Баси́р (Ӏаьр. بصير‎‎) — божарийн/зударийн Ӏаьрбех схьайаьлла цӀе, Ӏаьрбийн меттара гочдича хуьлу «гушверг», «хьекъале», «къастошверг», «дика бӀаьрсадерг»[1], «чекхсагург»[2], «сема». АллахӀан цӀарех цхьаъ[3]. Йаьржина ислам лелочу дукха къаьмнашна йукъахь.

Басир
بصير
Схьайалар Ӏаьрбийн
Сте-боьрша боьрша
Этимологин маьӀна Гушверг, хьекъале, къастошверг
Зударийн шала цӀе Басират
Бихкина йаззамаш

Аль-Басир (Iарб. البصيرаль-баси́р) — АллахӀан цӀе йоккхуш бен йаккха ца мега АллахӀа цӀарех цхьаъ йу. Аль-Басир цӀе хьахийна Къуръан чохь 20-зза[4]. Цуьнан доккха маьӀна ду, АллахӀан возалла гайтарехь. Исламан дешанчу наха иштта маьӀна даьккхина Аль-Басир цӀеран: Дерриг гушверг; Гушдерг а, Къайлахадерг а гург; Шен гарехь, уггаре жима хӀума а лоцург; Гуш долчу хӀуманех Шена ца гуш хӀума доцург[5].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Баранов Х. К. Арабско-русский словарь: ок. 42 000 слов.. — 3-е. — М.: Издатель Валерий Костин, 2001. — 944 с. — 2000 экз. — ISBN 5-901278-05-4.
  2. Сафаралиева Э. Я. Как тебя зовут? / ред. Н. В. Мухаметова. — Махачкала: Дагестанское книжное издательство, 1994. — 344 с. — Кеп:Число экз. — ISBN 5-297-00451-9.
  3. Басир // Татарские, тюркские, мусульманские мужские имена. Словарь терминов.
  4.  2:105,  2:110,  3:15,  4:58
  5. Аль-Басир // Прекрасные имена Аллаха.(ТӀе цакхочу хьажорг) Wasat.Ru