Идрис (Ӏаьр. إدريس‎‎‎‎), Таврат чохь Ахнух, Хьанух (Ӏебар. חֲנוֹךְ‎) — иза исламан дуьххьарлерчу пайхамарех цхьаъ ву. Адам а, Шис а дӏаваьллачул тӏаьхьа, дуьххьара шега пайхамаралла делларг ву иза, динан дийцаршкахь ма-бохху.

Идрис
Ӏаьр. إدريس‎‎
АнасуллахӀ, Ахнух, Хьанух
Говзалла пайхамар, математик, астроном
Вина меттиг Вавилон
Кхелхина терахь хууш дац
Да Ярд
Бераш Мутташалахь
Силсил Идрис ибн Ярд ибн МухӀалаил ибн Аннуш ибн Къинан ибн Шис ибн Адам[1]
Динлелор ислам
Лоруш волу динаш ислам, жуьгталла, насаралла
Тамашийна билгалонаш йоьалгӀачу стигал ваккхар

Силсил нисйе бӀаьра

Таврат чохь иза «Ахнух» ибн Ярад ибн Мухӏалаил ибн Къинан ибн Аннуш ибн Шис ибн Адам ву[2]. Иза Нухь пайхамаран дедайх ву.

Исламехь нисйе бӀаьра

Идрис — иза Къуръан чохь Дала бийцинчу пайхамарех цхьаъ ву. Адам берех дуьххьара шега пайхамаралла делларг ву иза, Адам а, Шис а дӏаваьлла чул тӏаьхьа. Цунна Идрис цӏе тиллина цо дукха жайнаш йаздеш хилла дела. И ву дуьххьара къоламца йаздинарг а, бедарш тегнарг а, тегна хӏума тӏейоьхнарг а, ткъа цул хьалха цӏокарчий йухуш хилла наха. Иштта дуьххьара герз караэцнарг а, керста нахаца леттарг а, астрономи а, хьесап дан а хаа гӏиртинарг а ву иза[3].

Къуръан чохь шозза хьахош ву:

[ХIай, Мухьаммад!] Идрис хьахаве ахь Жайнахь [Къуръан чохь]. Баккъалла а, чIогIа бакъахьара [стаг] а, пайхамар а вара иза (56) Оха айвира иза леккхачу меттиге (57)[4]


[ХIай, Мухьаммад!] ИсмаIил [пайхамар] а, Идрис [пайхамар] а, Зуль-Кифл [пайхамар] а [хьахабе ахь]. Уьш берриге а собаречарех бара. [5]


Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Тафсир аль-Алуси
  2. Библи, тептар: Доладалар
  3. Тафсир аль-Багӏави
  4. Сурат Марьям, аят 56-57
  5. Сурат аль-Анбияъ, аят 85