АллахӀан 99 цӀе

Portal.svg     Folder Hexagonal Icon.svg     Wiktionary-logo-ru.png     Wikiquote-logo.svg     Wikisource-logo.svg     Wikinews-logo.svg     Commons-logo.svg

АллахIан 99 цIе (Ӏаьр. أسماء الله الحسنى‎‎ — АллахIан хаза цIераш) — Къуръан а, Суннат а чуьра Делан исламера цIераш. Къуръанца: وَلِلّهِ الأَسْمَاء الْحُسْنَى فَادْعُوهُ بِهَا وَذَرُواْ الَّذِينَ يُلْحِدُونَ فِي أَسْمَآئِهِ سَيُجْزَوْنَ مَا كَانُواْ يَعْمَلُونَ — «АллахIан хаза цIераш ю; кхайкха Цуьнга цаьрца, бита Цуьнан цIерашца боькъурш. Шеш лелочунна мах оьцур бу цара!»[1].

Йукъара хаамашНисйе

 
«АллахI» йоза Рохтас гIопан тIулга тIехь (Пакистан)

Цхьана исписке тоьхна йолу АллахIан цIерийн барам, билгалбоккху Мухаммад пайхIамаран   дешнаша

  Бакъдолуш, АллахIан йоьзткъе ткъаясса цIе ю, бIен тIиера цхьаъ дIаяьккхича. ХIора а, уьш дагахь латтийнарг — ялсамана гIур ву.  

Къуръана тIедуьллу уьш дуIнашкахь лелаяр:

  АллахIан уггаре хаза цIераш ю. Цундела кхайкха Цуьнга цаьрца, бита уьш, Цуьнан цIераш къобал ца йийриш.
 7:180Къуръан
 

Академийн белхашкахь цIераш дукха хьолахь нисйо Къуръан чохь хьахаяран рогIехь. ТIаккха а ламаст хилла уьш нисъяр Iарбийн абатца. «АллахӀ» цIе дукха хьолахь йукъа цат уху цIерийн испискан, иза лору уггаре лакхара (al-ism al-'azam), дукха хьолахь бIолгIа цIе ю а олу. Къуръано цхьана кепара цIерийн исписка ца ло дера, тайп-тайпанчу ламасташкахь иза цхьаьна йа шина цIерца къаьстиш хила а тарло.[2]

Испискашкахь АллахIан цIераш ялайо Iарбийн меттан билгалчу артиклца аль-. Амма нагахь АллахIан цIе дуӀанехь фразин йукъахь а йоцуш йоккхуш елахь, ша, тIаккха аль- меттана олу йа- («Йа-Салям» — «ХIай, Дуьне кхоьллинарг!»).[3]

КлассификациНисйе

Ерриг 99 цIе билламе екъа мегар ду шина йа кхаана билгалонца. Цкъа хьалха, къастайо Делан сипаташ дуьйцу цIераш (adh-dhāt а, aṣ-ṣifāt а), ткъа шолгIа цIе схьаяларца: ламастан цIераш а, Къуръан чуьра цIераш а.[4] Исламехь ю дика кхетош билгалъяьхна классификацеш, масала, сипатийн цIераш йукъахь къастаяла таро ю къинхетаман а, къовламан а, хазаллин а, возаллин а, кхин а цIераш.[5]

«Танзих» (tanzīh) а, «ташбих» (tashbīh) а концепцеш гойту исламера антропоморфизман проблема. Танзихо Дела адамца вустар ца магадо. Кхечу агIора, адамо тIеоьцу деланиг танзихан ламастаца догIу шен дахаран кхетамца а, таронца а, цундела, гойту Дела Маьрша, Сийлахьверг, кхин а цIерашца. Ташбих нисса дуьхьала ду танзихан, цунна го цхьа хIума кхечу хIуманах тера дериг. Динан концепцехь цуо билгалдоккху деланиг гайта таро хилар Дала ша кхоьллинчуьнца. Ташбихан цIераш ю Къинхетаме дог дерг, Дезашверг, Къинхетам бийриг, кхин а.[6]

Къуръано боху,[Комм 1] цхьа а хIума кхочура йац АллахIе йа цунах тера а хир йац.[7] Вукха агIора, Къуръано вуьйцу АллахI адаман атрибуташца йа адаман дахарца — куьйгаш,[Комм 2] Iарш[Комм 3]. ТIаккха хаттарш кхоллало: Къаьсташ вуй техьа Дела ша кхоьллинчех, хIу бакъо йолуш гойту АллахI цуо коьллинчаьрца вустуш. Жоьпаш къовсаме ду классикан исламан динIаморехь. ХIинца уггаре яьржинарш ю матуридийн а, ашIарийн а АллахIан сипатийн а, атрибутийн а кхетаман концепцеш. Оцу концепцица, КIуръанехь а, хьадисехь а далош долу АллахI вийцар тIеиэца дезаш ду бакъдина.[8] При этом

Делан бу шен цхьан бен боцу къастам Ша кхоьллинчех, амма царах дерг ма-дарра [вайна] ца хаьа.

[9]

БакъонашНисйе

Масала, нагахь талорхой динчунна дохко бевллехь, тIаккха царна ца до хIоттийна таIзар. Ткъа тIетовжу хIокху Къуръанан аятан: «И ца догIу царна, дохко бевллачарна, шу царал толале. Шуна хоийла, АллахI — Гечдийриг, КъинхIетаме дог дерг ву!»[10] И ши цIе яккхаро тешалла до, АллахIа гечдо ишттачу нахана, къинхетам бо царех, хIоттийна кхелах кIелхьара бохуш.[11]

АллахIан цIерашНисйе

Iаьрбийн маттахь Транскрипци а, транслитераци а Гочдар Къуръанехь хьахаяр
1 الله Allāh 
АллахӀ
АллахI, Дела, Цхьаъ бен воцу Дела, Дуьххьарлера Кхуллушверг 2697 раз (1:1; 2:7-10, 15, 17, 19-20, 22-23, 26-28, 32; 3:18; 5:109; 20:14; 29:61; 59:18-19, 22-24; кхин дIа)
Гочдарехь иза дукха хьолахь «Дела» дешан синоним хуьлу, амма бусалбачарна «Al Lah» цуьнца цхьаьна «Цхьаъ волу Дела» хуьлу. Iаьрбий «АллахI» дешан этимологи хIинци а юьззина кхетийна а йац.[12] Адаман цIера йукъа яха тарло ишттачу кепехь, масала, Iабд-АллахI (Делан лай).[13]
2 الرَّحْمَنِ Ar-Raḥmān 
Ар-Рахьма́н
Къинхетаме, Массо диканиш дийриг, Къинхетаме догдерг, Хьох доглазашверг Аяташкахь а, хIора сурат долалуш а, иссалгIаниг доцуш. Сураташ долалуш доцург, Ар-Рахьман цIе Къуръан чохь хьахайо 56-за, уггаре дукха 19-гIа суратехь (1:3; 2:163; 6:133, 147; 13:30; 17:110; 18:58; 19:18, 19, 26, 44, 45, 58, 61, 69, 75, 78, 85, 87, 88, 91, 92, 93, 96; 20:5, 90, 108, 109; 21:26, 36, 42, 112; 25:26, 59, 60; 26:5; 59:22; кхин дIа а)
Из алело ца мега деккъа АллахIе кхойкхуш бен.[14] Цуьнан дукха маьIнаш ду, къинхетам кхетаман йукъа доьдуш. Цхьаболчу исламан Iелам наха, Мухьаммад пайхIамаран дешнаш тIетевжина, цIераш Ар-Рахьман и Ар-Рахьим схьайовлар лору Iаьрбийн къинхетам маьIна долчу дашах ar-Raḥman.[15] Iарамийш Iамочу Йоне Гринфельдца[en], Ар-Рахьман, ар-рахьим дашах къаьсташ, тIеэцна ду, цуо чолхе структура ло цуьнан маьIнийна.[16] Исламехь лору, Ар-Рахьман цIеран йукъа богIу берриг тайпана Делан (къинхетаме дог долу) къинхетам, ткъа Ар-Рахьимо билгалбоккху къинхетам беккъа тешаш болчарна.[17][18]
3 الرحيم Ar-Raḥīm 
Ар-Рахьи́м
Къинхетаме догдерг Аяташкахь а, хIора сурат долалуш а, цхьаъ доцург. Къуръан чохь хьахайо 114-за АллахIаца йоьзна. Дукхахдерг цуьнца цхьаьна хуьлу Аль-Рахьман цIе (1:1, 3; 2:37, 54, 128, 160, 163; 3:31; 4:100; 5:3; 5:98; 9:104, 118; 10:107; 11:41; 12:53, 64, 98; 15:49; 19:61; 20:108; 21:83, 112; 26:9, 104, 122, 140, 159, 17, 191, 217; 27:30; 78:38; кхин а)
