Чухчахьера (лат. Ursa Minor) — стигалан Къилбаседа эхиган полюсан гергара седарчийн гулам. Стиглахь дӀалоцу 255,9 квадратан градусан майда, чохь бу бӀаьрго лоцу 25 седа.

Чухчахьера
лат. Ursa Minor   (д. д. Ursae Minoris)
Саьрмик (седарчийн гулам)Цефей (седарчийн гулам)КъилбаседаЖираф (седарчийн гулам)КохабФеркадЧухчахьерин дельтаЧухчахьерин эпсилонЧухчахьерин дзетаЧухчахьерин этаСаьрмикан хиСаьрмикан дзетаСаьрмикан альфа
Дацдар UMi
Символ Чен кӀорни
Дуьххьал тӀебалар 0h 00m тӀера °24h 00m  кхаччалц
ОхьатаӀар +66° тӀера °+90°  кхаччалц
Майда 256 кв. градус
(56 меттиг)
Видимо в широтах +90°  тӀера −0°. кхаччалц
Уггаре къегина седарчий
(седарчийн гуш болу барам < 3m)
Метеоран Ӏовраш
Лулара седарчийн гуламаш
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Чухчахьерин чохь тахана лаьтта Дуьненан Къилбаседа полюс, Къилбаседин маьӀиган бохаллин барамехь 40'. 2103 шарахь прецесси бахьнехь и барам лагӀлур бу 27’37".

Уггаре къегина гуламан седарчий:

Астеризмаш

бӀаьра нисйан

Жима Чами астеризмо стиглахь кхуллу амале дагахь лаьтта кеп. Йукъалоцу ворхӀ седа — α (Полюсан), β (Кохаб), γ (Феркад), Чухчахьерин δ, ε, ζ, η. Жима Чамино шен кепаца дагайоуьйту Боккха Чами астеризм, иза лаьтта ВорхӀ вешин ворхӀ седа гуламан гена йоццуш.

Чамин йистера ши седа (Кохаб а, Феркад а) шеш гойту Полюсан Хой астеризм.

 
Чухчахьера Уранин Куьзга атласера Саьрмико гуо бина

Гай Юлий Гигина чӀагӀдарца, антикин астрономин йукъа и седарчийн гулам балийна Милетан Фалеса, иза Клавдий Птолемейн «Альмагест» седарчийн стиглан каталогана йукъатуьйхира.

ВорхӀ вешин ворхӀ седа гулам желтойша лорура нимфа Каллисто, ткъа Чухчарийн гулам — цуьнан жӀаьла. Желтойн мифашца, Зевса лейина нимфа Артемида, Каллисто. Цуо вина кӀант Аркад. Нимфа а, шен бер а чӀирах хьалхадоккхуш, Зевса хьалабаьхна уьш стигла, Каллисто — Чухчахьера йина, ткъа кӀант — Волопас вина.

Стиглахь лахар

бӀаьра нисйан
 
Чухчахьера а, ВорхӀвешин ворхӀ седа а

Россехь дерриг шарахь го седарчийн гулам. Къилбаседа (Чухчахьерин α) карбархьама, ойланца дӀайахьа йеза Меракан (ВорхӀвешин ворхӀ седин β) а, Дубхен (ВорхӀвешин ворхӀ седин α) йукъара йукъаметтиг цуьнан йохаллин 5-зза совйолу. Россин уггаре къилбаседин кӀошташкахь гуламан декъан кульминаци хуьлу зенитан областехь, ткъа йисинчу меттигашкахь йерриг хенахь а къилбаседехь хуьлу.

Хьажа кхин а

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан

Литература

бӀаьра нисйан
  • Медведица Малая // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан