Хьуьжар (Ӏаьр. مدرسة‎‎, ма-дарра «Ӏамо меттиг») — бусалбанийн дешаран меттиг, цуьнан йукъара дешаран ишколан а, бусалбанийн син-мехаллин семинарин функци йу. Хьужарера дешар къаьстина а, маьхаза а ду. Хьужарера дешна бевллачеран бакъо ю университете дӀахӀитта.

Шердор хьуьжарСамаркандера уггаре евзачу кхха хьуьжрех цхьаъ, йоьттина 1619—1636 шерашкахь Регистан майданехь

Истори нисйе бӀаьра

Дуьххьарлера хьуьжар дӀайиллира 859 шарахь Мароккохь маьждигехь (Аль-Къаравуйин). Хьубжарш йаьржира IXXIII бӀешерашкахь алсама нах ислам дин лелош болчу мехкашкахь, царна йукъахь революцил хьалхарчу Российн цхьацца мехкашкахь (Бухара, Самарканд, Хива, Йуккъера ИйдалтӀие, Башкирийчоь, Кавказ, Къилба Урал, Сибрех, кхин а). Хьуьжар дӀайоьллура дукха хьолахь даккхийчу маьждигашкахь.

Хьуьжарш, идеологин охьатаӀоран гӀирс санна, ладаме институцин маьӀна хилла (вакуфашца цхьаьна), цигахь керла йеана бусалбачеран тӀеман элита дов латто дезаш хилла ораматаш тесна йисинчу, амма экономин агӀора гӀийла йолчу керсталлин институташца (масала, византихошкара схьаяьккхина Анатолехь 1071 шерал тӀаьхьа кхоллаелла Сельджукийн султанат)[1].

Дешаран Ӏамолаш нисйе бӀаьра

ХӀинцалера хьуьжарш нисйе бӀаьра

Халкъан дешаран система 1960-гӀа шерашкахь, дукхаха болу исламан мехкашкахь, хийцар бахьнехь, кхоллаелла коьрта шина тайпана хьуьжар: дуьненан амалан (халкъан дешаран системан чуйогӀу юккъера йа лакхара йукъара дешаран ишколаш а, динан гӀуллакххой кечбеш, Къуръан Ӏамо хьуьжарш а. Пачхьалкхан а, конфессийн а йоцуш, болх беш йу кӀеззиг долара мехах Ӏамо хьуьжарш. Дуьненан белхан хьуьжрехь Къуръан Ӏамор декхарелахь бу.

Хьуьжарийн архитектура нисйе бӀаьра

Хьуьжаран гӀишлойн архитектурин тайпа хӀоьттина бусалба дуьненан малхбалехь XXII бӀешерашкахь (Бухарера Фарджек хьуьжар, X бӀешо, ца йисина); Харгирдера Низамие, Иран, XII бӀешо. XII—XIII бӀешерашкахь хьуьжарш йира Гергарчу Малхбалехь (Димашкъера ан-Нурия аль-Кубра хьуьжар, XII бӀешо, БагӀдадера Мустансирийа, XIII бӀешо), XIIIXIV бӀешерашкахь — къилбаседа Африкехь (Фесера Саффарин хьуьжар, XIII бӀешо, КъахӀирера Хьасанан, XIV бӀешо).

 
Бухарера Улугбекан хьуьжар

1—2 гӀатлин хьуьжаран йукъайогӀу еакӀуо кертан гуонахьа йолу мутӀаӀалимаш беха цӀа, маьждиг, дешаран чоь. Хьуьжарш цхьаьна кепара елахь а, амма тайп-тайпана областашкара хуьжарш вовшех къаьста планировкица а, конструкцешца а. Йуккъерачу Азехь маьждиг а, дешаран чоь а гӀишлон корпус чохь хуьлу, кевнан шинне а агӀора (ков лаьтта коьрта фасадан семан тӀехь), Шемахь а, Мисрахь а цара дӀалоцу керта агӀора дӀайиллина учеш. Жима Азехь хьуьжаран керт дукха хьолахь къовлу йоккхачу нартолца. Азехь тхьов нартолех хуьлу, Къилбаседа Африкехь — герагца къевлина варкхалан тхьов. Хьуьжар кечйо стукко, тӀулг, дечиг агарца, ткъа иштта аьгна терракотаца а, хит уху экъанца а. Уггаре а дуьненан хазнех ю Фесера Бу-Инания хьуьжар (XIV бӀешо), Бухарера Улугбекан хьуьжар (XV бӀешо), Бухарера Мири-Ӏараб хьуьжар (XVI бӀешо).

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра