Базаревич, Сергей Валерианович

Базаре́вич Серге́й Валерианович (1965 шеран 16 март, Москох) — советийн а, российн а профессионалан баскетболхо, ловзуш вара Ловзар дӀахьо турслочун позицехь. Российн спортан хьакъ долу говзанча.

Базаревич Сергей Валерианович
Позици ловзар дӀахьо турсло
ТӀелета турсло
Локхалла 191 см
Возалла 79 см
Гражданалла
Вина терахь 1965 шеран 16 март({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:16|2|0}}) (59 шо)
Йина меттиг
Драфт КъБА , 1987

Командаш
Мидалш
Дуьненан чемпионаташ
Дети Аргентина 1990
Дети Канада 1994
Европин чемпионаташ
Дети Германи 1993
Универсиадаш
Деши Япон 1985 баскетбол
Пачхьалкхан а, ведомствийн а совгӀаташ

Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Чекхйаьккхина МПФОьА.

Йехачу хенахь Российн гулйина командин лидер вара. 1994 шарахь Базаревича контракт дира «Атланта Хокс» командица, цунах Къоман Баскетболан Ассоциацехь ловзу дуьххьарлера российхо хилира.

Ловзаран карьера нисйе бӀаьра

Профессионалан карьера йолийра 1983 шарахь, ЦСКА йукъахь ловзуш 1987/88 шо кхаччалц. 1988/89 шарахь дуьйна левзира Динамо (Москох) йукъахь 1991/92 шо кхаччалц.

1992/93 шарахь кхелхира Туркойчу, контракт йаздира «Йилдримспорца». 1993/94 шарахь левзира туркойн «Тофаш» йукъахь.

Гайтира ша Европин чемпионатехь 1993 а, дуьненан чемпионатехь 1994 а, цигахь йукъавахара турнирийн сийлаллин гулйина командашна, шена тӀе КъБА клубийн тидам бахийтира.

КъБАхь дебют йира 1994 шарахь, левзира «Атланта Хокс» йукъахь итт матч, йехира хӀора матчехь йуккъера барам кхоккха очко. Контракт дохийначул тӀаьхьа дехьавелира «Касерес» (Испани) йукъа.

1995/96 шарахь йухавирзира «Динамо» йукъа. 1996/97 шарахь йухавирзира ЦСКА. 1997/98 шарахь левзира туркойн «Тюрк Телеком» йукъахь. Шо чекхдолуш контракт дохийна йуха а кхийтира ЦСКАх. 1998/99 шо долийра, Российн чемпионатан лахара лигашкахь (масех матч йаьккхира «Химки» йукъахь, оцу хенахь Лакхара лигехь йара иза), декабрь чекхболуш дехьавелира италин клубе «Гориция» (1998/99). 1999/2000 шарахь левзира желтойн ПАОК (Салоники) йукъахь.

2000/01 шо дӀадаьхьира « Петарбухан лоьмаш» йукъахь, иза кхоьллинера йеккъа лераме европин турнирехь ULEB Евролигехь ловза. «Лоьмаш» ловза деза тоба, дикка чӀогӀа йара, жамӀ сингаттаме хилира. 10 матчехь ши толам бен ца баьккхина, команда йуьйхира.

2001 шарахь Гомельский Евгенийс Базаревич Сергейца цхьаьна кхайкхам бира «Динамо» йукъараллин Центран кхеташонан председателе Проничев Владимирега гӀолацар доьхуш, цуо аьтту бира «Динамо» клуб денйеш. Цхьаьна шарахь президент Гомельский Евгений а волу, ловза тренер Базаревич Сергей волу денйинчу «Динамос» некъ бира Б Суперлигера (шолгӀа ницкъаллица дивизион), цигахь чемпион а хилла, российн баскетболан хьалхейаккхаран лакхара дивизионе — А Суперлиге. «Динамохь» левзира 2002/03 шо кхаччалц.

Тренеран карьера нисйе бӀаьра

Базаревича тренеран гӀуллакх долийна 2001 шарахь москохан «Динамон» ловза тренер волуш, цунна хиира шарахь клуб российн баскетболан лакхара дивизионе кхачо. 2004 - 2007 шерашкахь Базаревич Сергей кхиира болх бан москохан ЦСКА кегийрхойн командица а, «ЦСК ВВС-Самара» коьрта хӀоттамца а, 2007 шарахь шен дарже москохан «Динамо» йухаверзалц. 2008-гӀа шарахь Базаревича йуьзира шен кхиамийн исписка Российн чемпионатан борзанца.

2010/2011 шо чекхдолуш «Динамон» коьрта командин гӀуллакх дӀадахийтаран таро дӀайелира, тӀаккха Базаревич Сергей коьрте хӀоьттира «ЦӀен ТӀемашна». Самарин командин коьртехь волу кхаа шарахь толамхо хилира ФИБА Кхайкхаран кедан 2012/2013, 2011/2012 а, 2012/2013 а шерашкара Российн кедан. 2013/2014 шо чекхдаьлча Базаревича йитира клуб.

2014 шеран июлехь краснодаран «Локомотив-Кубанца» йаздира кхаа шеран контракт. Командина хьалха хӀиттийра йаккхийра Ӏалашонаш: ВТБ Йукъара лигин финале йалар, Еврокедехь толар, амма «цӀерпоштнекъахой» севцира Еврокедан финалан 1/4 тӀегӀанехь а, ВТБ Йукъара лигин ахфиналехь а. Шеран жамӀашца «Локомотив-Кубань» пайда ийцира опцица, Базаревичца контракт дохийра.

2015 шеран декабрехь хилира италин «Кантун» коьрта тренер, цуьнан долахо оццу шеран ноябрехь хиллера российхо Герасименко Дмитрий.

2016 шеран январехь Российн божарийн гулйина командин коьрта тренер хӀоттийра[1]. ДӀаваьккхира къоман команда Токиора Олимпийн ловзаршка дехьа ца йалайелча[2].

Кхиамаш нисйе бӀаьра

  • Жимахошна йукъара Европин чемпион 1984.
  • ДЧ-90 а, ДЧ-94 а детин совгӀатхо.
  • ЕЧ-93 детин совгӀатхо.
  • ССРС чемпион 1983, 1984, 1988.
  • ССРС чемпионатан детин совгӀатхо 1985, 1986, 1990, борзанан совгӀатхо — 1992.
  • 1985 шеран Универсиадин чемпион.
  • Российн чемпион 1997, 1998.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

  • 100 лет российского баскетбола: история, события, люди: справочник / Автор-составитель В. Б. Квасков. — М.: Советский спорт. — 274 с.: илл. ISBN 5-9718-0175-9