Байн сендарг (лат. Gratīola) — динбергкепарнаш (Plantaginaceae) доьзалера бецан дукхашерийн ораматийн тайпа.

Байн сендарг
Байса
Байса
— Байн сендарган тайпанан кеп
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Gratiola L., (1753)
Номенклатуран тайпа

Оьрсийн халкъан цІераш: авран, благода́тка, благода́ть, коневий трут, крова́вник, лихора́дочная трава́, мокне́ц[1].

Кхечу меттанашкахь: инг. Hedgehyssop, Hedge Hyssop, л.-луж. Hnadnička, лит. Raitinytė, нем. Gnadenkräuter, укр. Авран.

Ботаникан куц нисйе бӀаьра

 
Байса. О. В. Томен жайнин ботаникан иллюстраци
Flora von Deutschland, Österreich und der Schweiz, 1885

Цхьана шеран а, дуккха шеран а бецаш дерзан гІад а, дуьхь-дуьхьал дийнна хевшина я гІошмаш тІехь долу гІаш а ду.

Зезагаш цхьалха, нийса доцуш, гІашшан чоьтахь. Заза кІай, можо я цІие-можа, деха цІузам а, доца тамашийна сеттина ши балда ду. Лакхара балда дийнна я киртигаш евлла, лахара кхаа цхьатеррачу ларашца. Дургалш 4, царех 2 (ехо ю) хІу доцуш.

ХІу — хІоа кепара, дуккха а хІуш долу бот чохь.

Яржар нисйе бӀаьра

Юккъера Россехь ю цхьана тайпананарг - Байса (Gratiola officinalis L.). Хуьлу пачхьалкхан европин декъан аренан а, хьуьнан а зонашкахь, ТІехьарчу Кавказехь, Юккъера Азехь, Малхбузан Сибрехахь. Ткъа байса кхуьу Обан тогІенчохь – Иня а, Сузун а хишшан хикхочешна юкъахь, Мали Сузун а, Киприн а юккъехь, Мереть юртан уллохь. Хааелла Алтайн махкахь а, Омсан областехь а, Юккъера а, Жима а Азехь, Европехь а, Къилбаседа Америкехь а.

Кхуьу тІуьнчу меттигашкахь хиш хьовлху цанашкахь, хин бердашца, уьшалаш йистешкахула, тІуьнчу гІамаран латта тІиера коьллаш юкъахь.

Пайда эцар нисйе бӀаьра

Дарбанан Іалашонна лелайо заза долучу муьрехь кечйина йолу байсан буц (ораматан латтан тІехулара дакъа) а, гурахь аьхкина орамаш а.

Ораматан чІогІа чоьнаден, хьатІдаккхаран, Іаьттавайтаран, антигельминтан Іаткъам бу. ГІашшан спиртан настойка Іаткъам бо дагна горгалийн кенаш санна.

Халкъан медицинехь орамаш леладо Іаьттавайтаран, чоьнадаран, диуретийн молха санна; чоьраш гІийла елахь, Гоьта-лазар делахь. Чорпачуо юкъяларехь, асцитехь, гельминтозехь.

ТІехулара дакъа Здренкон бецаш юкъайогІу — уьш лелайо ахкаргийн папилломатозан, анацидан гастритан, хьеран даІан, гІуон дестаршан дарбана.

Эссенци лелайо гомеопатехь.

Халкъан медицинехь цуьнан чорпа лелайо дог гӀийла хилча, доӀхан, Ӏонжаран лазарна, асцитан, аменорейн, дисменорейн, зударийн цамгаршна, импотенцин, хоршана, гельминтозан; басаро цигаьрках безам бойу; чорпа, керла мут, хьакхар, порошок хьокхуш лелайо (тӀадоргаш, компрессаш, дӀасахьакхарш) пхенийн дестаршна, энашна, гематомашна, остеоалгина, энийн цамгарна, кхартана, панарицина. Керла аьтта буц тӀеюьллу энан, дестарна, дӀакхетчи цӀуокан кӀела цӀий дуссуш. Дакъийначу кепехь александрийн гӀан меттана леладо (сеннан гӀа) — Cassia acutifolia.

Байн сендаргах талу даларца Ӏаьттавайта веза, жигара бина кӀора мелла.

Талу даларан хьесапаш: алссама туйдалар, догкерчар, Ӏаьттавар, цӀийца а, эвнашца а чоьна, жаннаш лазар, пхенаш ийзор, даго лартӀахь болх цабар, коллапс, са ца даӀдалар.

Екъчу бецехь ду дӀевше гликозидаш, грациозид (грациолин) а, грациотоксин, алкалоидаш (0,2 %).

Байн сендарг дӀевше хилар доьзна ца Ӏа, хӀинццалц ма-моттара, цуьнца деган гликозидаш тобанера хӀумнаш хиларех, амма цуьнца ду кукурбитацинан гликозид — элатерицид.

Байн сендарг дика йац коча чуьйна долуш энтероколитна а, колиташна а, эрозиван гастритна, хьеран даӀан цамгарна, коча йоьхьан даӀан, йоьхь карзахдаларан синдромна.

Машенан аршакахь волчунна: кӀеззиг барам совбаьккхича я байн сендаргца алссама дарба лелийча тарло спектран баьццара дакъа ца ган.

Ботаникан классификаци нисйе бӀаьра

Кепаш нисйе бӀаьра

The Plant List 2010 шеран хаамашца[2], байн сендарган тайпана юкъатоьхна:

Седарчашца билгалйина кепаш кхуьу Российн а, гонахьарчу пачхьалкхашкахь а.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Авран // Толковый словарь живого великорусского языка : в 4 т. / авт.-сост. В. И. Даль. — 2-е изд. — СПб. : Типография М. О. Вольфа, 1880—1882.
  2. Species in Gratiola (инг.). The Plant List (2010). Version 1. Published on the Internet; http://www.theplantlist.org/. Royal Botanic Gardens, Kew and Missouri Botanical Garden (2010). ТӀекхочу дата: 2013 шеран 31 декабрь.

Литература нисйе бӀаьра

 
Викитекин логотип
Викитекехь ду  йозанаш
Gratiola темин

Хьажоргаш нисйе бӀаьра

  • Байн сендарг(ингалс.): хаамаш сайт тӀехь GRIN.
  • Грациола-авран // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907. Проверено 25 ноября 2008 г.