Анти́гуа а, Барбу́да а (инг. Antigua and Barbuda [ænˌtiː.ɡə ænd bɑːˈbjuː.də]) — иштта цӀе йолчу гӀайренаш а, Кегийра Антилийн гӀайренийн тобанера Редонда гӀайрен а тӀиера пачхьалкх (Карибийн хӀорд).

Антигуа а, Барбуда а
инг. Antigua and Barbuda
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Девиз: «Each Endeavouring, All Achieving
(Йукъараниг хуьлу хӀораннан къинхьегамца)»
Антигуан а, Барбудан а Пачхьалкхан Шатлакхан Илли
Файл:Fair Antigua instrumental.ogg
Маьрша йаьлла терахьаш 1 ноябрь 1981 (Йоккха Британех)
Официалан мотт ингалсан
Коьрта гӀала Сент-Джонс
Йаккхий гӀаланаш Сент-Джонс
Урхаллин тайпа Йоккха Британис куьйгалла ден ДоттагӀаллин йукъара маьрша пачхьалкх[1][2]
Паччахь
Инарла-губернатор
Премьер-министр
Карл III
Уильямс Родни
Браун Гастон
Латта
 • Шадерг 440 км² (181-гӀа дуьненахь)
 • % хина тӀехле кӀезиг
Бахархой
 • Мах хадор 93 581[3] стаг
ДЧС
 • Шадерг (2012) $1,579 миллиард долл. (172-гӀа)
 • ХӀораннан а сина $18,026 долл.
АДКИ (2019) 0,776[4] (лакхара; 74-гӀа меттиг)
Ахча Малхбален-карибийн доллар (XCD, код 951)
Интернет-домен .ag
Код ISO AG
Код МОК ANT
Телефонан код +1-268
Сахьтан аса -4
Автомобилийн некъаш аьрру[5]
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Бахархой — коьртаниг хӀуӀаьржа расан нах бу. Дукхаха берш динаца — протестанташ бу.

ДоттагӀаллин а, Америкин пачхьалкхийн кхолламан а декъашхо.

Пачхьалкхан корта — Йоккха Британин паччахьо, хӀоттийна инарла-губернатор.

Этимологи

бӀаьра нисйан

ЦӀе схьаяьлла испанийн дешах:Antigua — «шира» а, barbuda «маж йолу». Юьхьанца аравакаша «Вададли» цӀе тиллина долу Антигуа гӀайре, тахана а меттигерчу бахархоша «Вададлы» олу; карибаш, тера ду, Вайомони олуш хилла хилар. 1493 шарахь гӀайрен тӀехь хилла волу Колумб Христофора, Санта-Мария-ла-Антигуа (испан. Santa Maria la Antigua) цӀе тиллина хила тарло, Севильян кафедралан килсерчу иконин сийнна.

Антигуа а, Барбуда а гӀайренаш тӀе дуьххьара нах хевшина вайн эрал 3 эзар шо хьалха. Вайн эра долалуш кхузахь гучудевлира йуьртабахам лелош долу аравакийн тайпанаш. XIII бӀешарахь уьш аратеттира майрачу карибаша.

ГӀайренаш дӀадиллина 1493 шарахь Колумб Христофора шен шолгӀачу экспедицехь. Амма климатан халонаш а, карибийн тайпанаш тӀелетар бахьнехь дуккха лаьттира гӀайренаш тӀехь нах хевшина йарташ йоцуш.

1632 шарахь дуьйна — Йоккха Британи мохк. 1674 шарахь Антигуан тӀехь дӀайийра дуьххьарлера шекаран эрзан аре. Ингалсхоша иштта йийра Антигуан тӀехь кхин а аренаш (бамба, тонка, кокосаш), белхаш бан Африкера хӀуӀаьржа лайш чубалон буьйлабелира. Лолла дӀадаьккхира 1834 шарахь. 1666—1667 шш. Антигуа дӀалецира Францис.

1671 ш. Антигуа а, Барбуда а Сент-Китс, Невис, Ангилья, Монтсеррат гӀайренашца цхьаьна Мехна дуьхьалара гӀайренаш колонин йукъадоьду. 1689 ш. гӀайренаш тӀехь йукъаевлла дуьххьарлера урхаллин меженаш, уьш лаьттара лаьттан дайх а, латта лелорхойх а. 1816 ш. Мехна дуьхьалара гӀайренаш йийкъира шина декъе, амма 1833 ш. колони йуха а меттахӀоттийра, ткъа Антигуа гӀайре цуьнан центр хилира.

19581962 шерашкахь Антигуа — Вест-ХӀиндин федерацин йукъахь йу, ткъа Мехна дуьхьалара гӀайренаш колони 1960 ш. официалан дӀайаьккхира.

1967 шеран февралехь Йоккха Британис Антигуан «Йоккха Британица ассоциаци йина пачхьалкх» статус йелира, йуьззина чоьхьара шен урхалла а долуш, Йоккха Британис мохк ларбаран а, арахьара йукъаметтигех жоп луш.

1981 шеран 1 ноябрехь — маьрша пачхьалкх Антигуа а, Барбуда а (гочдичахь испан.  — «шира» а, «маж йолу» а).

Российн Федерацица дипломатин йукъаметтигаш йу (хӀиттийна ССРСца 5.01.1990).

Политикин система

бӀаьра нисйан
 
Сент-Джонсан центр

Антигуан а, Барбудан а политикин система билгалйоккху унитаран парламентан монархи олий. Антигуахь а, Барбудахь а болх беш йу вестминстеран модель, цуьнан амалехь йу башха хьолаца екъар а, Ӏедалийн геннийн йукъаметтигаш лелор а. Пачхьалкхан корта бу Йоккха Британин паччахь, цуо хӀоттаво инарла-губернатор, цуьнгахь йерш вакийлатан функцеш йу. Лейк-Тэк Луиза, 2007 шарахь Антигуан а, Барбудан а исторера инарла-губернатор хӀоьттина дуьххьарлера губернатор-зуда йу.

Министрийн Кабинет кхуллу харжамашкахь тоьллачу партин декъашхойх, премьер-министро (2014 шеран 13 июнехь дуьйна — Браун Гастон) аьлла йолу министрийн кандидатураш формалан къобалйо инарла-губернаторо. Премьер-министр ву правительствон корта, цуьнгахь ду кхочушдаран Ӏедал. Правительствос жоп ло парламентан хьалха, цуо цунна гайта таро йу цатешаран вотум (конституцин 73 яз.). Премьер-министро охьадуьллу шен дарж, нагахь парламент дӀасахецнехь йа кхечу меттигехь, цуьнан депутатийн мандат дайнехь йа цхьаьна хенан ницкъ дӀабаьллехь. Министран пост йов инарла-губернаторан омарца, цуо сацам бо премьер-министран дехарца, ткъа иштта премьер-министр йа парламент дӀасахецча.

Антигуан а, Барбудан а Законашкхолларан Ӏедал правительствехь а, парламентан шинне палатехь а ду. Шина палатан парламент лаьтта Сенаторех (17 сенатор) а, Палатан векалех (17 депутат) а.

Итт сенатор хӀоттаво инарла-губернаторо премьер-министро къобалбийриш, виъ сенатор — оппозицин тхьамдано къобалбийриш. Инарла-губернаторо цхьа сенатор хӀоттаво инарла-губернаторан оьшу аьлла хета социалан йа кхечу тобанийн лаамаш кхочашбаран векал вой. Инарла-губернаторо хӀоттийна сенатан цхьа декъашхо, Барбудан Законашкхолларан кхеташонан лаамийн векал ву, кхин цхьаъ а иштта хӀоттаво Барбудера премьер-министро къобалвийриг. Сенатор хила таро йу муьлхха а мехкан гражданин, 21 шерал къуона воцург, даиман а цуьнан махкахь вехаш волу ша хӀоттавале 12 бутт хьалха дуьйна (ст. 29).

Векалийн Палатан депутат хила таро йу, 21 шерал къуона воцу, харжале 12 бутт хьалха дуьйна гуттаренна а махкахь вехаш волу (ст. 38) муьлхха а мехкан гражданин. Векалийн Палатан депутаташ хоржу дуьххьала дӀа къайлаха дерриг къомо кхаж тасарца цхьаьна мандатан гуонехь (2010 ш. хьолашца — 17) мажоритаран системица (ст. 40). Парламентера цхьа меттиг йитина йу Барбуда гӀайренна. Жигара харжаман бакъо йу Антигуан а, Барбудан а 18 шо кхаьчначу гражданийн, ткъа иштта ДоттагӀаллин гражданийн (18 шерера дуьйна), нагахь пачхьалкхехь бахам белахь.

ТӀаьххьара харжамаш хилла 2009 шеран 12 мартехь. Харжамийн жамӀашца Цхьаьнатоьхна прогрессиван партис 9 депутатийн меттиг баьккхина, Лейбористийн партис — 7 меттиг, Барбудан Халкъан Болам — 1 меттиг.

Суьдан Ӏедал гойту Малхбален-карибан Лакхарчу суьдо (штаб-квартира йу Сент-Люсехь, цхьа суьдхо ву Антигуан а, Барбудан а резидент, Йукъара йурисдикцин суьдехь председатель а ву иза). Малхбален-карибан Лакхарчу суьдан системан хӀора пачхьалкхан-декъашхочун йу шайн Лакхара бакъонан суд, иза канцелярица цхьаьна белхан меттиг йу меттигерчу суьдхочун гуламан меттиг. Антигуа а, Барбуда а иштта йу Карибан нийсонан суьдан декъашхо.

Меттигера шеш шайна урхалла даран меженаш Антигуахь йац гӀайренан барам жима хиларна. Йерриг урхаллин функцеш лелайо къоман правительство. Леррина Барбудан регламент йо меттигера кхеташонан белхо, иза йу коьрта меже меттигерчу шеш шайна урхаллин гӀайренан тӀехь. Лелаш ду Барбудан меттигерчу шеш шайна урхаллин акт тӀеэцна долу 1976 шарахь. Меттигера кхеташо лаьтта 11 декъашхочух.

Административан йекъайалар

бӀаьра нисйан
 
Мехкан карта.

Антигуан а, Барбудан а мохк бекъна 6 гуон — Сент-Питер, Сент-Филип, Сент-Джордж, Сент-Джон, Сент-Мэри, Сент-Пол — кхин а 2 бозуш болу мохк — Барбуда а, Редонда а (ма-дарра дийцича дозуш долу мехкаш доцу, хӀунда аьлчи гойту шеш къасто йиш йоцу мехкан дакъош санна).

Гуо
  1. Сент-Джордж (Saint George)
  2. Сент-Джон (Saint John)
  3. Сент-Мэри (Saint Mary)
  4. Сент-Пол (Saint Paul)
  5. Сент-Питер (Saint Peter)
  6. Сент-Филип (Saint Philip)
Коьрта гӀала

Пигготс (Piggots)
Сент-Джонс (Saint John’s)
Боланс (Bolans)
Фалмут (Falmouth)
Парем (Parham)
Карлайл (Carlisle)

 
The Parishes of Antigua

Географин хьал

бӀаьра нисйан

Пачхьалкх лаьтта дикка доккхачу шина гӀайренах а, церан бердашна йисттерачу масех кегийра гӀайренех а. Антигуа — уггаре доккха (280 км²) а, адам охьахиина а ду. Барбуда гӀайре, лаьтта Антигуан 48 км къилбаседехьа, иза шен барамца шолгӀа гӀайре ду (161 км²). Жима тӀехь дехаш адам доцу гӀайре Редонда (1,6 км²), Антигуан 40 км малхбузехьа долу, иштта дакъа ду Антигуа а, Барбуда а пачхьалкхан. Малхбалехь Атлантикан океанан хиш ду, ткъа малхбузехь — Карибан хӀордан.

Ландшафтехь, коьртаниг, аренаш йу. Антигуан уггаре лекха меттиг — Богги гу (402 м) бу, ткъа Барбудан — 32 м.

Пачхьалкхан коьрта шахьар — Сент-Джонс гӀала, Антигуа гӀайрен тӀехь йу. Цхьаъ бен йоцу нах хевшина меттиг Барбуда гӀайрен тӀехь йу Кодрингтон.

ГӀайренаш тӀехь йу йовха тропикан климат, гуттаренна цхьа температура а йолуш. Уггаре дика хенан хӀоттам хуьлу — ноябрь чеккхенгара май болабаллалц.

ГӀайренийн дийнаташ гайтина, коьртаниг, луларчу хиш чура — маржанийн рифийн йукъараллин алсама йолчу орнитофауно.

Экономика

бӀаьра нисйан

Экономикин бух — туризм (60 % ДЧС).

2012 шеран хьолехь юьртабахамехь лелайо юьртабахаман культураш: бананаш, кхоьш, копаста, кхин копасткепарниш, жӀонк, хорсам, маниока, чили бурч, кхин бурчаш, бамба (бамбан хӀуш а, бамбан даьтта), наьрсаш (царна йукъахь корнишонаш), баклажанаш, хох, гӀабакхаш, кабачокаш, кхин сурсаташ, бадаржаш, хьаьжкӀаш; даьхний кхиадо.

Промышленность — бедарш тегар, вахон маларш дар.

Дуьненайукъара АКТ мехкийн кхоллам йукъайоьду.

2010 шарахь зорбатоьхна Дерригдуьненан банкан хӀора шеран классификацехь, Антигуа а, Барбуда а — «йукъарчул лакхара сан» экономика йолу мохк бу. 1982 ш. кхиа йолаелла офшоран бизнес, 1993 ш. буьйлабелтира кхолла офшоран банкаш, ткъа тӀаьхьарчу шерашкахь кхиа йолаелла офшоран ловзаран бизнес Интермаша лелош. Къоман кхиаран фонде инвестицеш йеш, пачхьалкхан облигацеш я гӀишлош, латта эцча Антигуан а, Барбудан а гражданалла ло.

Бахархой — 86,8 эз. (2010 шеран июлехь маххадийна).

Шарахь тӀекхетта — 1,3 %.

Бераш дуьнен тӀедовлар — 16,4 бер 1000 вахархочун (фертилалла — 2,06 бер цхьаьна зудчунна), баларш — 5,8 стаг 1000 вахархочух, 15 шо кхачанза бахархой дакъа — 28 %, 65 шо а, сов а — 7 %, иммиграци — 2,4 стаг 1000 вахархочух.

Дахаран йуккъера хан — 73 шо божарий, 77 шо зударий.

Этно-расан хӀоттам: хӀуӀаьржаниш — 91 %, мулаташ — 4,4 %, хӀукӀайниш — 1,7 %, кхин — 2,9 % (2001 шарахь бахархой багарбарца).

Грамоталла — 86 %.

ГӀалин бахархой — 30 %, йуьртан — 70 %. 15 шо кхачанза берш 26 % бахархойх, 15 тӀиера 65 шо кхаччалц берш — 67 %, 65 шерал совбевлларш — 7 %.

