаьнатоьхна Эмираташ, Оман Самарин хан
UTC+4:30 ОвхӀан
UTC+5 Росси, Кхазакхстан, Узбекистан, Туркмени, Таджикистан, Пакистан екатеринбурган хан
UTC+5:30 ХӀинди, Шри-Ланка
UTC+5:45 Непал
UTC+6 Росси, Кхазакхстан, ГӀиргӀазойчоь, Бутан, Бангладеш омскан хан
UTC+6:30 Мьянма
UTC+7 Росси, Монголи, Таиланд, Лаос, Камбоджа, Вьетнам, ХӀиндонези красноярскан хан
UTC+8 Росси, Монголи, Цийчоь, Тайвань[~ 1], Филиппинаш, Малайзи, ХӀиндонези, Австрали иркутскан хан
UTC+8:45 Австрали
UTC+9 Росси, КХДР, Республика Корей, Япон, ХӀиндонези якутскан хан
UTC+9:30 Австрали
UTC+10 Росси, Папуа — Керла Гвиней, Австрали владивостокан хан
UTC+10:30 Австрали
UTC+11 Росси, Соломонан гӀайренаш, Керла Каледони магаданан хан
UTC+12 Росси, Маршаллан гӀайренаш, Кирибати, Фиджи, Керла Зеланди камчаткин хан
UTC+12:45 Керла Зеланди (архипелаг Чатем)
UTC+13 Кирибати, Самоа, Тонга
UTC+14 Кирибати (Лайн гӀайренаш)

Хан нисйе бӀаьра

Терахьашца хан гойту сахьат:

     

Хьажа. кхин нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра