Балоз
Балоз — ораматашна а, дийнаташна а йукъахь йаьржина липидийн маркхалш. Балоз дина липидийн молекулашна йукъа (тер ахӀоттам болу махьаршах къаьстина) ца догӀу глицерин.
Ингалс меттан ламастехь балозаш хуьлуьйту балозех тер ахӀуманийн шуьйра класс, царна йукъахь мехкдаьтта кхехкийна парафин а (деза кӀораводородан маркхал, дукхах дерг, асанан хӀоттам болу дозанера могӀа). оццу хенахь Йоккха советийн энциклопедино ло чӀогӀа билгало, боькъу натуралан а, синтетикин а балозаш[1]. ЙСЭца парафин банне а бац балоз.
Балозийн амалш ло жима химин жигараллица, хин чохь ца беша, амма дика беша бензин, хлороформ, эфир чохь.
Схьабовларца балозаш бекъа мегар ду дийнатийн а, ораматийн а тайпанашка.
Балоз Ӏаламехь
бӀаьра нисйанДийнатийн балозаш:
- Накхарийн балоз къаьста моз доккху мозийн башха Ӏийдаргашца, царех накхарша до алхаш;
- тӀергӀанчо (ланолин) ларбо дийнатийн тӀаргӀа а, цӀока а тӀуналлех, бехдаларх а, дакъадаларх а;
- спермацет доккху кашалотан спермацетан даьттанах;
Ораматийн балозашаша дуткъа чкъоьраца къовлу гӀаш, гӀодмаш, стоьмаш, Ӏалашдо уьш хино тӀадорах, дакъадаларх, зуламе микроорганизмех, наггахь резерван липидаш санна йукъадоьду хӀушна йукха (цунах олу жожоба «даьтта»).
Дукхаха долчу ораматаша йоккху эпикутикулин балоз олух Ӏума (и хӀума ган таро йу кела йаьхна наьрсашна а, даьхна хьечашна а тӀехь кӀайн тача кепара). Эпикутикулин балозо йухатуху ультрафиолетови а, инфрацӀен а зӀаьнарш, иза бахьнехь довза таро хуьлу Дуьненан «баьццара» дакъош спутникан суьрташца.
МаьӀданан балоз (озокерит) лаьтта коьртаниг уггаре дукха углеводородех.
Лелор
бӀаьра нисйан- Чиркхаш
- Йоттархьама лало моделаш кечйар, масала кепаш.
- балозан куьцашна дакъош кечдархьама (корта, куьйгаш, кхин а). Иштта балозан йукъа тоьхна хӀума хуьлу.
- Натуралан косметикехь — кӀадалшна, хьакхарна, лубриканташна дукъдийриш деш, балдех хьокху басаран, онда духӀин коьрта компонент
- Кхехкор.
- Мебель, дечиган хӀуманаш, паркетан цӀенкъа, мармар заьнгал дарехь а, Ӏалашдарехь а лело лакан а, мастикийн а дакъа. Хууш ду, кхин а XII бӀешарахь Равеннин мозаикин цӀенкъанаш а, тхевнаш а къагадора накхарийн балозца. XVI бӀешарахь дуьйна Францехь (тӀаьхьуо кхечу махкашкахь а) тӀедиллина дара паркетна а, дечиган цӀенкъана а балоз хьакхар[2].
- Гемостатикин даьӀахкан балоз лелабо даьӀахк чура оьху цӀий сацош, шуьйра лелабо нейрохирургехь. Дуьххьара кечбина XX бӀешо долалуш британин хирурго Горслей Виктора
- Балозграфехь оьшу (сурт дилларан говзаллехь) декъех цхьаъ.
- азйаздаран гӀирсийн — фонографийн валикашна а, дуьххьарлера дискашна а дуьллуш.
- Лыжашна хьокхуш, хохкуш дика шаршийтархьама а, сиха вахийтархьама а.
- Конкийн урс дика шаршийта.
- Балозашна регистраци йина кхачанан тӀетухурш санна E901—E903, лелабо кхачанан сурсаташ ларйархьама а, Ӏалашйархьама а (масала, стоьмаш, нехчанаш, кемпеташ), цӀанонан гӀирсаш (масала, цергийн тайнаш), медицинин Ӏалашонна (масала, таблеткийн кепара дарбанан препараташ къовлуш), кхин дӀа а.
- Цхьацца сетта лелха хӀуманийн дакъа санна.
- Лавин стогарш кечбеш.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанБилгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ Балози // Большая Советская Энциклопедия. 3-е изд. / Гл. ред. А. М. Прохоров. — М.: Советская Энциклопедия, 1971. — Т. 5. Вешин — Газли. — С. 377.
- ↑ Химия и жизнь: научно-популярный журнал Академии наук СССР.. — Наука, 1978. — 772 с. Архиван копи 2017 шеран 22 декабрехь дуьйна Wayback Machine тӀехь