Байкалан-Амуран магистраль (йа БАМ; оьрсийн маттахь Байкало-Амурская магистраль, 1985-чу шарера схьа Ленинан комсомолан цӀарах Байкалан-Амуран аьчка некъ) — 4324 километр йохалла йолу Малхбале Сибрехула, Россин Гена-Малхбалехула чекхболуш некъ бу.

Дуьненахь аьчка некъашна юкъахь уггаре баккхийчарах цхьаъ бу. 1974—1984 шерашкахь биллина иза. Дукхачу хьолехь даим гӀypa лаьттачу зонехь биллина бу.