Багов, Грегори-СаӀид Муратович

Багов, Грегори-СаӀид Муратович (гӀебарт.-черг. Багъ Мурат и къуэ Саид, вина 1958 17 февралехь, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС) — российн актёр, режиссёр. Российн Федерацин Хьакъдолу артист (2003), Москохан совгӀатан лауреат (2004), Республика Адыгейн халкъан артист (2018).

Багов Саид
Багов Грегори-СаӀид Муратович
Вина терахь 1958 шеран 17 февраль({{padleft:1958|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (66 шо)
Вина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС
Гражданалла:
Жигара шераш: 1979 — тахана а
Театр:
IMDb: ID 3402414

Биографи нисйе бӀаьра

1979 шарахь чекхйаьккхина ГИТИС (А. А. Поповн курс). 1982 - 1987 шерашкахь дешна режиссура Ӏамош ГИТИСехь А. В. Эфрос, А. А. Васильев, М. М. Буткевич артисташкара. Болх бина Станиславскийн цӀарах драман театрехь, Советан Эскаран театрехь, Васильев Анатолийн «Драман говзаллин ишколехь».

1990-гӀа шерашкахь ваьхна Исраилехь. Ролаш ловзийна «Гешер» театрехь (Тель-Авив), Камеран театрехь (Тель-Авив), Козаков Михаилан Оьрсийн антрепризехь.

1997 шарахь цӀавирзина Россех, йукъавахара Райхельгауз Иосифан «ХӀокху заман пьесан ишколан» театран труппан, хилла театран коьртачу актёрех а, режиссёрех а цхьаъ. Труппехь лаьттира 2010 шо кхаччалц. Йухавеира 2015 шарахь. Райхельгауз Иосифца а, Филозов Альбертца а ГИТИСехь гулйира дуьхьала воцуш Ӏаморан актёрийн-режиссёрийн курс.

2000-гӀа шарахь дуьйна кинош чохь ролаш ловзош ву. Дукха белхаш бо йишлакхархо а, йешархо а санна — радиохь а, концертан майданашкахь а. Композитор а, пианист а волчу Фридман Викторца цхьаьна кхоьллира музыкин-поэтийн спектакль «Безаман метаморфозаш»[1]. Жигара дакъалоцу адыгийн къоман кхолламашкахь[2].

КӀант а, ши йоӀ а йу.

Кхолламалла нисйе бӀаьра

Театрера ролаш нисйе бӀаьра

Москохан Станиславскийн цӀарах драман театр
  • «Брысь, костлявая, брысь!» («ЙагӀийтта, даьӀахках, йагӀийтта) С. Шальтянисан — Андрюс Шатас
«ХӀокху заман пьесан ишкол»
  • «Чайка» А. ЧеховнТреплев; Медведенко
  • «Чайка» Б. Акунинан — Медведенко
  • «Чайка. Настоящая оперетка» («Чайка. Боккъала а оперетка») В. Жукан а, А. Журбинан а — Медведенко
  • «Куьзганаш доцуш» Н. Климонтовичан — Соня
  • «Город» («ГӀала») Е. Гришковцан — Он
  • «Хилам» В. Набоковн — Ревшин
  • «Миссис Лев» («Миссис Лом») С. Коковкинан
  • «Звёздная болезнь» («Куравалар») — Артист
  • «Проститут(ка)» («Кхахьпа») М. Барщевскийн — Глеб
  • «УИК ЭНД» Е. Гришковецан а, А. Матисонан — Олег Сомов

Театран режиссёр нисйе бӀаьра

Москохан Станиславскийн цӀарах драман театр
  • «Здесь живут люди» («Кхузахь деха адамаш») А. Фугардан
  • «Два актёра, текст и публика» («Ши актер, могӀам, публика») йозуш йоцу проект — Н. В. Салантца)
Исраил
  • «9 000 метров над поверхностью почвы» («9 000 метр латтан тӀехула») А. Шипенкон
  • «Дама с камелиями, или Когда мы войдём в город» («Камелешца зуда, йа Вай гӀалан чудахча») А. Шипенкон
Театр «Фоменкон пхьолгӀа»
  • «Авиация превращений» («Хийцаман авиаци») Д. Хармсан (чекх ца йаьккхина)
«ХӀокху заман пьесан ишкол»
  • «Мосты и радуги» («ТӀайнаш а, стелаӀодмаш а») Кеп:Гочданза3 «Я, Фейербах» («Со, Фейербах») пьесан мукъмашца (2005)
«Современник»
  • «Аугенапфель» (Хармс Даниилан кхолламашца) (2008)
  • «Пока существует пространство» («Есалла мел ю») Гафт Валентинан

Фильмографи нисйе бӀаьра

  • 1989 — Картина (Сурт (фильм-спектакль)) — сецнарг
  • 2002 — Копейка (Кепек
  • 2002 — Главные роли (Коьрта ролаш) — Азаров
  • 2003Таксист
  • 2003Стилет — Монголхо
  • 2003Баркалла
  • 2003 — Серебро и чернь (Дети а, боьхалла а) (документалан)
  • 2004ГӀудан батальонЧепуров, инарла-майор, башха декъан хьаькам
  • 2004 — Четыре Любови (Йиъ Любовь) — Генрих
  • 2004 — Только ты… или богатая Лиза (Йа хьо… йа хьалдолу Лиза) — Гриша
  • 2004Бальзаковский возраст, или Все мужики сво… (Бальзакан хан, йа Берриг божарий…), 6-гӀа сери — Михаил, Юлин йоган хьехархо
  • 2004 — Джек-пот для Золушки (Золушкин джек-пот) — Ханский
  • 2005 — Пороки и их поклонники (Сакхташ а, уьш дезарш а (Росси, Украина)) — Расул, Архиповн бизнес-накъост
  • 2005 — Виртуальный роман (Виртуалан роман) — Андрей Астахов (коьрта роль)
  • 2005 — Авантюристка, фильм № 2 «Белый пиар» (Таллузхо, фильм № 2 «КӀайн пиар») — Олег Петрович Дубов, «Глобус» агенталлин долахо
  • 2005 — МУР есть МУР-3 (МУР йу МУР-3) — Алексей Борзов, «американхо»
  • 2005 — Верёвка из песка (ГӀамаран муш) — эпизод (титрашкахь вац)
  • 2006 — Из пламя и света (ЦӀерах а, серлонах а) — Василий Чилаев
  • 2006 — Театр обречённых (Догдилланчийн театр) — Сергей Сергеевич Верзин, Грановский Петран адвокат
  • 2006 — Игра в Шиндай (Шиндайх ловзар) — Регинин майра, Юра
  • 2006 — Золотые парни (Дешийн кӀентий (Росси, Украина) — майор Сафаров, ФСБ эпсар
  • 2007 — На пути к сердцу (Даган тӀебоьду некъ) — Азам, антиквар
  • 2007 — Кровавый круг (ЦӀийн гуо)
  • 2007Ленинан весет«Юность» («Къуоналла») журналан белхало
  • 2007 — Грустная дама червей (Сингаттаме цӀиен тӀадмийн дама) — Андрей
  • 2007 — Бешеная : Двойная игра (4-гӀа фильм) (Хьерайаьлларг : Шалха ловзар) — Удав
  • 2007Поцелуи падших ангелов (Эгна маликийн барташ) — Руслан
  • 2008Дахарал тӀаьхьаГена
  • 2008 — Песочный дождь (ГӀамаран догӀа) — Александр Дмитриевич
  • 2008 — Неуд по любви (Безамехь шиъ ду) — фотограф Минский
  • 2008Бовха шаЭдуард Ремнёв, шан тӀиера балетан коьрта хореограф (коьрта роль)
  • 2008 — ГИБДД и т.д. (НЛКХПИ а, иштта кхин а) — Тимур
  • 2009 — Братаны (Вежрий)— Вахтанг Георгиевич, сутенёр
  • 2009 — Питерские каникулы (Петарбухан каникулаш) — Геннадий
  • 2010 — 220 вольт любви (Безаман 220 вольт) — Борис Рудольфович Виннер, продюсер
  • 2010 — Голоса (Аьзнаш (1, 2, 8—15, 19 сереш)) — «Пациент»
  • 2010Ирсе тӀаьхьеАльберт, продюсер
  • 2011Хацапетовкера хьелийозархо-3 (Росси, Украина) — Герман Красовский, къу
  • 2011 — Хозяйка моей судьбы (Сан къадаран хӀусамнана) — Меркулов
  • 2012 — Странствия Синдбада: Путь на север (Синдбадан некъаш:Къилбаседехьа некъ) — Базу Бек
  • 2012 — Цена жизни (Дахаран мах (еш ю))
Аз дар
  • 2006 — Несравненная Екатерина (Ша саннарг йоцу Екатерина (документалан)) — текст йоьшу

СовгӀаташ нисйе бӀаьра

  • Российн Федерацин Хьакъдолу артист (2003), Республика Адыгейн Халкъан артист (2018)
  • Москохан совгӀат (2004) — Москохан Театран «ХӀокху заман пьесан ишколан» "ГӀала" спектаклан коьрта роль ловзаярна

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Творческий вечер Саида Багова. Пенза афиша. ТӀекхочу дата: 2012 шеран 15 август. Архивйина 2012 шеран 2 октябрехь
  2. Гостиная с Саидом Баговым.

Хьажоргаш нисйе бӀаьра