Пхьагал — Версийн башхалла
[теллина верси] | [теллина верси] |
Чулацам дӀабаьккхина Чулацам тӀетоьхна
МогӀа 24:
| commons = Category:Rabbits
}}
'''{{lang-noh|Пхьагал}}''' ({{lang-ru|Заяц}}) олу. Нагах {{lang-noh|лерга-Ӏахар}} олу Пхьагална дукха еза куллан кондарш, ялтийн аренаш, бецан тогӀеш, ирзеш долу меттигаш. Дийнахь юьжий Ӏуьллу иза, буьйсанна ежа. Цуьнан йижар само йолуш ду. Пхьагал санна "стешха" аьлла ду оьрсийн кица. Стешха экха ду иза. Пхьагал ядаро бен цхьана а мостагӀчух кӀелхьара ца йокху. Цуьнан мостагӀий дукха бу: берзалой, цхьогалаш, чагӀалкхаш, акха цицигаш, аьрзунаш, куьйранаш, гӀиргӀанаш. Адам а ду цунна кхерамехь. Таллархой жӀаьлешца тӀаьхьабовлу цунна. Даа жижиг а, куй бан цӀока а шиъ пайда цунах хиларна. Буьйсанна едчи а кӀелхьара ца йолуьйту пхьагал луьрчу олхазарша. Кхин долчу акхарошна
* Мелла а адамаш дехачу меттигашна герга гӀерташ ду пхьагалийн дахар. Хасстоьмаш бийна меттигаш еза царна. Адамаш дехачу меттехь царна кхераме долу акхарой, масала, берзалой, кӀезиг хуьла. Къона беш кхиочу меттехь пхьагалаша стоьмийн дитташна зенаш до. Чкъор дууш стоьмийн гӀад дожу цара.
* Пхьагал сиха деба. Шарахь кхузза, доьазза ехка иза. ХӀора моссазза ехка пхиъ
* Цхьана а экхана хьожа ца кхета кӀорнех. Оцца башхоно ларйо уьш акхаройх. Муьлхха а экха тилкхаздаьлла тӀе ца Ӏоттаделчи кхерам бац царна. Ешшехь сагуш а, тӀехь чо болуш а хуьлу пхьагалан кӀорнеш. Кегийра йолуш адамах ца кхоьру пхьагалан кӀорнеш. КараӀеминчу пхьагало жӀалийца гергарло а тосу. Цуьнца цхьана кедара хӀума а йоу, дижна Ӏуьллучу жӀаьлин коьрта тӀехь хьалхарчу когашца вота а туху пхьагало.
|