географехь дуьненан агӀо — коьртачу агӀонийн еаннах цхьаъ (къилбаседа, къилба, малхбузе, малхбале).

ЯлхийттазӀенаран мехийн ровзанКъилбаседаКъилбаМалхбузеМалхбалеКъилбаседа-малхбалеКъилба-малхбалеКъилба-малхбузеКъилбаседа-малхбузеКъилбаседа-малхбузал къилбаседехьаКъилбаседа-малхбузал малхбузехьаКъилба-малхбузал малхбузехьаКъилба-малхбузал къилбехьаКъилба-малхбалел къилбехьаКъилба-малхбалел малхбалехьаКъилбаседа-малхбалел малхбалехьаКъилбаседа-малхбалел къилбаседехьа
ЯлхийттазӀенаран мехийн ровзан

Къилбаседа а, къилба а агӀонаш билгалйоху Дуьненан полюсашца, ткъа малхбале а, малхбузе а (планета шен семан гуонаха хьийзарх йоьзна йолу) — малх схьакхетарца а, чубузарца а. Ширачу заманахь дуьйна адамо билгалйоккхура къилба агӀо — малх делкъана лакхабаларца, малхбале — малх хьалаболучу агӀонца, ткъа малхбузе — малх чубузучу агӀонца; къилбаседа агӀо (къилбаседан эхигехь) билгалйоккхура Къилбаседанца.

Къилбаседа а, къилба а агӀонаш билгалъяхало меридианаца а, нисса тоьхна хьостаман ӀиндагӀца а. Малхбузе а, малхбале а агӀонаш билгалъяхало горизонталийн а, меридианийн а гӀоьнца.

Таханлерачу географин карташ тӀехь къилбаседа агӀо лакхахь хуьлу: иштта хилчи къилба лахахь хуьлу, малхбузе — аьрру агӀора, ткъа малхбале — аьтту агӀора. Ширачу, ткъа цкъацца таханлерачу а карташ тӀехь, хӀоттош хилла лакхахь къилба йа малхбале.

Стигларчу седарчийн картин тӀехь дукха хьолахь, гойту иштта, стигла (стиглан сфера) юьллу гуш, лаьттан тӀехулон картех къаьсташ, хьожучун бухахь ца юьллу, ткъа тӀехула йуьллу. Цу тӀе стиглан экваторан агӀо хьожучун, хьалха къилба, тӀехьа - къилбаседа, аьрру агӀора – малхбале, аьтту агӀора - малхбузе.

Адамо арахь ориентаци йеш леладо йеа агӀонан хьесап: «хьалха», «тӀехьа», «аьрру агӀора», «аьтту агӀора». Оцу хьолехь агӀо чӀагӀйина йац, хоржу адамо ша латтаре терра.

Йеа агӀонан ориентацин хьесап, адаман гуонахьара дуьне довзарехь, ладаме мур хилла. Керсталлехь жӀаре диллина.

Доьаззаллин хьесап гайтина дукха къаьмнийн фольклорехь, ламасташкахь, динан Ӏадаташкахь:

  • «йеа агӀора дӀасаваха»;
  • «дуьненан йеа маьӀӀе вахар»

Гуо деа агӀонан бекъар доцуш — къилбаседа, къилба, малхбузе, малхбале — ориентированин Ӏалашонаш алсама мел йовлу тӀетухура юккъера агӀонаш: къилбаседа-малхбузе, къилбаседа-малхбале, къилба-малхбузе, къилба-малхбале; йерриг бархӀ агӀо хилира. ТӀаьхьа йукъаехира кхин а йукъара агӀонаш: Къилбаседа-Къилбаседа-малхбузе, малхбузе-къилбаседа-малхбузе, кхин дӀа а, 16 агӀо хиллалц. Кхин цкъа а йуккъера агӀонаш екъна и процесс чекхъелира 32 румб хуьлуш.

Дуьненан агӀонаш билгалйоху бесаш нисйе бӀаьра

Компасан къилбаседа гойту магнитан цамза ламасталлин басар цӀиен хуьлу, къилба – сийна хуьлу.

Билламе билгалдаккхар нисйе бӀаьра

Дуьненан агӀонаш билгалйохуш дукха хьолахь леладо 4 латинан элп: N, S, E, W, (уьш хьалхара элпаш ду дуьненан агӀонийн ингалса меттан цӀерийн — North, South, East, West), йа Къ-С, Къ, М-ле, М-зе (иза хуьлу нохчийн меттан дуьненан агӀонийн цӀерийн хьалхара а, тӀехьара а элпаш — Къилбаседа, Къилба, Малхбале, Малхбузе).

Цул сов, российн хӀордан навигацин исторехь ехачу заманахь, дукхах дерг лелайора, хӀинца а лела а йо немцойн дуьненан агӀонийн цӀераш - Nord, Suid, Ost, West (Норд, Зюйд, Ост, Вест).

Иза кхетало хетарехь, петран заманахь - XVIII бӀешо долалуш, Российн империн хӀордан флот когахӀуттуш, дукхаха йолу оьрсийн матте йеина терминаш, голландийн матера еана, ткъа цигахь дуьненан агӀонийн немцойчух тера йогӀуш иштта цӀераш йу: N -noord (норд) , O - oost (ост), Z - zuid(зюйд) , W - west (вест)

Хьовса иштта нисйе бӀаьра


Дуьненан агӀонаш
  Къилбаседе  
Малхбузе   Малхбале
  Къилбе