Пешт (маж. Pest, словак. Pešť) — Будапештан малхбален, акъарийн дакъа, дӀалоцу гӀалин мехках 2/3 дакъа гергга. ГӀалан вукха декъах, Будах, Пешт къастийна Дунайца. Пештехь ду Будапештан сийлаллин доккхаха долу дакъа, царна юкъахь Мажарийн парламент, Турпалийн майда, Андрашин проспект. Наггахь къамелехь мажарийн маттахь Пешт дош леладо йоцца Будапешт олуш.

Будапешт: аьрру агӀора — Пешт, аьтту агӀора — Буда, юккъехь Дунай тӀиера Маргит гӀайре

Этимологи

бӀаьра нисйан
 
Буда а, Пешт а дакъанаш вовшахтуху Сеченьин зӀен тӀай

«Пешт» цӀе — «пеш» дашах яьлла, гергара ду таханлерачу нохчийн – «пеш тӀе», ткъа оьрсийн «печь» дешнийн. Тарло, Пештан кӀошташ йолучу хьехашкахь цӀе ягош хилла дера тиллина[1].

Пешт ша йолу гӀала санна хьахайо дуьххьара 1148 шарахь. Ширачу заманахь Пештан меттехь хилла кельтийн а, руман а ховшарш. Ладаме экономикин центр хилла XI—XIII бӀешерашкахь. Йохийна хилла 1241 шарахь монголийн мохкбаккхархоша, амма кестта юха хьалайира. 1849 шарахь дина дуьххьала Дунайн тӀехула тӀай, цуо цхьаьнатуьйхира Пешт Будица. 1873 шарахь Пешт, Буда, Обуда цхьаьнатохар бахьнехь картин тӀехь гучуяьлла Будапешт гӀала.

Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. Adrian Room. Placenames of the World. — McFarland & Company, 2006. — P. 70. — ISBN 0786422483.