нох. Пхьагал (оьрс. Заяц) олу. Нагах нох. лерга-Ӏахар олу Пхьагална дукха еза куллан кондарш, ялтийн аренаш, бецан тогӀеш, ирзеш долу меттигаш. Дийнахь юьжий Ӏуьллу иза, буьйсанна ежа. Цуьнан йижар само йолуш ду. Пхьагал санна "стешха" аьлла ду оьрсийн кица. Стешха экха ду иза. Пхьагал ядаро бен цхьана а мостагӀчух кӀелхьара ца йокху. Цуьнан мостагӀий дукха бу: берзалой, цхьогалаш, чагӀалкхаш, акха цицигаш, аьрзунаш, куьйранаш, гӀиргӀанаш. Адам а ду цунна кхерамехь. Таллархой жӀаьлешца тӀаьхьабовлу цунна. Даа жижиг а, куй бан цӀока а шиъ пайда цунах хиларна. Буьйсанна едчи а кӀелхьара ца йолуьйту пхьагал луьрчу олхазарша. Кхин долчу акхарошна йа де, йа буьйса маьрша хуьлу. Синтем боллуш набйо цара шешан баннашкахь йа тоьланашкахь. Ткъа пхьагал йа буса а, йа дийнахь а синтем болуш йац. Бакъду, цхьа корматалла ю пхьагалан, шена кхерам белахь а, боцахь а хаьа цунна. Таллархо шен жӀаьлешца лорах тӀаьхьа ваьлчи йоду иза. Маьрша стаг юххехула тӀехволуш Ӏадда юьжий Ӏуьллу. Варданца йа машинашца дӀа-схьа лелачу адамех а шена кхерам боцийла хаьа цунна. Буьйсанна юьрта цу а йогӀий нехан керташкахь ежаш лела пхьагал.

  • Мелла а адамаш дехачу меттигашна герга гӀерташ ду пхьагалийн дахар. Хасстоьмаш бийна меттигаш еза царна. Адамаш дехачу меттехь царна кхераме долу акхарой, масала, берзалой, кӀезиг хуьла. Къона беш кхиочу меттехь пхьагалаша стоьмийн дитташна зенаш до. Чкъор дууш стоьмийн гӀад дожу цара.
  • Пхьагал сиха деба. Шарахь кхузза, доьазза ехка иза. ХӀора моссазза ехка пхиъ йа ялх, йа ворхӀ кӀорни йо цо. Нанас кӀезиг терго йо кӀорнийн. Уггар атталла бен а, йа буха биллина бецан мотт а ца хуьлу церан. Йина дукха хан йоцуш, кегийра кӀорнеш вовшех а хьаьрчий Ӏохкуш карайо. КӀезиг тосало царна юххехь нан. КӀорнеш якха а йой царна юххера дӀайоьду иза. Жимма ондеевлича юьйлало кӀорнеш. Якхо хан хилчи, нанна уьш церан лорах карайо. Шина, кхаа дийнахь цкъа бен ца якхайо нанас шен кӀорнеш. Шура дукха хьена ю цуьнан. Цундела кӀорнийн кийрахь налха а хуьлий лаьтта иза. Цунах шина, кхаа дийнахь кхачо хуьлу кӀорнешна. Кхузза якхийчи, исс-итт дийнахь, дӀатосу нанас шен кӀорнеш.
  • Цхьана а экхана хьожа ца кхета кӀорнех. Оцца башхоно ларйо уьш акхаройх. Муьлхха а экха тилкхаздаьлла тӀе ца Ӏоттаделчи кхерам бац царна. Ешшехь сагуш а, тӀехь чо болуш а хуьлу пхьагалан кӀорнеш. Кегийра йолуш адамах ца кхоьру пхьагалан кӀорнеш. КараӀеминчу пхьагало жӀалийца гергарло а тосу. Цуьнца цхьана кедара хӀума а йоу, дижна Ӏуьллучу жӀаьлин коьрта тӀехь хьалхарчу когашца вота а туху пхьагало.
Дийнатийн тоба
Пхьагал
ЦӀе
ЦӀеран статус
Дай-нанойн таксон
Гергарнаш
Сурт Викилармехь

Хьажа. кхин

бӀаьра нисйан