Антигуан а, Барбудин а Конституцис цхьаннен а динан официалан статус ца ло. Динан гӀуллакххойн бакъо йац парламентан декъашхой хила. Ишкол къастийна килсах, динан фактор политикехь ладаме роль ловзош йац. 2001 шеран бахархой багарбаран жамӀашца, уггаре яьржина тоба йу англиканалла (25 % мехкан берриг бахархойх). Антигуан а, Барбудин а динан хӀоттам къаьста керсталлин тайп-тайпана агӀонашца: ворхӀалгӀачу дийнан адвентисташ (12 %), шовзткъеиттаннаш (11 %), Моравин килсе оьхурш (11 %), Делан килсе оьхурш (4,5 %), католикаш (10 %), методисташ (8 %), баптисташ (5 %); кхин керсталлин агӀонаш (0,5 %). Кхин динаш леладо 2 % гергга бахархоша. Атеисташ а, муьлха дин леладо жоп ца делларш а 6 % бу берриг бахархойх.

Ингалсан мотт официалан бу, амма дукхаха болу меттигера бахархона буьйцу антигуан креолийн мотт. Барбудин акцент кӀеззиг къаьста антигуанчух.

Маршайаллале долчу шерашкахь, стандартан ингалсан мотт шуьйра баьржина бара антигуан матте хьаьжча. ТӀаьхьа антигуан креолийн матте шайн оьздангаллин ладаме аспекте санна хьежа буьйлабелира. Лакхара а, йуккъера а классаш къехка антигуан креолийн маттах. Дешаран системо дӀатоьтту антигуан креолийн маттахь хьехар, лелабо стандартан ингалсан маттахь.

Антигуан креолийн дукхаха долу дешнаш схьаэцна ингалсан а, африкин а меттанашкара. ГӀайренан тӀехь лело кицанаш африкин меттанашкахь ду.

Оьздангалла

бӀаьра нисйан

Антигуан а, Барбудин а оьздангаллин ингалсан амал. Къоман спортан тайпа крикет йу. Кхин хазахета спортан тайпанаш футбол, гатанан спорт, серфинг а йу.

Америкин поп-оьздангалло а, модо а иштта боккха Ӏаткъам бо. Дукхаха йолу мехкан массийн хаамийн гӀирсаш йукъабоьду баккхийн америкин машанашна. Антигуахой дика терго йеш бу америкин модин тенденцешна тӀаьхьа. Коьрта дизайнерийн сурсаташ духку Сент-Джонсан а, кхечу гӀаланийн а туьканашкахь, хӀетте а антигуахошна гӀоле хета леррина хӀума эца Сент-Мартене я Сан-Хуане боьлхуш.

Доьзало а, дино а ладаме роль ловзайо Антигуан бахархойн дахарехь. Дукха болу бахархой динан гӀуллакхашка оьху кӀиранан деношкахь.

Британин Вест-ХӀиндера Къоман карнавал дӀахьо хӀора августехь лолла дӀадаккхаран иэсанна лерина, хӀетте а цхьацца гӀайренашна тӀехь карнавал хьажийна хила тарло Сийлахь марха доладаларна лерина. Цуьнан даздаран леларш, къийсамаш, шоуш, кхин мероприятеш йу туристийн коьрта аттракционех цхьаъ.

Музыкин гӀарабаьлла мукъам бу калипсо а, сока а.

ХьаьжкӀаша а, мерза картолаша а ловзайо ладаме роль антигуан кухнехь. ГӀарадаьлла антигуан даар дукунаг Ӏаьнар тӀехь йохийна мерза картолах, дамех, чамбечарех йина курзнаш йу. Фунджи цӀе йолу даар ахьарх а, хих а йина паста йу.

Массийн хаамийн гӀирсаш

бӀаьра нисйан

Антигуахь арахоьцу шиъ хӀора дийнан газет: Daily Observer а, Antigua Sun а. Дуккха а Америкин телевизионан машанаш боцуш, гойту меттигера ABS TV 10 канало (йеккъа меттигера программаш гойту, цхьаъ бен доцу канал). Йу кхин а масех меттигера а, регионан а радиостанци. Долара радиостанцеш йу: «Обзервер Радио» (Observer Radio), «Крусэйдер Радио» (Crusader Radio, долахь йу ОПП), «ЗедДиКей Либерти Радио» (ZDK Liberty Radio), «Сан ЭфЭм» (Sun FM), «Карибиан Радио Лайтхаус» (Caribbean Radio Lighthouse).

