Евро́паДуьненан Къилбаседа эхиг дакъа, гуонаха ду Къилбаседа Шен а, Атлантикин а Ӏапказийн хӀордаш, майда 10 млн км² гергга йу. Азица цхьаьна кхуллу материк Еврази, Европин оьздангалла, Малзбуза аьлла цӀе тиллина, дуьхьала хӀоттош йу Азичун, Малхбален аьлла цӀе тиллина, тайп-тайпана географин аренаш цхьанатохаран гуран чохь.

Европа
Европа эхиган картин тӀехь
Европа эхиган картин тӀехь
Мохк10,2[1] млн км²
Бахархой754 млн (2019) стаг
Йукъахь йу50 (исписка) пачхьалкхаш
МоттЕвропин меттанаш 
Интернет-доменаш.eu (Евробарт)
.su (Советийн хилла аре[2]
Йаккхий гӀаланаш Европин уггаре йаккхий гӀаланийн исписка 
Викилармин логотип Медиафайлаш Викилармехь
Европа космосера

Европин бахархой 754 миллион стаг йа Дуьненан бахархойх 9 % гергга бу (2019). Бахархой тӀекхетар дикка лахара ду, бахархойн йуккъера хан дикка лакхара йу дуьненан кхечу континенташка хьаьжчи.

Этимологи нисйе бӀаьра

Европа цӀе, схьайолуш хила мега ширажелтойчоьнан мифологера турпалхочуьнан Европин цӀарах. Иза хилла Зевса йадийна Крит тӀе дӀайигина финикийн паччахь-аьзна (цу тӀе эпитет Европа йоьзна хила мега кхин а Герица а, Деметрица а). ЦӀе схьайалар, французийн лингвиста П. Шантрена жамӀ дарца, ца хаьа[3]. ХӀокху заманан литературехь уггаре гӀарайаьлла этимологин гипотезаш кховдийра антикаллехь (кхечаьрца цхьаьна), амма уьш къийсаме йара: иштта, цхьаьна этимологина маьӀна доккху желтойн орамех ευρύς (еврис)-шуьйра а, όψις (опсис)-бӀаьрг, «шуьйра бӀаьрг берг»[4]; лексикограф Гесихийца, Европия ду «малхбуза мохк, йа бодане»[5] бохург, иза тӀаьхьарчу лингвисташа дуьстира малхбуза-семийн ‘rb «малх бузар»[6] йа аккад. erebu иштта маьӀна долу (М. Уэста мах хадийра оцу этимологин чӀогӀа гӀийла ду аьлла[7]).

 
Европин политикин карта
 
Европин пачхьалкхаш дуьненан картан тӀехь

Дозанаш нисйе бӀаьра

 
А-F — Европин а, Азин а дозане тайп-тайпана хьовсар

Дуьненан декъан Европа цӀе йац ширачех желтойн литературехь (Гомеран Пифийн Аполлонан йаьккхинчу шатлакхан иллехь[8] Европа аьлла йеккъа Къилбаседа Желтойчоьнах), дуьххьара язйина Гекатей Милетскин «Дуьненах йаздарехь» (Вайн эрал хьалхара VI бӀешо чекхдолуш), цуьнан хьалхара жайна лерина Европин.

Шира желтойша юьхьанца Европа лорура Азех Эгейн а, Ӏаьржа а хӀордашца, ткъа АфрикехЛаттаюккъера хӀордаца къастийна ша йолу материк. Европа, тӀаьхьа Еврази аьллачу йоккхачу материкан жима дакъа хиларх тешна, антикан авторша Европин малхбален доза даккха долийра Дон эркаца (иштта гар хаало Полибийн а, Страбонан а). И ламаст коьрта дара шина эзар шеран дохаллехь. Масала, Меркаторан Европин доза доьду Дон тӀехула, ткъа цуьнан хьостера — нисса къилбаседехьа КӀайн хӀорд тӀекхаччалц[9].

Амма XV бӀешарахь Европа йоцучу ханна синоним хилира керсталлин дуьненан, амма тахана дукхаха болу керстанаш беха цуьнан мехкал арахьа[10]. XIX бӀешарахь йерриг аьлча санна дуьненан промышленность йара Европехь; тахана доккхаха долу дакъа цуьнан арахьа ду.

В. Н. Татищевс 1720 шарахь дагадаийтира Европин малхбузен доза Уралан лаьмнийн даккъашкахула даккха, кхин дӀа Яик эрк (хӀинцалера Урал) чухула Каспий-хӀорд чукхеташ йолу хикхочене кхаччалц. ТӀаьхь-тӀаьхьа керла доза йукъара тӀеэцна хилира, хьалха Российс, ткъа цул тӀаьхьа, дозанал арахьа а. Тахана Европин доза доккху: къилбаседехь — Къилбаседа Шенан Ӏапказца; малхбузен — Атлантикин Ӏапказца; къилбехахь — Лаьттайуккъера, Эгейн, Мармаран, Ӏаьржа хӀордашца; малхбалехь — Уралан лаьмнийн малхбален кӀажошца, Мугоджараш лаьмнашца, Эмба эркца Каспий-хӀорд тӀекхаччалц, цунна тӀера ГӀум а, Маныч а (ГӀуман-Манычан чутаӀен чухула) Донан хикхочене (масала, энциклопедешца: Йоккха советийн энциклопеди[11] а, Энциклопеди Британника а[12]) я, наггахь, Кавказан дукъ тӀехула Ӏаьржа хӀорд тӀекхаччалц[13][14]). Кхин дӀа долу Европин а, Азин а йукъара доза чекхдолу Ӏаьржа хӀорд а, Ӏаьржа хӀордан хидоькъенаш чухула бохург къобал до дерриг хьосташа. Европехь ду гергахь лаьтта гӀайренаш а, архипелагаш а[11], ткъа цхьа могӀа туркойн Анатолин бердашца долу Желтойчоьнан гӀайренаш, Азехь ду.

 
Леладо ВКъКх

Иза бахьнехь Азербайджан[15] а, Гуьржийчоь[16] а Европин мехкийн испискин йукъатохар бух болуш ду уггаре хьалха политикин а, экономикин а, оьздангаллин а ойланашца.


Европин пачхьалкхаш нисйе бӀаьра

43 пачхьалкх ВКЪКХан пачхьалкхаш лоруш йу, 2 пачхьалкх лоруш йац.

Малхбузен Европа Малхбален Европа Къилбаседа Европа Къилба Европа Ах Европехь Лоруш доцу
  Австри   Белорусси   Дани   Албани   Азербайджан (от 0 %[17] до ок. 10 % территории[18][19][20])   Косово
  Бельги   Болгари   Исланди   Андорра   Гуьржийчоь (от 0 %[17] до ок. 5 % территории[18][21][22])   Приднестровье
  Йоккха Британи   Мажаройчоь   Латви   Босни а, Герцеговина а   Кхазакхстан (до 14 % территории[23][24][25])
  Германи   Молдави   Литва   Ватикан   Росси[26] (от 22 %[17] до 23 % территории[18][27])
  Ирланди   Польша   Норвеги   Желтойчоь   Туркойчоь (3 % территории)[28])
  Лихтенштейн   Росси[26]   Финлянди   Испани
  Люксембург   Румыни   Швеци   Итали
  Монако   Словаки   Эстони   Къилбаседа Македони
  Нидерландаш   Украина   Малта
  Франци   Чехи   Португали
  Швейцари   Сан-Марино
  Серби
  Словени
  Хорвати
  Ӏаьржаламанчоь


Географин йукъ нисйе бӀаьра

Йукъ латтар доьзна ду Европин дозанаш билгалдахарца, коьртачу кепара билгалдоккху хьаьржинчу лараран методикица, ткъа иштта, генара гӀайренаш Европин йисттера меттигийн йукъатохарца йа цатохарца. Иштта, Европин географин йукъан цӀере хьоьжуш йу масех меттиг, уьш дерриш лаьтта цхьа могӀа пачхьалкхашкахь (Украина, Литва, Белорусси, Словаки, Германи, Польша).

Гиннессан рекордийн жайно Европин «официалан» географин йукъ къобал йо Пурнушкяй эвла, иза лаьтта Вильнюсал 26 км къилбаседехьа.

Коьрта дуьненайукъара кхолламаш Европехь нисйе бӀаьра

Европин мехкаш тайп-тайпана дуьненайукъара кхолламийн декъахой бу, церан дукхаха долу дакъа экономикин а, политикин а амалера кхолламаш бу. Европера коьрта дуьненайукъара цхьаьнакхетарш дийцина лахахь.

Баренцан кхеташо/Евроарктикин регионан нисйе бӀаьра

Регионан цхьаьнагӀуллакхдаран форум. Баренцан кхеташо/Евроарктикин регионан (БКхЕР) кхоьллина 1993 ш.. Цунна йукъайахна, гуттаренна а декъашхойн бакъонашца, Дани, Исланди, Норвеги, Росси, Финлянди, Швеци, ткъа иштта Европин йукъараллин комисси (ЕЮК). Исс пачхьалкхан — Йоккха Британи, Германи, Итали, Канада, Нидерландаш, Польша, Франци, АЦШ, Япон — тергончан статус йу.

