«А́хьмат Аре́на» (Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цӀарах спорткомплекс) — «Ахьмат» футболан клубан цӀера стадион. Лаьтта Соьлжа-ГӀалахь Садаев Ӏумаран цӀарах урам тӀаьхь, чухоьа 30 597 хьажархо. Йина 2006—2011 шерашкахь.

«Ахьмат Арена»
Йолу меттиг Российн байракх Соьлжа-ГӀала
Йина 2011
Схьайиллина 2011 шеран 11 майхь
Ерг Ахьмад
Чухоам 30 597
ЦӀера команда ФК «Ахьмат»
Майдан барам 105 × 68 м
Сайт akhmat-arena.ru
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Арахьара суьрташ
Макет стадиона

Истори нисйе бӀаьра

2004 шарахь Российн президента Путин Владимира тӀедилларца, финансаш йелла Кадыров Ахьмадан цӀарах Центран стадион[1] йан. Проектан-сметан документаци йира 2005 шарахь[2]. Стадион йан йолийра 2006 шарахь, йира пхеа шарахь гергга, и болх дӀабаьхьира Федералан Ӏалашон программица. 2011 шеран бӀаьста эксплуатаци дӀаделла спорткомплексан коьрта дакъа — 30 эзар меттиган спортан арена. Спорткомплекс йу хӀокху заманан архитектурехь, йарца а, проектаца а уггаре дикачех цхьаъ Российн йерриг къилбехь. Белхаш дӀабаьхьира УЕФАн а, ФИФАн а стандарташца.

Стадион тӀаьхь йу малхбузен трибуна А 9 эзар меттиган, малхбален Б 21 эзар меттиган, заьӀапхойн меттигаш а йу кечйина. «Ахьмат Аренехь» хӀоттийна аналоган видеотергонан система. Йерриг спорткомплексна тӀаьхь хиттийна 432 камера, царех 9 — урхалла данлуш йу.

 
Стадион «Ахьмат Арена» Садаев Ӏумаран цӀарах ураман агӀора, 2012 шо

«Ахьмат Арена» дӀайиллира 2011 шеран 11 майхь. Стадион дӀаелларан программан йукъайогӀура лазеран шоу а, нохчийн а, дуьненан а эстрадан гӀарабевлла артистийн ловзарш — Си Си Кэтч, Тото Кутуньо, Аль Бано, Крейг Дэвид. Дуьххьарлера матч хилира оццу дийнахь: арене йелира команда «Кавказ» а, цунна йукъахь левзира Кадыров Рамзан, Каноков Арсен, Исаев Никита, Дасаев Ринат (коьрта тренер вара Российн президентан йуьззина бакъонаш йолу КЪСКФО векал, Хлопонин Александр), куьйгаллехь Марадона Диего волу «дуьненан гулйина команда», цунна йукъахь левзира йукъара бевлла гӀарабевлла футболисташ — Франческоли Энцо, Фигу Луиш, Барези Франко, Костакурта Алессандро, Саморано Иван, Бартез Фабьен, Папен Жан-Пьер, Фаулер Робби, кхин а. Команда «Кавказ» туьйлира жамӀ 5:2[3] долуш. 2011 шеран 20 майхь стадион тӀаьхь хилира российн футболан премьер-лиган хьалхара официалан матч. Соьлжа-ГӀалара «Терк» толам баьккхира «Анжигара» — 1:0.

2012 шеран 31 майхь стадион хилира Европин стадионийн ассоциацин а, кхерамазаллин а (ESSMA) декъашхо[4]. 2012 шеран ноябрехь стадион йукъайахна уггаре дукха нах оьху бӀе футболан стадионашна. «Ахьмат Аренин» тӀе йуккъера барам 19 572 хьажархо вогӀуш «Терк» рейтингехь 88-гӀа могӀане йаьлла[5].

Къийсамаш нисйе бӀаьра

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра