ТӀехьа-Мартанан кӀошт
ТӀехьа́-Ма́ртанан кӀошт (оьрс. Ачхой-Мартановский район[7]) — Российн Федерацин Нохчийн Республикин йукъара административан-мехкан дакъа а, муниципалан кхоллам а (муниципалан кӀошт).
Административан кӀошт | |||||
ТӀехьа-Мартанан кӀошт | |||||
---|---|---|---|---|---|
оьрс. Ачхой-Мартановский район | |||||
![]() | |||||
|
|||||
43°11′18″ къ. ш. 45°16′43″ м. д.HGЯO | |||||
Пачхьалкх | |||||
Йукъайоду | Нохчийн Республикин | ||||
Цунна йукъайоду | 12 муниципалан кхоллам | ||||
Адм. центр | ӏашхой-Марта, Тӏаьхьа-Марта[1] | ||||
Хучиев Темирлан Мохьмадан воӀ | КӀоштан администрацин корта | ||||
Ахмедов Ӏусман Хизиран воӀ | Меттигера ша-шен урхаллин председатель | ||||
Истори а, географи а | |||||
Кхоллар | 1935 | ||||
Латта |
753,21[4]
|
||||
Локхалла | |||||
• Максималан | 3500 м | ||||
• Минималан | 100 м | ||||
Сахьтан аса | MSK-3 (UTC) | ||||
Экономика | |||||
ДЧС | 5,5 млрд. сом | ||||
Бахархой | |||||
Бахархой |
↗91 157[5] стаг (2020)
|
||||
Динан хӀоттам | бусалбанаш-суннийш | ||||
Идентификаторан терахьаш | |||||
Код ОКТМО | 96602000 | ||||
Телефонан код | 87142 | ||||
Официалан сайт | |||||
![]() |
|||||
![]() |
Административан йукъ — ТӀехьа-Марта эвла.
Географи
бӀаьра нисйанКӀошт лаьтта Нохчийн Республикин малхбузехь, озийна йу меридиана нагӀора. Малхбузехь доза ду Нохчийчоьнан Эна-Хишкин кӀоштаца, къилбаседехь — Соьлжа-ГӀалин кӀоштаца, малхбалехь — Хьалха-Мартанан кӀоштаца, къилба-малхбалехь — Итон-Кхаьллин кӀоштаца, къилба-малхбузехьа — Республика ГӀалгӀайчоьн Соьлжин а ЖӀайрахьан кӀошташца. КӀоштан майда 2020 шеран январехь дуьйна йу 753,21 км²[4] (по данным на конец 2018 года — 1152,83 км²[8]), 2020 шеран 1 январехь майда жимйелла Бумматан йуьртан меттиг а, Ӏашхой-КӀотар а Эна-Хишкан кӀоште, кхин а нах ца хевшина мехкан дакъа дӀаделла Хьалха-Мартанан а, Шуьйтин а кӀошташка.
КӀошт лаьтта Доккха Кавказан дукъан кӀажошкахь, КӀоштехула дахделла лаьтта Хьалхара Кавказан коьрта кхаа дукъах шиъ — Хьаннийн а, Тархийн а; кӀоштан къилбаседе чудогӀу кӀеззиг Соьлжин дукъ, къилбехьа ду — Мордламанан дукъ. Уггаре даккхий лаьмнаш — Ахчинкорт, БарзантӀи (2511) БозгентӀи (1540,0), ДаргӀкорт, Мордлам, Балой-Лам (2029,9) Хьайха (2162,8), Хьена-Бало-Корт (790,2), ЦӀиет-лам (3031) Чал-Гамми-Корт (760,7). Корта эркаш — Ӏаьс-хи, Ӏашхи, Валарг-хи, Нитхи, Соьлжа, Марта, Шалажа; ду Ӏаьмнаш — Галайн-Ӏам, Гиха-Ӏам. Климат континентан, йерриг схьалаьцча кӀошт лаьтта йочанаш ца тоьу зонехь. КӀоштахь алсама ду байн, ламанан-байн, хьаннийн, Къовкъаран тайпана латтанаш, кхин а хаало йеза сацкъар-гӀум[9].
Истори
бӀаьра нисйанТӀехьа-Мартанан кӀошт йиллина ЕЦКхК Президиуман сацамца 1935 шеран 23 январехь Нохч-ГӀалгӀайн АО (Къилбаседа-Кавказан мохк, РСФСР, ССРС) йукъахь. КӀоштан мохк кхоьллина НГӀ АО Хьалха-Мартанан, Соьлжин, Галашкен кӀошташ кегийра йаран чоьтах. 1936 шарахь кӀошт хилира автономин республикин йукъахь — НГӀ АО Къилбаседа-Кавказан мехкан йукъара а йаьккхина йира Нохч-ГӀалгӀайн АССР. 1944 шарахь кӀоштара вайнехан бахархой, кхин долу ССРС махкахдаьхна къаьмнашна санна, Йуккъера Азе (Кхазакхийн а, ГӀиргӀазойн а ССР) депортаци йира советийн правительство. НГӀ АССР дӀайаьккхира, ТӀехьа-Мартанан кӀоштан а, ТӀехьа-Марта эвлан а цӀе хийцира РСФСР Соьлжа-ГӀалин областан Новосельски кӀошт а, Новосельски эвла а. Оццу шарахь кӀоштах туьйхира дӀайаьккхинчу ГаланчӀожан кӀоштан латтанаш. 1957 шарахь, вайнахан реабилитаци йар бахьнехь, дукхаха болу депортаци йинарш цӀа бирзира, кӀоштан а, эвлан а йухайерзира хьалхара цӀераш[10].
1963 шарахь ТӀехьа-Мартанан кӀошт дӀа а йоккхий дӀатуху Хьалха-Мартанан кӀоштах, амма шиш о даьлча, 1965 шарахь, РСФСР Лакхара кхеташонан Президиуман омарца ТӀехьа-Мартанан кӀошт метахӀоттийна[10].
Административан дозанаш а, статус а чӀагӀйар (2008)
бӀаьра нисйан2000-гӀа шерашкахь муниципалитеташ НР факт хилла йан а йацара, церан меттана болх беш йара пачхьалкхан Ӏедалан меженаш. 26 июнехь Соьлжа-ГӀала веира РФ АП куьйгалхо С. Е. Нарышкин а, цуьнан хьалхара гӀовс В. Ю. Сурков а, меттигера шеш-шайна урхаллин белхан лерина НР Правительствон хийшамашкахь дакъа лацархьама. С. Е. Нарышкина Ӏалашо хӀоттийра НР меттигера шеш-шайн урхаллин меженаш кхолла аьлла, иза чекхдаккха деза уггаре дукха а цхьана шарахь эха шарахь, ткъа В. Ю. Сурков дӀахьедира, иза хир бу НР метахӀотторан чаккхенан мур, цул тӀаьхьа иза хир йу кхин йолу РФ регион санна[11]. Иза бахьнехь, НР Президента Р. А. Кадыровс тӀедилларца, республикин Ӏедало йолийра муниципалан кхолламан дозанаш хӀитторан процесс (из адӀахьо 2003 шарахь тӀеэцна РФ № 131-ФЗ йолу законаца «Российн Федерацин меттигера шеш-шайн урхалла кхолларан йукъара хьесапех лаьцна»[12])[13]. НР Парламентан I-ра кхайкхаман депутаташа, шеш дӀасахецале хьалха, тӀеийцира цхьаьна итт закон, уьш хьакхалуш дара республикин муниципалан кхолламашха[14]. Кхечарна йукъахь, 2008 шеран 14 июлан № 40-РЗ йолу Законаца цара чӀагӀдира ТӀехьа-Мартанан муниципалан кӀоштан административан дозанаш а, статус а, иштта цунна йукъайоьду йуьртан меттигаш а[К. 1].
Административан дозанаш хийцар (доза 2019—2020)
бӀаьра нисйан2019 шеран 2-гӀачу декъехь НР куьйгалхочо Р. А. Кадыровс НР муниципалитетийн дозанаш хийцаран белхаш долийра. 2019 шеран 8 сентябрехь кхажтасаран йукъара дийнахь НР 7 кӀоштахь харжамаш а, референдумаш а хилира, царна йукъахь цхьа могӀа нах бехачу меттигашкахь а хилира референдумаш ТӀехь-Мартанан кӀоштан дозанаш хийцаран хьокъехь. Официалан МХГӀца, оцу процесс йукъаозийна Бумматан йуьртан меттигехь, кхаж тесира 1565 стага (73,61 %), царех 84,98 % референдуман хаттарна «хӀаъ» аьлла жоп делира — уьш ТӀехьа-Мартанан мехкан хийцам бан реза бара, ткъа 14,82 % жоп делира «хӀанхӀа» аьлла[16]. 2019 шеран 4 ноябрехь НР IV кхайкхаман Парламенто тӀеийцира № 41-РЗ йолу «Нохчийн Республикин цхьацца муниципалан кхолламийн дозанаш хийцарах лаьцна а, Нохчийн Республикин цхьацца законашкхолларан акташна йукъахь хийцамаш барех лаьцна» закон, цунна чохь кхечу мехкашкахь хийцамаш барца, ТӀехьа-Мартанан кӀоштах схьатуьйхира НР Соьлжа-ГӀалин кӀоштара ГӀуларин йуьртан меттиг[К. 2], ткъа Бумматан йуьртан меттиг, вукха агӀора, дӀакъаьстира НР Соьлжин кӀоштан пайденна (2020 шарахь дуьйна олу Эна-Хишкин кӀошт)[К. 3]. Законна куьг йаздира НР куьйгалхочун д.кх. М. М. Хучиевс, иза леладелира 2020 шеран 1 январехь дуьйна[17].
Бахархой
бӀаьра нисйанБахархойн дукхалла | ||||||
---|---|---|---|---|---|---|
2002[18] | 2009[19] | 2010[20] | 2012[21] | 2013[22] | 2014[23] | 2015[24] |
64 839 | ↗73 569 | ↗78 505 | ↗80 818 | ↗82 356 | ↗83 604 | ↗84 715 |
2016[25] | 2017[26] | 2018[27] | 2019[28] | 2020[5] | ||
↗85 905 | ↗86 844 | ↗87 896 | ↗89 424 | ↗91 157 |
Нах беха меттигаш
бӀаьра нисйан- ВаларгтӀе
- ГӀулара
- Заки-Эвла
- Котар-Йурт
- Керла-Шара
- СемаӀашка
- Хаьмбин-Ирзе
- ШаӀми-Йурт
- Шовдана-Йурт
- Нитти-КӀотар
- Ӏашхой-КӀотар
КӀоштахь йу йукъара дешаран 33 учреждени, дешархойн барам — 14 815, хьехархойн барам — 1393 (царех 1025 лакхара профессионалийн дешар дешна а, 368 йуккъера профессионалийн дешар дешна а). Кхин а кӀоштахь йу кхин тӀе дешаран 5 учреждени, дешархойн барам — 8 438, хьехархойн барам — 136 (царех 87 лакхара профессионалийн дешар дешна а, 49 йуккъера профессионалийн дешар дешна а)[9]. КӀоштан берийн бошмаш а, ишколаш а меттигийн барамашца, факт хилла учрежденешка лела дешархошца а, хьоьху хьехархошца а (слеш) 2019 шарахь:
Могушалла Ӏалашйар
бӀаьра нисйан2019 шо долалуш кӀоштахь болх беш бара 14 могушалла Ӏалашйаран кхоллам. Царех цхьаъ кӀоштан дарбанан цӀе — ПБУ «ТӀехьа-Мартанан ЙКӀДЦӀ» (дийнахь-бусий Ӏаш болу 135 маьнга а, денна стационаран 65 маьнга а), цхьаъ декъан дарбанан цӀа — ПХӀУ РПДЦӀ «СемаӀашка» (дийнахь-бусий Ӏаш болу 10 маьнга а, денна стационаран 45 маьнга а), 2 поликлиника (1200 тӀеэцар дийнахь), 4 фельдшеран-акушерийн пункт а, 7 лоьрийн амбулатори а. Берриш кӀоштан могушалла Ӏалашйаран отраслехь къахьоьгуш вара — административан-урхаллин аппаратехь 38 стаг, 74 лор, 252 йуккъера медицинин белхало, 2 лахара медицинин белхало, 200 стаг хьашташ кхочушдаран белхало[9].
Билгалдахарш
бӀаьра нисйан- Комментареш
- ↑ Закон № 40-РЗ от 14 июля 2008 года: «Об образовании муниципального образования Ачхой-Мартановский район и муниципальных образований, входящих в его состав, установление их границ и наделение их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения»[15].
- ↑ Закон № 41-РЗ от 4 ноября 2019 года, статья 2, пункт 2: «Отнести территорию Куларинского сельского поселения, входящего в состав Грозненского муниципального района Чеченской Республики, к территории Ачхой-Мартановского муниципального района Чеченской Республики»[17].
- ↑ Закон № 41-РЗ от 4 ноября 2019 года, статья 2, пункт 4: «Отнести территорию Бамутского сельского поселения, входящего в состав Ачхой-Мартановского муниципального района Чеченской Республики, к территории Сунженского муниципального района Чеченской Республики»[17].
- Хьосташ
- ↑ 1 2 3 ОКТМО. 185/2016. Северо-Кавказский ФО
- ↑ Чеченская Республика
- ↑ Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2024 года. Федеральная служба государственной статистики (27 апреля 2024) .
- ↑ 1 2 Цитатийн гӀалат:
<ref>
тег нийса йац; кхуСП
тIетовжаран текст йазйина йац - ↑ 1 2 Численность постоянного населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2020 года . ТӀекхочу дата: 2020 шеран 24 апрель. Архивйина 2020 шеран 24 апрелехь
- ↑ GEOnet Names Server — 2018.
- ↑ Бовза хьай Дайхмохк . ТӀекхочу дата: 2017 шеран 17 ноябрь. Архивйина 2019 шеран 9 октябрехь
- ↑ Закон Чеченской Республики от 25 декабря 2018 года N 72-РЗ «О внесении изменений в Закон Чеченской Республики „Об образовании муниципального образования Ачхой-Мартановский район и муниципальных образований, входящих в его состав, установлении их границ и наделении их соответствующим статусом муниципального района и сельского поселения“» . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 18 декабрь. Архивйина 2019 шеран 6 октябрехь
- ↑ 1 2 3 Паспорт р-на. Офиц. сайт Ачхой-Мартановского р-на, 2020.
- ↑ 1 2 Офиц. сайт села Ачхой-Мартан, 2020.
- ↑ Кавказский Узел, 28.06.2008.
- ↑ Сайт Конституции РФ, № 131-ФЗ, 2003.
- ↑ Кавказский Узел, 18.01.2008.
- ↑ Кавказский Узел, 03.07.2008.
- ↑ Сайт Парламента ЧР, № 40-РЗ, 2008.
- ↑ Чечня сегодня, 09.09.2019.
- ↑ 1 2 3 Сайт Парламента ЧР, № 41-РЗ, 2019.
- ↑ Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более . Архивйина 2012 шеран 3 февралехь
- ↑ Численность постоянного населения Российской Федерации по городам, посёлкам городского типа и районам на 1 января 2009 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 январь. Архивйина 2014 шеран 2 январехь
- ↑ Всероссийская перепись населения 2010 года. Том 1. Численность и размещение населения Чеченской Республики . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 9 май. Архивйина 2014 шеран 9 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 31 май. Архивйина 2014 шеран 31 майхь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов) . ТӀекхочу дата: 2013 шеран 16 ноябрь. Архивйина 2013 шеран 16 ноябрехь
- ↑ Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года . ТӀекхочу дата: 2014 шеран 2 август. Архивйина 2014 шеран 2 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года . ТӀекхочу дата: 2015 шеран 6 август. Архивйина 2015 шеран 6 августехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2017 года (2017 шеран 31 июль). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 31 июль. Архивйина 2017 шеран 31 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2018 года . ТӀекхочу дата: 2018 шеран 25 июль. Архивйина 2018 шеран 26 июлехь
- ↑ Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2019 года . ТӀекхочу дата: 2019 шеран 31 июль.
Хьажа кхин а
бӀаьра нисйанПресса. Хьажоргаш
бӀаьра нисйан- В Ачхой-Мартановском районе активизируют силы для ощутимых результатов после присоединения села Кулары : ст. // ГАУ «ИА „Чеченская Республика Сегодня“» : интернет-СМИ / Дир. (гл. ред.) Ч. Я. Ахмадов (до 2019 г. А. А. Гичкаев). — свид. Эл № ФС77-73095 от 09.06.2018, выдано Роскомнадзором. — Грозный, 12.09.2019.
- В Чечне начата работа по установлению внутренних границ : ст. // «Кавказский Узел» : интернет-СМИ / учред. ООО «МЕМО» (с 2008), гл. ред. Г. С. Шведов. — свид. Эл № ФС 77-31048 от 25.01.2008, выдано Роскомнадзором. — М., 18.01.2008. — (учрежд. Междунар. обществом «Мемориал» в 2001).
- Власти Чечни решились переименовать Сунженский район после соглашения о границе с Ингушетией : ст. // «Кавказский Узел» : интернет-СМИ / учред. ООО «МЕМО» (с 2008), гл. ред. Г. С. Шведов. — свид. Эл № ФС 77-31048 от 25.01.2008, выдано Роскомнадзором. — М., 20.09.2019. — (учрежд. Междунар. обществом «Мемориал» в 2001).
- Выборы в новый парламент Чечни пройдут в первых числах октября : ст. // «Кавказский Узел» : интернет-СМИ / учред. ООО «МЕМО» (с 2008), гл. ред. Г. С. Шведов. — свид. Эл № ФС 77-31048 от 25.01.2008, выдано Роскомнадзором. — М., 03.07.2008. — (учрежд. Междунар. обществом «Мемориал» в 2001).
- Закон ЧР № 40-РЗ : закон // Парламент ЧР : Офиц. сайт / Пресс-служба: press-pchr@mail.ru. — (нач. работы сайта 2013). — Гр., 2008.
- Закон ЧР № 41-РЗ : закон // Парламент ЧР : Офиц. сайт / Пресс-служба: press-pchr@mail.ru. — (нач. работы сайта 2013). — Гр., 2019. — (полная версия текста в PDF).
- Закон РФ № 131-ФЗ : закон // Сайт Конституции Российской Федерации : интернет-проект ООО НПП «Гарант-Сервис» (справочно-правовая система) / Президент комп. Д. В. Першеев, члены науч. ред. совета сайта С. А. Авакян, Г. П. Ивлев и др.. — (нач. работы сайта 2003). — М., 2003.
- Свыше 84 % избирателей проголосовали за изменения границы Ачхой-Мартановского района : ст. // ГАУ «ИА „Чеченская Республика Сегодня“» : интернет-СМИ / Дир. (гл. ред.) Ч. Я. Ахмадов (до 2019 г. А. А. Гичкаев). — свид. Эл № ФС77-73095 от 09.06.2018, выдано Роскомнадзором. — Грозный, 09.09.2019.
- Нарышкин: для формирования местного самоуправления в Чечне нужен особый закон : ст. // «Кавказский Узел» : интернет-СМИ / учред. ООО «МЕМО» (с 2008), гл. ред. Г. С. Шведов. — свид. Эл № ФС 77-31048 от 25.01.2008, выдано Роскомнадзором. — М., 28.06.2008. — (учрежд. Междунар. обществом «Мемориал» в 2001).
- Официальный сайт сельского поселения Ачхой-Мартан
- Паспорт Ачхой-Мартановского муниципального района на 01 января 2019г.
- Ачхой-Мартановский район
- Инвестиционный паспорт Ачхой-Мартановского района