Бакаев Зайндин Хьасан (вин. 1959 шеран 8 февраль, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Хьалха-Мартанан кӀошт, ГихтӀа) — нохчийн историк а, йаздархо а, поэт а, публицист а[1].

Бакаев Зайндин Хьасан
ГӀуллакхан тайпа историк а, йаздархо а, поэт а, публицист а
Вина терахь 1959 шеран 8 февраль({{padleft:1959|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:8|2|0}}) (65 шо)
Вина меттиг ГихтӀа, Хьалха-Мартанан кӀошт, Нохч-ГӀалгӀайн АССР
Корматалла историк
Гражданалла Российн байракх РоссиБельгин байракх Бельги
Пачхьалкх Бельги
СовгӀаташ
Орден «Къоман Сий»
Орден «Къоман Сий»

1976 шарахь Хьасана чекхйаьккхира ГихтӀан йукъара №1 школа. 1977 тӀера 1979 шо кхаччалц СССРн эскарехь вара. 1983 тӀера 1988 шо кхаччалц Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан историн факультет чекхйаьккхина, оцу университетехь Ширачу Малхбален истори йоьвзуш вара иза. Оцу муьрехь Хьасан вара Нохч-ГӀалгӀайчохь археологин эхкаршдечехь жигара дакъалоцуш.

1987 шарахь Хьасан дикачу студентийн йукъара цхьаъ санна Москве хьажийра XXII Йерригсоюзан студентийн археологин конференцехь дакъалацархьама, цигахь цуна цхьалхачу даржан диплом йелира.

1987 шарахь Хьасан кхайкхира БуритӀе «Кавказ а, Ширачу Малхбален цивилизаци» цӀе йолу Йерригсоюзан Ӏилманан конференце, цигахь иштта дакъалоцуш бара бевзаш болу Ӏилманчаш И.М. Дьяконов, Г.А. Меликишвили, Вяч. Вс. Иванов, О.М. Джапаридзе, С.А. Старостин, А. Ю. Милитарев кхин а[1].

Библиографи

бӀаьра нисйан
  • «Брюссельский трамвай» Правозащитница Исмаилова Таиса (Тина Брюссель) Тайна Жеро Канта
  • Книга Хасана Бакаева "Тайна Жеро-канта"
  • Вечная война. Чеченцы глазами друзей и врагов
  • Бакаев 1989 — Бакаев X. З. Вайнахи, штрихи к портрету // Университетский вестник. Грозный. 1989. 23, 30 октября.
  • Бакаев 1990 — Бакаев X. З. Потомки Энея // Комсомольское племя. 1990. 12 июля.
  • Бакаев 1991 — Бакаев X. З. Расселение вайнахов в горах и на равнине: факты и домыслы // Проблемы происхождения нахских народов / Под ред. М. Б. Мужухоева. Шатой: Министерство культуры ЧИР, 1991. С. 30-31.
  • Бакаев 1997 – Бакаев X. З. Потомки Кавказа // Чеченец. 1997. № 9.
  • Бакаев, Дударев 1989 — Бакаев X. З., Дударев С. Л. К вопросу об истоках нартского эпоса // Кавказ и цивилизации Древнего Востока / Под ред. И. М. Дьяконова. Орджоникидзе: Ир, 1989. С. 72-73.
  • Бакаев, Нунуев 1991 — Бакаев X. З., Нунуев С. X. История в легендах // Голос Чечено-Ингушетии. 1991. 2, 5 февраля.
  • Бакаев Х.З. Кто мы? И откуда? // Республика. 1989. 14 апр.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан