ТӀехьа-Мартанан кӀошт — Версийн башхалла

[теллина верси][теллина верси]
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 77:
== Истори ==
ТӀехьа-Мартанан кӀошт йиллина [[ЕЦКхК]] Президиуман сацамца 1935 шеран 23 январехь [[Нохч-ГӀалгӀайн автономин область|Нохч-ГӀалгӀайн АО]] ([[Къилбаседа-Кавказан мохк]], [[РСФСР]], [[ССРС]]) йукъахь. КӀоштан мохк кхоьллина НГӀ АО [[Хьалха-Мартанан кӀошт| Хьалха-Мартанан]], [[Соьлжин кӀошт (Нохч-ГӀалгӀайн АССР)|Соьлжин]], [[Галашкен кӀошт|Галашкен]] кӀошташ кегийра йаран чоьтах. 1936 шарахь кӀошт хилира [[Автономин республика|автономин республикин]] йукъахь — НГӀ АО Къилбаседа-Кавказан мехкан йукъара а йаьккхина йира [[Нохч-ГӀалгӀайн АССР]]. 1944 шарахь кӀоштара вайнехан бахархой, кхин долу [[ССРС къаьмнаш махкахдахар|ССРС махкахдаьхна къаьмнашна санна]], [[Йуккъера Ази|Йуккъера Азе]] ([[Кхазакхийн ССР|Кхазакхийн]] а, [[ГӀиргӀазойн ССР|ГӀиргӀазойн а ССР]]) [[Вайнах махкахбахар|депортаци йира]] советийн правительство. НГӀ АССР дӀайаьккхира, ТӀехьа-Мартанан кӀоштан а, ТӀехьа-Марта эвлан а цӀе хийцира РСФСР [[Соьлжа-ГӀалин область|Соьлжа-ГӀалин областан]] Новосельски кӀошт а, Новосельски эвла а. Оццу шарахь кӀоштах туьйхира дӀайаьккхинчу [[ГаланчӀожан кӀошт]]ан латтанаш. 1957 шарахь, [[ССРС къаьмнийн депортаци#Реабилитаци|вайнахан реабилитаци]] йар бахьнехь, дукхаха болу депортаци йинарш цӀа бирзира, кӀоштан а, эвлан а йухайерзира хьалхара цӀераш{{sfn|Офиц. сайт села Ачхой-Мартан|2020|с=}}.
 
1963 шарахь ТӀехьа-Мартанан кӀошт дӀа а йоккхий дӀатуху Хьалха-Мартанан кӀоштах, амма шиш о даьлча, 1965 шарахь, [[Российн Лакхара кхеташонан Президиум|РСФСР Лакхара кхеташонан Президиуман]] омарца ТӀехьа-Мартанан кӀошт метахӀоттийна{{sfn|Офиц. сайт села Ачхой-Мартан|2020|с=}}.
 
=== Административан дозанаш а, статус а чӀагӀйар (2008) ===
 
== Бахархой ==