Белов, Александр Александрович
Бело́в Алекса́ндр Алекса́ндрович (1951 шеран 9 ноябрь, Ленинград — 1978 шеран 3 октябрь, циггахь) — советийн баскетболхо, ССРС спортан хьакъ долу говзанча (1972). Хьалхара а, цхьаъ бен воцу а тренер — Кондрашин Владимир. 1967 – 1970 шерашкахь «Спартак» (Ленинград) командин центровой а, форвард а[1].
Белов Александр | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Белов Александр 1972 шеран аьхкенан Олимпиадехь Мюнхенехь | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Позици | центровой / форвард | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 200 см | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Возалла | 95 кг | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла | ССРС | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина терахь | 1951 шеран 9 ноябрь | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Петарбух, РСФСР, ССРС | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина терахь: | 1978 шеран 3 октябрь (26 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Кхелхина меттиг | Петарбух, РСФСР, ССРС | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Драфт КъБА | 161-гӀа, 1975, Нью-Орлеан Джаз | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Баскетболан историн йукъавахна 1972 шеран Олимпийн ловзарийн баскетболан турниран финалан тӀаьххьарчу секундера шен толаман кхоссар бахьнехь, цуо толам беира ССРС гулйина командин АЦШ командин тӀаьхь. ССРС баскетболан гулйина команда дуьххьара хилира олимпийн чемпион, ткъа АЦШ гулйина команда исторехь дуьххьара ийшира Олимпийн ловзаршкахь.
Кхиамаш
бӀаьра нисйан- Олимпийн ловзарийн чемпион (1972)
- Дуьненан чемпион (1974)
- Европин чемпион (1969 а, 1971 а),
- ССРС чемпион (1975)
- Олимпийн ловзарийн борзанан совгӀатхо (1976)
- Дуьненан чемпионатан борзанан совгӀатхо (1970)
- Белов Александр йукъатоьхна ФИБА сийлаллин залан из адӀайоьллачу дийнахь — 2007 шеран 1 мартехь[2].
- «Сийлаллин билгало» орденца совгӀат дина (1972).
1973 а, 1977 а шерашкара таможнин девнаш
бӀаьра нисйан1973 шеран бӀаьста, ССРС гулйина команда АЦШ а, Латинан Америкера а турнера цӀайогӀуш, Шереметьево аэропортан таможнехь гучуваьлла «ССРС чу материалан мехала хӀумнаш чуйаран бакъонаш йохорна». А. Жармухамедовца а, М. Коркияца а, И. Дворныйца а «Мел веха дисквалификаци» йелла, гулйина командин йукъара дӀабаьхна[3]. Через некоторое время дисквалификация была снята.
1977 шеран 23 январехь, къийсамашка воьдуш ССРС чура араволуш таможнин тергонах чекхволуш, Белов Александран тӀоьрмиг чохь гучуйевлла цӀуш. ГӀовгӀа йаьлла, центран зорбанехь йаззамаш а хилла. Беловн спортан хьакъ долу говзанча цӀе дӀайаьккхина, стипенди дӀадаьккхина. Иза араваьккхира къоман гулйина командин йукъара а, «Спартакан» йукъара а (1977 шеран декабрь кхаччалц).
Жима контрабанда (къаркъа, Ӏов, видеотехника) оцу заманан советийн спортхошна доккха хӀума дацара. Цуьнца къовсам латто мехкан политикин куьйгалло гайтаман процесс йира гӀараваьллачу спортхочунна.
Тарло, Белов Александр йамартлонан кӀела вахна хила. Цхьаьна версица, иза стартан пхеаннан йукъара меттиг къовсар дара, цуьнан меттиг дӀалацархьама[4]. Кхечу версица, иштта гӀелйан гӀорта тарлора ленинградан «Спартак»[5].
Цамгар а, валар а
бӀаьра нисйанМасех шеран дохаллехь Белов Александр арз деш вара некхан у лазарна, «Спартакан» тренеро Кондрашинас садоӀуьйтара цуьнга хӀора матчехь цхьана-шина минотехь. Девно а, баскетболах дӀакъасторо чӀогӀа ницкъ бира спортхочун. 1978 шеран августехь Беловга кхайкхира къоман командин кечаман гуламе, амма масех де далале цунна гӀуо хийтира. Ши бутт балале, 27-гӀа шо долуш, иза велира наггахь бен ца хуьлучу цамгарх — деган ангиосаркомех[6]. ДӀавоьллина Ленинградера Къилбаседа кешнашкахь. Александран уллехь тӀаьхьа дӀавоьллира Кондрашин а.
Белов Александран деган препарат хӀоттийна Мечниковн цӀарах Къ-СММУ музейхь, церан клиникехь (оцу хенахь ЛенПИДУВ) дарба лелийра цунна[7].
Доьзал
бӀаьра нисйан- Овчинникова Александра — зуда (1977 шеран апрелехь дуьйна), баскетболхо, ССРС спортан хьакъ долу говзанча. Бераш дац.
Кинохь денвар
бӀаьра нисйан«Хьала эхар» (2017, реж. А. Мегердичев) фильмехь Белов Александран роль ловзийра Колесников Ивана.
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- ↑ «Александр Белов. В память о великом игроке» Архивйина 2019-04-20 — Wayback Machine — статья Виктора Кожбахтеева на сайте Basketball.ru
- ↑ Гомельский, Белов и Кондрашин включены в Зал славы ФИБАКеп:Ru icon
- ↑ Коркия Михаил Шотаевич
- ↑ «Эпизоды биографии Александра Белова» Архивйина 2016-02-04 — Wayback Machine на сайте «Знаменитости» http://persona.rin.ru
- ↑ «Сердце. Тайна смерти Александра Белова»(ТӀе цакхочу хьажорг) в газете Известия
- ↑ Куртов, Артем. Три секунды Мюнхена. Как сложилась судьба баскетболиста Александра Белова . Аргументы и Факты (2015 шеран 3 октябрь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 15 июль.
- ↑ Кеп:Cite lj