Бер
ХӀокху йаззаман тӀе Википедин кхийолу агӀонашкахь хьажоргаш йац. |
Бер — Адам жима долуш хенахь. Тайп-тайпана халкъаш а, культураш а, пачхьалкхаш а бераллийн хан цхьатера ца лору. Дукха хьолехь адам бера лору иза доьзал кхоллала хиллалц. Берийн могшалла толлуш долу Ӏилманех педиатри олу.
Бер кхиарНисйе
Хьалхарчу дахаран шарахь бер дахло юккъера барам 25—27 см. Шо кхаьчна беран локхалла кхочу 75—77 см.[1]
Хан,
бутт |
Баттахь дегӀдаккхар,
см |
Баттахь дегӀан масса тӀекхетар,
г |
ДегӀдаккхаран берриг барам,
см |
Ерриг дегӀан масса тӀекхетар,
кг |
---|---|---|---|---|
1 | 3 | 600 | 3 | 0,6 |
2 | 3 | 800 | 6 | 1,40 |
3 | 2,5 | 800 | 8,5 | 2,2 |
4 | 2,5 | 750 | 11 | 2,95 |
5 | 2 | 700 | 13 | 3,65 |
6 | 2 | 650 | 15 | 4,3 |
7 | 2 | 600 | 17 | 4,9 |
8 | 2 | 550 | 19 | 5,45 |
9 | 1,5 | 500 | 20,5 | 5,95 |
10 | 1,5 | 450 | 22 | 6,4 |
11 | 1,5 | 400 | 23,5 | 6,8 |
12 | 1,5 | 350 | 25 | 7,15 |
Хьалхарчу дахаран шарахь беран девза гуонахьара Ӏалам, цуьнан кхуьу моторика, хьекъалан а, физикин а хьуьнарш. Кхуьу муьрашкахула. ХӀора мур болало билггалчу хенахь, иза къаста а тарло бере хьаьжжина. Хьуьнар кхиар дозу генетикин агӀора а, бер кхуьу гуоне хьаьжжина а, баккхийчар цунна шайн мел хан дӀало хьаьжжина а.
Цхьа буттНисйе
1 бутт хан йолуш объект гар дерзийна хуьлу оцу объектан дозанаш Ӏаморе[2]. Нагахь беран геометрин фигура гайтахь, цуо цуьнан йисташ Ӏамор ю.
Бер долало базан дуьнен тӀедолуш чудехкина доцу меттахдалар карадерзо: катохар а, дӀакхоссар а[3]. Оцу хенахь, бертал дижина бере йоццачу хенан корта айбало, латтало[4].
Ши буттНисйе
ШолгӀачу баттахь беран къастало цӀие, баьццара, сийна бесаш, ткъа иштта къегина серло. Роберт Фантца йинчу эксперименташца, берашка къаьстало кӀайн бесара ши аса, вовшех къагарца 5% бен къаьсташ йоцу[5].
Шиъ бутт кхаьчначу хенахь дуьйна бере лелало аз коммуникацина. Иза деладалало воккхачун шеца дечу къамелан жоп луш а, я иза къежаш а[6]. Иштта беран бевза ненан меттан бух, къаста а ло кхечу меттанех, иза гайтира А. Кристоф а, Дж. Мортона а бинчу талламаша. Экспериментехь ингалсметтан берана хозуьйтура тайп-тайпанчу меттанашкахь а, наха а дӀаяздина аудияздар. Беран дакхаран хьал хийцалора, нагахь ингалсан мотт хийцича кхечунца, амма ца хийцалора кхин мотт ингалсан боцучуьнца хийцича[7].
Кхо буттНисйе
2-гӀачу—3-гӀачу беттанашкахь берана бос гар воккхачун санна ду[5].
3 бутт кхаьчначу беран хаза тарлуш долу озан чӀогӀалла, — 40 децибел[8] гергга ю.
ГалереяНисйе
Мадонна Ӏиса ПайхӀамарца | Нана а, цуьнан йоӀ а Анри-Франсуа Ризнер |
ЙоӀ гӀамагӀашца Валентин Серов |
ЛитератураНисйе
- Филипп Арьес. Ребенок и семейная жизнь при Старом порядке. // Открытие детства. — Екатеринбург, 1999.
- Божович Л. И. Личность и ее формирование в детском возрасте. — М., 1968.
- Ю. Б. Гиппенрейтер. Общаться с ребенком. Как? — М.: АСТ, Астрель,, 2007. — 240 с. — 30 000 экз. — ISBN 978-5-271-15458-4.
БилгалдахаршНисйе
- ↑ 1 2 Департамент здравоохранения города Москвы Часть 1. Морфометрическое и психомоторное развитие ребёнка первого года жизни. — P. 5—6,14.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 54.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 245-247.
- ↑ Департамент здравоохранения города Москвы Часть 2. Психомоторное развитие детей первого года жизни. — P. 10.
- ↑ 1 2 Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 38.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 164-165.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 156—158.
- ↑ Веракса Н. Е. Познавательное развитие в дошкольном детстве: учебное пособие. — P. 58.