Шайо эрк тӀиера тӀом (Сайо, Дуьра эрк; Мохи чӀоьжехь) — 1241 шеран 11 апрелехь хилла Мажаройчоьнан паччахьан Бела IV-гӀачун а, цуьнан вешин, Хорватин герцоган Коломанан а эскарна цхьаьна агӀора, коьртехь Батый, Шибан, Кадан, Субэдэй волу Монголийн империн эскаршна йукъара вукха агӀора тӀом, иза хилира 12361242 шерашкахь монголаш малхбуза бахаран гуранчохь, Къилба-малхбуза Русин а, Юккъера Европин а 12401242 шерашкахь тӀелетачу хенахь. Мажарийн-хорватийн эскаран тӀех боккха иэшам хилира.

Шайо эрк тӀиера тӀом. XIII бӀешеран миниатюра
Коьрта конфликт: Монголаш малхбузе бахар
Терахь 1241 шеран 11 апрель
Меттиг Шайо эрк (Слана), Мажаройчоь
ЖамӀ Мажарой хӀаллакбира
МостагӀий

Мажаройчоь, Хорвати

Монголийн импери

БӀаьччаш

Мажаройчоьнан паччахь Бела IV
Коломан, Хорватин герцог

Батый,
Субэдэй,
Шибан

Массон ницкъаш

60 эз.ст.[1]

25-30 эз.ст.[1][2]

Белларш

50 эз.ст.[3] гергга

1,000[4]

Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь

Бахьнаш нисйе бӀаьра

1240 шарахь, монголаш Русин тӀелетачу хенахь, Мажаройчоьнан паччахьо Бела IV-гӀачо тӀе ца ийцира шен йоьӀан Аннин деина захало, хьалха Черниговн Михаил Всеволодовичан кӀентан Ростиславан, тӀаьхьа шен йоьӀан Констанцин деина захало Галицин Даниил Романовичан кӀентан Леван деина, уьш шешша Мажарчу а богӀуш. ХӀора уьш бахкар хронологица доьзна ду Киевн монголаш кхерам тасарца.

Монголийн коьрта ницкъаш, Галич схьаяьккхинчул тӀаьхьа, 1241 шеран 12 мартехь Карпатийн дукъ Мункач (Мукачево) а, Унгвар (Ужгород) а хадош тӀелетира Мажаройчоьнна, 16 мартехь монголийн хьалхара тоба (Шибан, 10 эз. бере) гучуелира Пешт кӀелахь. Каданан корпус яхара къилба маршрутца, Молдавехула а, Трансильванехула а, хӀаллак йина мажарийн гӀаланаш Варадин, Арад, Перг, Егрес, Темешвар, амма коьрта тӀом болалуш дӀакхийтира коьртачу тобанах.

Шина агӀонан ницкъаш нисйе бӀаьра

Монголийн эскар, галицин-волынан латтанаш тӀиера тӀелетира Юккъера Европин, иза 100 эз.ст. гергга бара, кхин тӀе, Польше яхара коьртехь Байдар волу 3 эзар стаг, ткъа коьрта ницкъаш бекъна кхаа тобане Мажаройчоьнан дуьхьала хьажийра.[5].

Гильом де Рубрукан хаамашца, 1253 шарахь Мажаройчоьнан паччахьан эскар 30 эзар дара[6]. Амма и мах хадийра монголаш чубаьржинчул тӀаьхьа. ТӀемал хьалха мажарийн эскарх схьакхийтира Хорватин герцоган Коломанан эскар, мажарийн-хорватийн эскаран барам хила тарлора 60 эзар сурхо.[1].

Джувейнис мах хадабо мажарийн ницкъийн (башгирдийн[7]) 450 эз. сурхо, хьахабо Шибанан хаам, уьш шозза алсама бу монголийн эскарал. Рашид ад-Дина терачу дийцарехь[8] яздо 400 эз. сурхочух, амма, и хилам дӀахьо 1236 шеран Ийдалан Булгаре.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. 1 2 3 Храпачевский Р. П. Батыево побоище
  2. Carey, Brian Todd, p. 128. В т.ч. основная группировка под командованием Батыя 20-25 тыс.чел., отряд для флангового манёвра под командованием Субэдэя 10-15 тыс.чел.
  3. Liptai, Ervin (1985), Military History of Hungary, Budapest: Zrínyi Katonai Kiadó.
  4. Морган, Дэвид (1990) Монголы. Oxford: Blackwell. ISBN 0-631-17563-6.
  5. Р. П. Храпачевский. Военная держава Чингихана — М: ООО «Издательство ACT», 2004[1]
  6. Гильом де Рубрук. Путешествие в восточные страны[2](ТӀе цакхочу хьажорг)
  7. Джувейни. История завоевателя мираアーカイブされたコピー. ТӀекхочу дата: 2011 шеран 31 май. Архивйина 2012 шеран 16 мартехь
  8. Рашид-Ад-Дин. Сборник летописей[3]