[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 65:
 
[[1632 шо|1632 шарахь]] дуьйна — [[Йоккха Британи]] мохк. 1674 шарахь Антигуан тӀехь дӀайийра дуьххьарлера шекаран эрзан аре. Ингалсхоша иштта йийра Антигуан тӀехь кхин а аренаш (бамба, [[тонка]], кокосаш), белхаш бан Африкера хӀуӀаьржа лайш чубалон буьйлабелира. Лолла дӀадаьккхира [[1834 шо|1834 шарахь]]. 1666—1667 шш. Антигуа дӀалецира Францис.
 
1671 ш. Антигуа а, Барбуда а [[Сент-Китс]], [[Невис]], [[Ангилья]], [[Монтсеррат]] гӀайренашца цхьаьна [[Мехна дуьхьалара гӀайренаш]] колонин юкъадоьду. 1689 ш. гӀайренаш тӀехь юкъаевлла дуьххьарлера урхаллин меженаш, уьш лаьттара лаьттан дайх а, латта лелорхойх а. 1816 ш. Мехна дуьхьалара гӀайренаш йийкъира шина декъе, амма 1833 ш. колони юха а меттахӀоттийра, ткъа Антигуа гӀайре цуьнан центр хилира.
 
[[1958 шо|1958]]—[[1962 шо|1962 шерашкахь]] Антигуа — [[Вест-ХӀиндин федераци]]н юкъахь ю, ткъа Мехна дуьхьалара гӀайренаш колони 1960 ш. официалан дӀаяьккхира.
 
[[1967 шо|1967 шеран]] февралехь Йоккха Британис Антигуан «Йоккха Британица ассоциаци йина пачхьалкх» статус елира, юьззина чоьхьара шен урхалла а долуш, Йоккха Британис мохк ларбаран а, арахьара юкъаметтигех жоп луш.
 
== Церах лаьцна ==