Российн а, Белоруссин а Бертан пачхьалкх нисйе бӀаьра

Российн Федерацин а, Республика Белоруссин а конфедерацин барто тӀехь-тӀехьа кхуллу цхьааллин политикин, экономикин, тӀеман, таможнин, валютин, юридически, гуманитарин, оьздангаллин аре.

УЕФА нисйе бӀаьра

Европин футболан ассоциацийн барт — Европин а, цхьайолу Азин малхбузен регионийн а футболан урхалла ден кхоллам. Цуо цхьаьнатуху Европин мехкийн къоман футболан ассоциацеш. УЕФАс дӀахьо берриг Европин футболан клубийн а, гулйина командийн а къийсамаш, йоькъу рекламех а, командаш ловзуш гайтарх а йаьлла са, шена йукъахь йолчу ассоциацешна.

Лакхахь багарбина мехкаш доцуш, УЕФА йукъайоьду иштта Исраил (Исраилан футболан ассоциаци), йерриг Азехь йолушехь.

Континентан Европа нисйе бӀаьра

 
Континентан Европа

Континентан Европа — оцу материкан декъан догӀу термин.

Йукъара доху: Желтойчоьнан, Кипр, Малта, Сицили, Сардини, Корсика, Балеарин, Йоккха Британин, Ирланди, Керла Латта, Шпицберген, Мадейра, Азорийн, Исланди, Данин, Фарерийн гӀайренаш.

Наггахь йукъара доху скандинавин мехкаш (Швеци а, Норвеги а), хӀунда аьлча церан континентан декъера уьйранаш Балтикин а, Къилбаседа а хӀордашна чухула йолун дела (Финляндехула хьевзина некъ ца бийцича).

ХӀинци а ду континента Европа шира гар («Европин хӀоъ», «Kerneuropa»): иза КаролингӀеран (хӀинцалера Франци, Итали, Германи) а, Бенилюксан (историн регион Австрази) а империн мохк бу.