Иза схьайаьлла лору ar-Raḥman дешах, къинхетаме догдерг бохург ду иза.[15] Исламан дин Iаморехь лору, Ар-Рахьман цIеро йукъалоцу Делан массо а тайпана къинхетамаш, ткъа оццу хенахь Ар-Рахьим и болх тешаш болчарна[17], из алело мега адаман амал юьйцуш.[19]
4 الملك Al-Malik 
Аль-Ма́лик
Паччахь  1:4Къуръан,  20:114Къуръан,  23:116Къуръан,  59:23Къуръан,  62:1Къуръан,  114:2Къуръан
Кхузахь вуьйцу паччахьийн паччахь, абсолютан Iедал карахьдерг, тергонца Iуналла деш волу шена тIаьхьавозучунна. ЦIе туьллуш лело мега, масала Iабдулмалик (Паччахьан лай).[16] Аль-Бухарин а, Муслиман а сахихьашкахь даладо Мухьаммад пайхIамаран дешнаш, Аль-Малик цIе ю уггаре нийса АллахI вовзийташ ерг уггаре лакхара паччахь санна.[20] И цIе Къуръанехь хьахийна кхаа лингвистийн кепара: al-Malik (пхоьазза), al-Mālik (шозза, хьажа Малик Аль-Мульк), al-Malīk (цкъа). Iаьрбийн маттара и дешнийн ду тайп-тайпана семантикан бесаш долуш хIоранна а, цара билгалдоху, хьена омар кхочуш до, хьена ду, цхьа хIума кхечунна бехкам бан йиш хилар. 99 цIе юьйцучехь семантикан башхаллаш йов, ткъа хIора кепо билгалчу аятехь ло акцент шен чулацаман. Ма-дарра аьлчи, церан уьйр ю шайна йукъахь Ар-Рахьман а, Ар-Рахьим а цIерийн санна[21].
5 القدوس Al-Quddūs 
Аль-Къудду́с
Сийлахь-Веза (Гал ца волург)  2:255Къуръан,  35:41Къуръан,  59:23Къуръан,  62:1Къуръан.
Бух тIехь лаьтта дош Quadusa, цIена, сийлахь бохург ду иза. Иштта цIе гочйо «уггаре цIена», цуо гойту, АллахI цIена хилар сакхтех, кхачамбацарех, адаман къинойх.[16]
6 السلام As-Salām 
Ас-Саля́м
ТIех цIена, Машар лург, аьтту, Машарбийриг, Ша бен воцург  16:96,97Къуръан,  25:75Къуръан,  50:31—35Къуръан,  59:23Къуръан.
АллахIа ларбо тешаш берш кхерамех. Машаран а, гармонин а хьост долуш, Цуо ло машар а, Iалашвар а бусалбачун.[22]
7 المؤمن Al-Mu’min 
Аль-Му́ъмин
Лардешверг, Кхерамазалла луш верг, Дин луш верг, Дин дIакхоьхьург, Лардарах тешам луш верг  9:25—27Къуръан,  9:40Къуръан,  15:45—48Къуръан,  46:26Къуръан,  59:23Къуръан.
Аль-Муъмин цIарчохь го шиъ аспект: Дела хьост цхьаьнаэшараллин а, Iалашонан а цхьаьна агIора, адаман даг чуьра динан хьост санна вукха агIора. Кхетадо, дин уггаре доккха АллахIан совгIат хилар, цуо Iалаш до муьлххачу а зуламах.[22] И цIе схьайолу хандашах «тешар», Iаьрбийн цIе муъмин санна.[23]

Тийшара тхо Цунах Цуьнан къинхетамца, Цуо бен ца латтабо кхерамазалла ша кхоьллинчарна, уьш массо а дог дохуш бу Цуьнан гIоьнна а, Цуо лардарна а.

8 المهيمن Al-Muhaymin 
Аль-МухIаймин
Лардархо, Iуналхо, Хьалхавериг, КӀелхьардохург  59:23Къуръан
Ма-дарра кепара хьахайо Къуръан чохь цкъа, амма маьIнийца АллахI вовзийтарца цкъа хьахийна ца Iа. «МухIаймин» дешан масех маьIна ду, ткъа хIокху меттигехь иза туьду машар латториг, лардийриг маьIнехь. Цуьнан теологин маьIна ду АллахI вовзийтар бусалбачеран гIуллакх лардийриг санна. Цуьнан кхин маьIно гойту АллахI, адаман дерриг дешнийн а, гIуллакхийн а теш санна, церан жамI лардийриг санна.[22] Иштта цIеран маьIна туьду адаман дика а, гIуо а леларш АллахIан хууш хилар а, уьш дерриш Лардеш долу тептарахь дIаяздина хилар дагадаийтар санна.[24]
9 العزيز Al-Azīz 
Аль-Ази́з
ХIуъа а далушверг, Дерриг далушверг, Толамхо 2:209, 220, 228, 240; 3:4, 6, 18, 62, 126; 4:56, 158, 165; 5:38, 118; 6:96; 9:40, 71; 11:66; 14:47; 16:60; 22:40, 74; 26:9, 104, 122, 140, 159, 175, 191; 27:78; 29:26, 42; 38:9, 66; 39:5; 48:7; 54:42; 57:1; 58:21; 59:1, 23-24;
Гойту, АллахIал сов ницкъ болуш цхьан а ца хилар.[22] АллахIан ницкъ гойтуш исламан динехь дагардо Дала адам кхоллар, адамийн гIуллакхаш,[Комм 4], муъминчарна ден гIо,[Комм 5] Ӏалам кхоллар, дерриг хIума а кхоллар.[25]
10 الجبار Al-Jabbār 
Аль-Джабба́р
ХIуъа а далушверг, КуьйгакIела балошверг, Турпал (Нуьцкъала нисбешверг), Иэшалунвоцург  59:23Къуръан,  68:19,20Къуръан,  26:33Къуръан.
Ламаст хилла и Iаьрбийн цIе гочъяр йоьзна ю ницкъан аспектца, куьйгакIела вало таро хиларца. Ингалсан гочдаршкахь лелайо термин The Despot, цуо гойту ойла, Делан терго цхьаьнга а ян лур ца хилар, кхин тIе, АллахIан ницкъ бу хIуъу а дайта, масала, оцу новкъа йа кхечу новкъа вахийтар. АллахIа бохучун тIаьхьа вазар уггаре дика харжам бу, АллахIан оцу диканца билгала доккху адаман хуьлу беркат. ШолгIа маьIна доьзна ду jabbarah дашца, иза дукха хьолахь гочдо «тIекхача дукха лекха». Оццура догIу, АллахI массарел а лакхахь хилар.[26]
11 المتكبر Аль-Мутакаббир ТIех сов волург 2:260; 7:143; 59:23;
Ерриг кхоьллинчу хIуманал тIех сов вериг; иза ву, кхоьллинчеран дикаллел лакхара дикалла ерг; бакъ сийдолу цхьаъ бен воцург; иза ву, шен духца дуьстича ша кхоьллина дерриг хIума кIад боцуш карориг, хIунда аьлчи дозалла дан хьакъ долуш Иза воцург цхьан а вац. Цуьнан дозалла гучудолу, Цуо цхьанне а ца ло бакъо претендент хила ша кхоьллинчун, Шен омарш, Iедал, лаам къийса. Цуо холчухIоттаво массо а, шена а, ша кхоьллинчунна а лакхара хьоьжушверг. АллахIан и цIе евза стага, АллахIа кхоьллинчунна тIехь къизалла а ца йо, лакхара а ца хьоьжу, хIунда аьлча къизалла — ницкъбар а, харцо а, лакхара хьежар а — ша айар ду, кхин берш ца безар ду, церан бакъонаш ца ларар ду. АллахIан дика лайшкахь хир йац къизалла. Уьш декхарийлахь бу шайн Паччахьо бохург дан.

NotesНисйе

  1. Кеп:Коран, Кеп:Коран
  2. Кеп:Коран
  3. Кеп:Коран
  4. См.  37:96Къуръан
  5. См.  2:249Къуръан

БилгалдахаршНисйе

  1.  7:180
  2. Byrne, 2011, pp. 81, 90, 94—95.
  3. Samat, 2001, p. ix.
  4. Campo, 2009, p. 17—18, 515.
  5. Byrne, 2011, p. 90.
  6. Byrne, 2011, p. 19—20.
  7. Byrne, 2011, p. 19.
  8. Campo, 2009, p. 45—46.
  9. Campo, 2009, p. 46.
  10. Коран. Сура 5, аят 34.
  11. Мухаммад б. Салих аль-Усеймин. «Идеальные правила, относящиеся к прекрасным именам и качествам Аллаха.» / Перевод с арабского Кулиева Эльмира Рафаэль оглы.
  12. Geisler, Saleeb, 2002, p. 16.
  13. Byrne, 2011, p. 95.
  14. Kathīr et al., 2003, p. 69.
  15. 1 2 Kathīr et al., 2003, p. 66.
  16. 1 2 3 Byrne, 2011, p. 96.
  17. 1 2 Kathīr et al., 2003, p. 67.
  18. Аль-Кахтани, 2009, p. 60.
  19. Kathīr et al., 2003, p. 68.
  20. Kathīr et al., 2003, p. 76.
  21. «In The Names of Allah». Ведущий: Билал Филипс. Al- Malek, Al-Maalek & Al-Maleek. Huda TV. June 27, 2008. Сери 14.
  22. 1 2 3 4 Byrne, 2011, p. 97.
  23. Аль-Кахтани, 2009, с. 71, 347.
  24. Аль-Кахтани, 2009, с. 142.
  25. Аль-Кахтани, 2009, с. 119—121.
  26. Byrne, 2011, p. 98.