Коьрта меню схьаелла

ЖӀайхойн мотт (жӀай. мац̄I, магIарул мац̄I) (оьрс. аварский язык) — къилбаседа-малхбален кавказан мотт ДегӀастанахь, Россехь буьйцу. 600 000 стага буьйца жӀайхойн мотт, дукхах дерг ДегIастанахь. ЖӀайхойн абат кириллицан абатан бух тӀехь ю. Дош «МагӀарул мацӀ» жӀайхойн маттахь «Ломара мотт» маьIна ду.

КъамелIаморгНисъе

ЖӀайхойн Нохчийн
ВорчIами Маршалла (божарийн)
ЙорчIами Маршалла (зударийн)
РорчIами Маршалла ду шуьга
Салам Салам
Салам-гIалайкум Ассаламу Iалайкум
ВагIалайкум-салам Ва Iалайкум ассаламу
Щиб хIaл бугеб? Муха ду гIллакхаш?
Баркала, лъикI буго! Дика ду, баркалла
Дуда цIар щиб? Хьан цIе хIун ю?
Чан сон дур бугеб? Мас шо ду хьан?
Киве мун унев вугев? Стенга воьду хьо?
ТIаса лъугьа Бехк ма биллалахь
Мун вихьиялдаса дун вохарав вуго Девзина хаза хета
У ХIаъ
Нахъа лъикI рихьаги Iодика йойла
Гьайгьай Дера еза

ЖӀайхойн абатНисъе

ЖӀайхойн абат кириллицан абатан бух тӀехь ю. 51 элп ду абатахь. Нохчийн абатах чIогIа тера ю суьйлийн жӀайхойн абат. 1928-1937 шерашкахь жӀайхойн мотт латинийн абатан бух тӀехь яра.

А а Б б В в Г г Гъ гъ Гь гь ГI гI Д д
Е е Ё ё Ж ж З з И и Й й К к Къ къ
Кь кь КI кI КIкI кIкI Кк кк Л л М м Н н О о
П п Р р С с Т т ТI тI У у Ф ф Х х
Хх хх Хъ хъ Хь хь ХI хI Ц ц Цц цц ЦI цI ЦIцI цIцI
Ч ч ЧI чI ЧIчI чIчI Ш ш Щ щ Ъ ъ Ы ы Ь ь
Э э Ю ю Я я
 
Латинан бух тӀехь йолу жӀайхойн абат (1928—1937)


ДиалекташНисъе

ЖӀайхойн маттахь 15 меттадакъа ду. Къилбаседа ДегIастанахь Кхунжакх, Казбек, Гуниб, Гумбет, кхин а меттадакъош ду. Къилба ДегIастанахь Андалал, Гидатль, Антсукх, ЧӀарода, Тлярата, ЦӀумада, ЦӀунтӀа, кхин а меттадакъош ду[хьост?].

Кхин хьажаНисъе

БилгалдахаршНисъе

ХьажоргашНисъе