[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
Нисдарах лаьцна йаздина дац
МогӀа 16:
 
== ХӀинцалера хьуьжарш ==
Халкъан дешаран система [[1960-гӀа шераш]]кахь, дукхаха болу исламан мехкашкахь, хийцар бахьнехь, кхоллаелла коьрта шина тайпана хьуьжар: дуьненан амалан (халкъан дешаран системан чуйогӀу юккъера я лакхара юкъара дешаран ишколаш а, динан гӀуллакххой кечбеш, [[Къуръан]] Ӏамо хьуьжарш а. Пачхьалкхан а, конфессийн а йоцуш, болх беш ю кӀеззиг долара мехах Ӏамо хьуьжарш. Дуьненан белхан хьуьжрехь Къуръан Ӏамор декхарелахь бу.
 
== Хьуьжарийн архитектура ==
Хьуьжаран гӀишлойн архитектуран тайпа хӀоьттина бусалба дуьненан малхбалехь [[X бӀешо|X]]—[[XII бӀешо|XII бӀешерашкахь]] (Бухарера Фарджек хьуьжар, X бӀешо, ца йисина); Харгирдера Низамие, [[Иран]], XII бӀешо. XII—XIII бӀешерашкахь хьуьжарш йира Гергарчу Малхбалехь ([[Димашкъ]]ера ан-Нурия аль-Кубра хьуьжар, XII бӀешо, [[Аль-Мустансира хьуьжар|БагӀдадера Мустансирийа]], XIII бӀешо), [[XIII бӀешо|XIII]]—[[XIV бӀешераш]]кахь — къилбаседа Африкехь ([[Фес]]ера Саффарин хьуьжар, XIII бӀешо, [[КъахӀир]]ера Хьасанан, XIV бӀешо).