ДоттагӀаллин дуккха а кхин мехкашкахь санна, крикет гӀарадаьлла спортан тайпа ду. 2007 шеран крикетан дуьненан чемпионат дӀайаьхьира Вест-ХӀиндехь. Антигуахь хилира 8 матч, уьш ловзийра сэр Вивиан Ричардсан цӀарах стадион тӀехь, иза йинера 2007 шеран 11 февралехь, чухоара 20 эзар гаргга стаг.

Футбол иштта чӀогӀа гӀарадаьлла спортан тайпа ду, къоман гулйина командин ладаме зиеделларг дацахь а. Кхоьллина профессионалан Антигуа Барракуда ФК команда, иза ловза йолайелла USL (лахара америкин профессионалийн футболан лига) 2011 шарахь.

Антигуахь кечбина масех дикка квалификаци йолу йайнатлетикахой. Уильямс Соняс а, Самуэль Хизара а мохк гайтира Олимпийн ловзаршкахь. Кхечу кхуьучу седарчашна йукъахь Кристиан Брендан а, Бэйли Даниэль а (100 а, 200 а метр бовдар), Грэймэн Джеймс (лакха кхоссавалар).

Антигуа кура хила мегар ду тӀех дика теннисхой, уггаре хьалха Филипп Брайан а, Эспозито Роберто а бахьанехь, дуьххьара гӀайренан рейтингехь 18 шо кхачале, ший а дакъа лоцуш ву ITF шен хенан категорица йогӀу турнирашкахь.

ПРООН «Адам кхиарх 2009» докладаца, Антигуан а, Барбудан а баккхийра бахархойн (15 шо а, лакхара а) грамоталлин тӀегӀа 2007 шарахь кхечира 99 %. Йуьхьанцара а, йуккъера а, лакхара а дешаран меттигашкара доьшучеран йукъара гайтам 2007 шарахь — 85,6 %, дешаран тӀегӀанан индекс — 0,945. Ишколан дешар тӀедиллина декхар ду 5-16 шо долчу берашна, иза маьхза ло пачхьалкхо. Дешаран законаца[6] пачхьалкхан а, долара а ишколаш йекъало лахара категорешка:

  • берийн бошмаш 5 шо кхачанза берашна;
  • йуьхьанцара ишколаш 5-12 шо долчу берашна;
  • йуккъера ишколаш 12-20 шо долчу берашна;
  • башха пхьолин а, техникин а дешар ло техникин ишколаш;
  • хьехархойн профессионалийн кечам бо хьехархойн колледжаш;
  • заьӀапа берашна лерина ишколаш;
  • шайна йукъахь лакхара а, башха а профессионалийн дешар долу кхин ишколаш.

Дешаран министраллин хаамашца махкахь йу 34 пачхьалкхан а, 28 долара йуьхьанцара а, 9 пачхьалкхан а, 6 долара йуккъера ишкол, ткъа кхин а 13 кхин дешаран кхоллам, царна йукъахь институташ а, колледжаш а[7].

Лакхара дешар

бӀаьра нисйан

Антигуахь а, Барбудахь а йу масех лакхара дешаран меттиг, масала, Антигуан пачхьалкхан колледж, Антигуан а, Барбудан а хаамийн технологийн институт, кхин а дуьненайукъара ишколийн филиалаш, царна йукъахь билгалйовлу Вест-ХӀиндин университет а, ГӀайренан академи а.

Медицинин дешар

бӀаьра нисйан

1998 шарахь Антигуас а, Барбудас а Карибашкахь медицинин хьашташ кхочушдарехь хьалхарчу меттигашка бовла къоман программа тӀеэцна. Оцу программин дакъа ду Карибашкахь уггаре технологица хьалхара дарбанан цӀа дар — Медицинин йукъ Сент-Джон. ХӀинца Антигуа гӀайренан тӀехь болх беш йу шиъ медицинин ишкол, 2004 шарахь йиллина Антигуан Америкин университет[8]а, 1982 шарахь йиллина МогушаллаӀалашйаран университет а[9].