Билгалдахарш нисйе бӀаьра

  1. Романова Э. П., Никишин А. М. и др. ЕВРОПА (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2019 шеран 19 декабрехь. // Большая российская энциклопедия. Электронная версия (2017). Дата обращения: 30.11.2019.
  2. Балтика йистера мехкаш доцурш
  3. Chantraine P. Dictionnaire étymologique de la langue grecque. Histoire des mots. Paris, 1968. P.388
  4. Гудианов этимологик (Лосев А. Ф. Мифология греков и римлян. М., 1996. С. 223
  5. цит. по: Лосев А. Ф. Мифология греков и римлян. М., 1996. С. 223
  6. Тантлевский И. Р. История Израиля и Иудеи до разрушения Первого Храма. СПб, 2005. С. 9, со ссылкой на: Astour M. C. Hellenosemitica: An Ethnic and Cultural Study in West Semitic Impact on Mycenaean Greece. Leiden, 1967. P. 128
  7. «phonologically, the match between Europa’s name and any form of the Semitic word is very poor» (West M. L. The east face of Helicon: west Asiatic elements in Greek poetry and myth. Oxford, 1997. P. 451(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2019 шеран 19 декабрехь.)
  8. Гимны Гомера II 73 = II 113; Любкер Ф. Реальный словарь классических древностей. В 3 т. Т. 1. М., 2001. С. 565
  9. Мурзаев Э. М. Где же проводить географическую границу Европы и Азии? Изв. АН СССР, сер. геогр., 4, 1963.
  10. Христианство (оьр.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2019 шеран 19 декабрехь.
  11. 1 2 Европа // Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров. — 3-е изд. — М. : Советская энциклопедия, 1969—1978.
  12. Британника. Европа(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2019 шеран 19 декабрехь.
  13. Энциклопедия Ларусса. Европа (Франц.)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Теллина 2019 шеран 19 декабрехь.
  14. National Geographic Atlas of the World (7th ed.). Washington, DC: National Geographic. 1999. ISBN 0-7922-7528-4. (стр. 68, 90)
  15. При проведении границы по Главному Кавказскому хребту в Европе оказывается расположена северо-восточная часть Республики Азербайджан
  16. При проведении границы по Главному Кавказскому хребту в Европе оказываются расположены такие части территории Грузии, как верховья Терека, верховья Аргуна (часть Хевсуретии), Тушетия
  17. 1 2 3 При проведении границы по Кумо-Манычской впадине
  18. 1 2 3 При проведении границы по Большому Кавказу
  19. Согласно классификации стран, принятой, в частности, ЦРУ (cм. Архивйина 2009-06-10 — Wayback Machine), Азербайджан относится к Юго-Западной Азии. Лишь небольшая часть страны находится севернее Главного Кавказского хребта, одного из принятых вариантов границы Европа-Азия.
  20. Севернее Большого Кавказа находятся районы Азербайджана: Шабранский (1739км²), Кусарский (1542км²), Хачмасский (1063км²), Сиазаньский (759км²), Кубинский (2610км²) и северная часть Хызынского района (весь район — 1711км²). Суммарная площадь: 9424км² (с полностью Хызынским районом, частично — около 8600км² или около 10 % от общей площади Азербайджана (86 600км², включая Нагорный Карабах).
  21. Согласно классификации стран, принятой, в частности, ЦРУ (cм. Архивйина 2015-10-16 — Wayback Machine), Грузия относится к Юго-Западной Азии. Лишь небольшая часть страны находится севернее Главного Кавказского хребта, одного из принятых вариантов границы Европа-Азия.
  22. Севернее Большого Кавказа находятся районы (муниципалитеты) Грузии: Казбегский (1082 км²), северная часть Душетского муниципалитета (весь — 2207 км²), северная часть Ахметского муниципалитета (весь — 2982 км²). Суммарная площадь всех трёх муниципалитетов — 6271км², из них севернее Большого Кавказа — около 3700км² или около 5 % от общей площади Грузии (69700км², включая Южную Осетию и Республику Абхазия).
  23. При проведении границы между Европой и Азией по Эмбе в Европе расположено до 14 % территории Кхазакхстана; по реке Урал с 1964 года (XX Конгресс Международного Географического Союза в Лондоне) границу не проводят (см.: Кафедра физической географии и геоэкологии. Естественно-географический факультет ФГБОУ ВПО «Волгоградский государственный социально-педагогический университет» (ФГБОУ ВПО «ВГСПУ») Интересные факты о географии: Где проходит граница Европы и Азии? Архивйина 2014-04-23 — Wayback Machine)
  24. Русское географическое общество. А. А. Чибилёв. Евро-Азиатская граница: история вопроса и современные представления. Феномен Евразии: две части света на одном материке
  25. При проведении границы между Европой и Азией (в пределах Кхазакхстана) по реке Эмба, европейская часть к западу от неё включает территории: Западно-Кхазакхстанской области (полностью, более 151300 км²); Атырауской области (всего 118600 км²; без южной части Жылыойского района — около 103000 км²); северо-западная часть Актюбинской области (всего 300600 км²; без Шалкарского (62200 км²), Иргизского (41500 км²), Айтекебийского районов (31300 км²), без южной и средней частей Байганинского района (около 40000 км² из 61000 км²) — около 126 000 км²). Суммарная площадь территорий западнее рек Эмба и Орь — около 380 000 км² или более 13,9 % от общей территории страны (2724902 км²)
  26. 1 2 Большая часть населения в Европе, большая часть территории в Азии
  27. В случае проведения границы Европа-Азия по Уралу и Кумо-Манычской впадине, европейская часть России составляет около 22 % её территории или условно 3 756 588 км² из 17 098 246 км² общей территории РФ. В административных границах — включает территории регионов СЗФО, ЦФО, ПФО и ЮФО (полностью без Краснодарского края и Адыгеи) общей площадью 3711747 км² или 21,7 %, а при исключении южной части Ростовской области и западной части Калмыкии (их части к югу от Кумо-Маныча общей площадью около 22000 км²) —  3689747 км² или 21,6 %. В случае проведения границы Европы и Азии по Большому Кавказу европейская часть России (все регионы СЗФО, ЦФО, ПФО, ЮФО и СКФО) составляет 3965463 км² или 23,2 %.
  28. По границе между проливами Босфор и Дарданеллы, европейская часть включает илы Турции: Эдирне (ок. 6300 км²), Кыркларели (ок. 6550 км²), Текирдаг (ок. 6300 км²), 25 районов ила Стамбул (более 3200 км², включая европейскую часть города Стамбул), 3 района ила Чанаккале (ок.1600 км²). Суммарная площадь составляет около 23 900 км² или около 3 % от общей площади Турции в 783 562 км², см. Восточная Фракия.

Литература нисйе бӀаьра

Хьажоргаш нисйе бӀаьра