Бердхьоза (лат. Emberizidae) — доьзал хьозарчийн олхазарш.

Бердхьоза
Бердхьоза
Бердхьоза
Ӏилманан классификаци
Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе
Emberizidae Vigors, 1831

Йукъара амал

бӀаьра нисйан

Жимачу барамера (хьоза) дуьстича деха цӀога долу, систематикин герга долу вьюрокан олхазаршна, царех къаьста алсама дуткъа къевлина агӀонакахь зӀокца. дукхах долу бердхьозарчий хуьлу доьртала, йуккъра барам тӀемаш, когаш, цӀога. ЗӀоккан кеп хийцало мочхалан аппарарат хийцайаларца. Дохалла 10-25 см, масса 10-60 г. Бос тайп-тайпана бу, къегина тон а йоцуш. Бердхьозарчашна йогӀуш йац чолхе мукъаме эшарш[1].

Деха тайп-тайпана метигашкахь: аренашкахь, хьун-аренашкахь, тундрехь, хьаннашкахь. Хьанашкахь деха йисташкахула, хьаькхначухула, йаьгначухула, хьаннийн гуотенашкахула. Лаьмнашкахь хьаладовлу цанашка кхаччалца, 5000 м. Сих-сиха даха хуу адамо хийцинчу ландшафте. Дукхаха долу тропикин кепаш бердхьозарчий охьахевшина ду; барамерчу шораллашкакахь — кхелха а, кхерста а. Даьжина коьртаниг Малхбузен эхиг тӀехь, иза лору церан даймохк. Малхбален эхиг тӀехь бен туху 55 кепо 5-10 тайпанах. Россехь бен бо 26-27 кепо 7 тайпанах; Кхин а 13 кеп рожехь чу ца догӀу, коьртаниг килбаседа Америкера[1].

Шарахь шозза бен ца дехка (тропикашкахь 4-зза). Бенаш-кедаш до бецех йа ораматийн хьесех, дика къайладохий латта тӀехь (коьллаш йукъахь) йалакха доццуш (1,5 м) латта тӀехула йа тархийн херонашкахь йа тӀулгаш бухахь. Тропикин кепийн тевнахь 2-4 хӀоа хуьлу, барамера шораллашкара кепийн 5-7 хӀоа хуьлу. Тевна доккху 1-2 кӀирнах, кӀорнеш довлу бӀаьрзе, букъ тӀехь а, коьрта тӀехь а месаш йолуш[1]. Йуург бердхозан лаьтта коьртаниг хӀушшах, амма кӀорнешна йуург йаочу хенахь (Хьалхарчу 8-16 дийнахь) дас-нанас йаайо царна сагалматаш[2].


Билгалдахарш

бӀаьра нисйан
  1. 1 2 3 Коблик, 2013.
  2. Baptista, Luis F.(ингалс.) Encyclopaedia of Animals: Birds(бил-боцу.) / Forshaw, Joseph. — London: Merehurst Press, 1991. — С. 210—212. — ISBN 1-85391-186-0.

Литература

бӀаьра нисйан