Дуьненайукъара йукъаметтигаш

бӀаьра нисйан

Антигуас а, Барбудас а дипломатин йукъаметтигаш хӀоттийна 72 мехкаца, царна йукъахь Российн Федерацица (хӀоттийна ССРСца 1990 шеран 5 июнехь). Российн Ямайкера векал Антигуан а, Барбудан а ву цхьаьна хеннахь. Вакийлаташ дӀайиллина АЦШхь а, Йоккха Британехь а, Кубехь а, инарлин консулаллаш йу кхин а Канадехь а, сийлахь консулаш бу 4 махкахь. Ша Антигуахь йу Кубин, Цийчоьнан, Венесуэлин вакийлаташ, ткъа кхин а цхьа могӀа мехкийн сийлахь консулаш а бу[10]. Уггаре дика уьйр йолу дипломатин йукъаметтигаш ничйелла Венесуэлица.

Российн Федерацин гражданийн бакъо йу виза йоцуш 6 баттана махкахь Ӏан.

Антигуа а, Барбуда а Вовшахтоьхна Къаьмнийн Кхолламан, Латинан Америкин а, Карибан майданан а мехкийн альянсан, Къаьмнийн доттагӀаллин, Карибан йукъараллин, Малхбален-Карибан пачхьалкхийн кхолламан, Америкин пачхьалкхийн кхолламан, Дерригдуьненан махлелоран кхолламан, Малхбален-карибан регионан кхерамзаллин декъахо йу. Кхин а Дуьненайукъара зуламан суьдан декъахо йу.

Тайп-тайпана белхаш

бӀаьра нисйан

Антигуан а, Барбудин а ТӀеман ницкъаш лаьтта (Royal Antigua and Barbuda Defence Force) 1 гӀашлойн батальонах (185 салти а, эпсар а).

Хьажа ишта

бӀаьра нисйан

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Государства и территории мира. Справочные сведения // Атлас мира / сост. и подгот. к изд. ПКО «Картография» в 2009 г. ; гл. ред. Г. В. Поздняк. — М. : ПКО «Картография» : Оникс, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295-7 (Картография). — ISBN 978-5-488-02609-4 (Оникс).
  2. Атлас мира: Максимально подробная информация / Руководители проекта: А. Н. Бушнев, А. П. Притворов. — Москва: АСТ, 2017. — С. 85. — 96 с. — ISBN 978-5-17-10261-4.
  3. Antigua and Barbuda. ТӀекхочу дата: 2017 шеран 27 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2017 шеран 20 сентябрехь Архивйина 2017-09-20 — Wayback Machine
  4. Human Development Indices and Indicators 2019 (инг.). Программа развития ООН. — Доклад о человеческом развитии на сайте Программы развития ООН. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 29 декабрь. Архивйина 2019 шеран 9 декабрехь
  5. http://chartsbin.com/view/edr
  6. Министерство образования Антигуа. Архивйина 2010 шеран 18 майхь
  7. Список школ Антигуа. Кху чуьра архивйина оригиналан 2010 шеран 24 майхь
  8. Сайт Американского университета Антигуа. ТӀекхочу дата: 2019 шеран 28 ноябрь. Архивйина 2019 шеран 6 декабрехь
  9. Сайт Университета здравоохранения. ТӀекхочу дата: 2010 шеран 3 июль. Кху чуьра архивйина оригиналан 2011 шеран 24 февралехь
  10. Сайт Министерства иностранных дел Антигуа и Барбуда. Архивйина 2010 шеран 17 майхь

Литература

бӀаьра нисйан
  • Горов В. В. Антигуа и Барбуда — история и современность // Латинская Америка. 2012. № 1. С. 72—81.

Хьажоргаш

бӀаьра нисйан