Байеран билгалонаш
Байеран билгалонаш — Байер Иоганна шен седарчийн Uranometria (зорбатоьхна 1603) атласехь кховдийна желтойн абатан элпашца йина седарчийн билгалонаш. Шуьйра лелайо хӀинца а, оцу заманал тӀаьхьа дуккха а алсама седарчий дӀалоцу кхин билгалонийн системаш йукъайевллушехь.
Байеран билгалонийн хьесапан бух бу седарчий къегаран тӀехь: седарчийн гуламан уггаре къегина седа билгалбоккху α элпаца, шолгӀаниг — β и кхин дӀа
И бакъо, Байера даиманна а ца лелайора, наггахь кхин бехкамаш а лелабора. Иштта, гуламан седарчий цхьатерра къегина хилча, цуо тергоне оьцура дустаран хьал. Масала, ВорхӀ вешин ворхӀ седа гуламехь Чами астеризман седарчий билгала ца даьхна къогаллин низамехь, ткъа билгалдаьхна астеризмехь латтаран низамехь. Байеран кхин хьесап — седарчий охьатаӀар: цхьатерра къегина шина седанах хьалхе дӀалора алсама къилбаседехь болчу седина. Иштта, Близнецы гуламехь алсама къегина Поллукс лаьтта къилбехьа мелла а цулла къегина боцчу Касторал, цундела Поллукс билгалбаьккхина Близнецин β аьлла, ткъа Кастор — Близнецин α. Цкъацца Байера стенца куьйгалла до кхета хала ду. Масала, Доккха ЖӀаьла гуламан билгалдахаран низам чӀогӀа къаьста къогаллица декъарх (гуламан коьрта седа α CMa — Сириус боцург), хета шена ма-хеттара дича санна.
Цул сов, Байеран билгалонашкара цхьадолу седарчий кхечу гуламашна йукъахь ду хӀинца. Шина седан хьалха шишша цӀе йара: Шинаран β (γ Возничий) а, Андромедин α (δ Пегас).
Декъалу седарчий билгалдоху могӀанна тӀехулара элпаца, масала, Орионан π1, π2, π3, π4, π5, π6 .
Цхьадолу седарчий билгалдоху латинийн элпашца (могӀанийн a тӀера z тӀекхаччалц а, даккхий A тӀера Q тӀекхаччалц): масала, ВорхӀ вешин ворхӀ седин g (Алькор), ГӀургӀезан P. Даккхий элпашца R тӀера Z тӀекхаччалц билгалдоху хийцалун седарчий йукъа ца догӀу Байеран билгалонан системин.
Лахахь йалийна Байеран билгалонашца хӀоттийна седарчийн а, объектийн а жамӀан таблица. Байеран билгалонаш
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанХьажоргаш
бӀаьра нисйан- Список объектов Байера на wikisky(ингалс.)