Латинан мотт — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 141:
 
Вайн эрал хьалхара II бӀешо чекхдолуш латинан мотт коьрта Италийн берриг мохк тӀехь хилла цаӀара, официалан пачхьалкхан мотт санна, чубаьржа румхоша къарйинчу [[Пиренейн ахгӀайре]]нан а, хӀинцалера къилбан [[Франци]]н а областашка. Румхойн салташкахула а, йохк-эцархошкахула а латинан мотт шен къамелан кепара карабо меттигерчу бахархойн массашна, схьабаьхначу махкашкахь [[Романизаци|романизаци]] яржаярехь иза уггар эффект йолу гӀирс хуьлу. Цу тӀе уггар жигара романи мотт тӀеоьцу уллора румхой лулахоша — [[Галли|Галлехь]] (хӀинцалера Францин, [[Бельги]]н, [[Нидерландаш|Нидерландин]] а, [[Швейцари]]н цхьацца дакъошкара мехкаш) баьхна [[кельташ]]. Румхой Галли яккха буьйлабелла вайн эрал хьалхара II бӀешеран шолгӀачу декъехь, схьаяьккхира вайн эрал хьалхара 50-гӀа шераш чекхдовлуш, [[Юлий Цезарь|Юлий Цезарь]] баьчча волуш дехха тӀемаш динчул тӀехьа ([[Галлин тӀом|вайн эрал хьалхара 58—51 шерашкара галлийн тӀемаш]]). Оццу хенахь румхойн эскарш уллера уьйре довлу [[Рейн (хи)|Рейнан]] малхбалехьа шуьйрачу кӀошташкахь дехачу [[Шира германхой|германхойн тайпанашца]]. Цезарь иштта шозза воьду [[Йоккха Британи (гӀайре)|Британе]], амма и йоцачу хенахь йинчу экспедицеш (вайн эрал 55—54 шо хьалха) ца хилира тӀехьало йолуш румхойн а, меттигерчу кельтийн а юкъаметтигашна. Цул тӀаьхьа 100 шо даьлчи, 43 шарахь бен, [[Британи румхоша яккхар|Британи ца яьккхира]] румхойн эскарша, уьш цигахь бисира 407 шо кхаччалц. Иштта, пхеабӀешарахь гергга, 476 шарахь [[Падение Римской империи|Руман империи йожжалц]], цигахь дехаш долчу Галлин а, Британин а тайпанашна а, ткъа иштта германхошна а боккха Ӏаткъам бо латинан меттана.
 
=== Классикан тӀаьхьара латина ===
Руман исбаьхьаллин литературан мотт классикан латинах къастабо, цунах классикан тӀаьхьара (тӀаьхьара антикан) муьран мотт олу, хронологица керлачу эран хьалхарчу шина бӀе шерашца нисло иза ([[Принципат|хьалхара империн]] мур). Бакъ ду, оцу хенан прозаикийн а, поэтийн а мотт ([[Сенека]], [[Публий Корнелий Тацит|Тацит]], [[Ювенал]], [[Марциал]], [[Апулей]]) къаьста къаьсташ йолчу шен кепарца; амма хьалхарчу бӀешерашкахь кхоллаелла латинан меттан грамматикан хӀоттаман норманаш йоха ца йо. Латинан меттан классикан а, классикан тӀаьхьара а аьлла бекъабаларан лингвистикал чӀогӀа литература Ӏаморан маьӀна ду.
 
== Меттан дуьненаюкъара юкъаметтиг ==