Палчакх

(Башлакх тӀера хьажжина кхуза)
ХӀокху версин 4 хийцам талла безаш бу. ЧӀагӀйелла верси теллина (2023, 27 февраль).

Палчакх (абхаз. ахҭарԥа; абаз. хъатарпа; жӀай. башлихъ; адыг. шъхьарыхъон; азерб. başlıq; лаьзг. башлух; гӀалгӀ. палчакх; гӀебарт.-чергаз. щхьэрыхъуэн; кхарач.-балк. башлыкъ; гӀум. башлыкъ; ногӀ. баслык; хӀир. басылыхъхъисхаран ира бохь болу коьрта туьллург[1], йочанаш йа шелонаш йолуш куьйн тӀехула туьллург, цуо ларво шелонах, догӀанах, маьлхан товх[2][3]. Хуьлу шуьйра тӀемаш лаг гуонаха хьарчо. Исторехь лелора Къилбаседа Кавказан ламанхоша, цаьргара схьаэцна гӀазакхаша[4].

Оренбурган эскаран гӀазакхий башлакхаш а,говраш тӀе йовха хӀума а техкина (1874)
Арахьара суьрташ
Латтан тӀоьхулара эскаршна башлакхан сурт, 1862 шо]]
Арахьара суьрташ
Башлакхан сурт, 1899 шо

Башлакхаш Россехь моде йевлира 1830—1840 шерашкахь Наполеонан тӀемаш чекхдевлча. 1862 шарахь башлакхаш гӀазакхийн эскаршкахь йукъара коьрта тохкурш хилира, цул тӀаьхьа Российн тӀеман ницкъийн кхечу тайпанашкахь а[5]. Бабур-намеца (XVI бӀешо), башлакх совгӀатна лора кетарца цхьаьна[6]. Российн Императоран эскарехь иза йукъайаьккхира 1862 шарахь[7] а, 1877—1878 шерашкара тӀемехь чӀогӀа оьшуш хилира, малхбузаевропин эскаршкахь а зиен йолийра. Иштта, 1881 шарахь Тунисе хьажийна французийн эскаран йерриг тоба, башлакхашца йара[3].

Оьрсийн эскарехь лахара чинаша башлакх лелайора чоанца цхьаьна, тайп-тайпанара хьесапашца шайгахь болу гӀирсе хьаьжжина, коьрта тӀекхуссура йочанан хенан-хӀоттам хилча йа −5 °С лахара шело хилча[8].

Тюркаша башлакх олу томах — зуда йалочо нускалан дена-нанна ло мах, иза хуьлура ира бохь болу куй деха лергаш а долуш, лергаш логах хьарчадора коьртан тӀетуьллуш[3].

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. В некоторых регионах башлыком в просторечье называют капюшон вообще.
  2. Башлык // Военная энциклопедия : [в 18 т.] / под ред. В. Ф. Новицкого [и др.]. — СПб. ; [М.] : typus т-ва И. Д. Сытина, 1911—1915.
  3. 1 2 3 Башлык // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  4. А. Булатова, С. Гаджиева, Г. Сергеева. Одежда народов Дагестана: историко-этнографический атлас / Пущинский научный центр РАН, 2001. — С. 87—88.
  5. РУССКИЙ ВОЕННЫЙ МУНДИР XVIII-XIX веков. web.archive.org (2007 шеран 12 март). ТӀекхочу дата: 2021 шеран 17 август. Кху чуьра архивйина оригиналан 2007 шеран 12 мартехь Архивйина 2007-03-12 — Wayback Machine
  6. ЗАХИР АД-ДИН БАБУР->БАБУР-НАМЕ->СОБЫТИЯ 934-935 г. х. www.vostlit.info. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 8 сентябрь. Архивйина 2011 шеран 25 августехь
  7. Просмотр документа — dlib.rsl.ru. dlib.rsl.ru. ТӀекхочу дата: 2020 шеран 8 сентябрь.
  8. Устройство войск, служба и довольствие солдата: Сост. для полк. учеб. команд, ротных, эскадронных и батарейных школ. — Санкт-Петербург: кн. маг. «Нар. польза», 1891. — 81 с.

Литература

бӀаьра нисйан

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан